Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш Беркате хилира цо болийначу некъан т1аьхье



Дата18.07.2016
өлшемі41.5 Kb.
#207156
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де т1екхочуш

Беркате хилира цо болийначу некъан т1аьхье
23-чу августехь 61 шо кхочу вайн республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина. Республикана чолхе мур т1ех1оьттинчу хенахь халкъана хьалха а ваьлла цо д1абаьхьна некъ, дин г1уллакхаш дагалоцуш вай юх-юха.

Лахахь оха зорбатуху «Единая Россия» политически партин меттигера исполкоман куьйгалхочун Абдуев Зайнадин дагалецамаш:

- Нохчийн Республикан хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина де гергакхочуш юх-юха а карлаболу чолхечу муьрехь ша республикан куьйгаллехь волуш цо бина некъ. Дагадог1у оцу новкъахь цо шегара гайтина хьуьнарш, собар, 1илма, хьекъал. И воцчун цхьанне б1о ца буьйлира «Со т1ом сацо ца г1ерта, со т1ом гуттаренна а д1абаккха г1ерта», - аьлла д1ахьедар дан. Тахана Нохчийчохь схьагуш ду, Делан къинхетам хьалхабаьлла, цуьнан и лаам кхочушхилла хилар.

Цкъа а диц ца даллал доккха а, деза а совг1ат ду Ахьмад-Хьаьжас шел т1аьхьа вайна дитинарг. Нохчийн халкъ т1амах хьалхадаккхарехь, республика маьрша дахаран новкъа яккхарехь цо лелийна мехала маь1на, цуьнан доьналла, стогалла, ийман б1ешерашкахь вайн къоман иэсехь даха дисина ду.

Республикана уггаре а хала, жоьпаллин мур т1ех1оьттинчу хенахь Нохчийн Республикан куьйгаллин дукъ шена т1е а лаьцна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжас, шен дахар ца кхоош, дерриге а дира Нохчийчоь кхерамечу токхамна йисттера машаречу г1айренна т1е яккхарехь. Иза вара республикера динан экстремизмана уггар хьалха дуьхьал ваьлларг. Вайна массарна а дика дагадог1у, мел яккхий таронаш йолуш, вай гуттар а схьадохьуш долу исламан динан 1адаташна, г1иллакх-оьздангаллина дуьхьал долу ун даржо г1ерташ къахьийгира халкъан дуьхьа лела шаьш бохуш х1етахь г1иттинчу «имамаша», «динан дайша». Т1аккха ойла йо-кх «Х1ун хир дара-те вайх вайн махкахь церан 1алашо кхочушхиллехь?», - олий.

Ахьмад-Хьаьжин толам бара-кх иза. Иза бахьанехь вай вешан, къоман юьхь, сий-ларам ларби. Дала шена деллачу хьекъалца, цо арабаьккхина некъ къобалхили. Къам 1алашдар Россица цхьаьна бен хуьлийла доцийла хаийтира цо вайна. Кадыровн ницкъ кхечира Нохчийн Республикехь бакъонан 1едалан баххаш кхолла а. Цуьнан куьйгаллица д1адаьхьира 2003-чу шеран 23-чу мартехь хиллачу референдумана кечамбар, республикан бахархойн таро хилира Россин кхечу халкъашца цхьаьна машаре дахар д1ах1отто шайн лаам хилар д1ахаийта.

Республикан бахархошна шайн тхьамда оьшура, шена чохь дехачу къаьмнийн г1айг1а-бала хууш, цаьрца дика-вон доькъуш, халкъан лазамех дог лозуш, халкъаца вог1уш. И дикаллаш шеца йолуш вара Ахьмад-Хьаьжа.

Республикан бахархошна цкъа а дицлур дац Кадыровс шайн дуьхьа дина дика г1уллакхаш. Уггаре хьалха цо коьрта тидам т1ебахийтинера цхьана хенахь 1ехабелла хьаннашка бахана вайн кегий нах маьршачу дахаре юхаберзорна, 1едалан, чоьхьарчу г1уллакхийн структурашка а, кхечахьа а уьш балха х1итторна. Тахана а бу уьш де-буьйса ца лоруш вайн маьрша дахар лардеш. Ахьмад-Хьаьжас ч1ог1а сатуьйсура т1амо йохийна ярташ, г1аланаш юхаметтах1итторе, бахархойн 1ер-дахаран хьелаш тодаларе. Цуьнан сатийсам, Делан къинхетамца, кхочушхуьлуш а бу. Республикан массо маь11ехь гуш ду керла хьалах1иттийна, х1иттош долу ц1енош, социальни объекташ. Вуьшта аьча, денлуш, когах1уттуш ю республика. Оцо дегнаш даккхийдедо, кхане ирсе хирг хиларх дог тешадо.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжас д1аболийначу машаре некъан г1о лоцуш, районан бахархошна юкъахь бан ма беззара кхетаман болх беш схьабог1у «Единая Россия» политически партин районан отделенин мог1арехь болу декъашхой а. 2002-чу шарахь Ахьмад-Хьаьжин д1адолорца вайн районехь д1аяьхьначу конференцехь кхоллаелла партин региональни отделени. Таханлерчу хьелашка хьаьжча, мелла а кхераме зама а яра иза. К1езиг бара оха д1аболийначу балхах тешарш а. Делахь а, партис юьхьарлаьцна некъ Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арца боьзна хиларх кхеташ, шо-шаре т1етт1а алсамбевлира тхан жигархой.Бахархошна юкъахь кхетаман болх хьокъала долччу кепара д1абаьхьна хиларан т1аьхье яра Нохчийчохь референдум д1аяхьарехь, цул т1аьхьа республикан Президент хоржуш хиллачу харжамашкахь бахархоша йоккха жигаралла гайтар.

Районан бахархой республикан куьйгалхочо д1ахьочу некъана резахиларан кхин цхьа тоьшалла дара политически, культурни аг1ор беш болу болх д1абахьа аьтту беш оцу хенахь Ахьмад-Хьаьжин г1оьнца республикехь дуьххьара Нажин-Юьртахь т1амо дохийна районан культуран Ц1а юхаметтах1оттор а. Иза схьадоьллуш, цунна «Районан культуран Дворец» аьлла ц1е туьллуш, дакъалоцуш хилира Ахьмад-Хьаьжа ша. Цо цигахь къамел деш ладоьг1уш 1ийна ву со. Бакъдерг ала деза, мел дукха цуьнга ладег1арх к1ордор доцуш, цхьа ша тайпа дагах кхеташ, чулацаме хуьлура цо олу х1ора дош. Ван а вара Ахьмад-Хьаьжа шен къомах дуьззина дог лозуш къонаха стаг. Халачу хьелашкахь бохку вайн районан бахархой шен ницкъ кхочу г1о-накъосталла дийриг хиларх тешийра цо.



Иштта, яхь д1ацалуш, вайна юкъара д1аваханчу Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1е даима а ехар ю нохчийн къоман иэсехь. Дала декъалвойла иза.
Къамел д1аяздинарг Н.Даудов


Газета «Халкъан дош» №64-65,30.07.12.

Достарыңызбен бөлісу:




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет