Министерства общего и профессионального


В. А. Янгульбаев НОХЧИЙН МОТТ ХЬЕХАРАН ШЕРАН ПЛАНАШ V- VII КЛАССАШ



бет7/20
Дата29.06.2016
өлшемі1.89 Mb.
#165075
түріДоклад
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   20

В. А. Янгульбаев

НОХЧИЙН МОТТ ХЬЕХАРАН ШЕРАН ПЛАНАШ
V- VII КЛАССАШ







п/п

Iамочу коьчалан цIе а, церан кхачо а

Сахьташ


Календ.

хенаш


1

Мотт – адамийн уьйран уггар мехала гIирс.

Юьхьанцарчу классашкахь Iамийнарг карладак-кхар. (9 сахьт).




1




2

Дешан чаккхенгахь шала мукъаза элпаш яздар

(лл, сс, тт)



1




3-4

Къамелан дакъош. Къамелан дакъош къасто хаар.


2




5-6

ЦIердош, цуьнан терахь, дожарш, легар.

ЦIердашах лаьцна хаарш тIечIагIдар, карладахар.



2




7-8

Билгалдош, цуьнан легар. Билгалдош кхечу къамелан дакъойх схьакъасто хаар.

2




9-10

Талламан болх «Нийсаниг къастор» (тестирование).

Диктант грамматически тIедилларца. ГIалаташ тIехь болх.



2




Синтаксис а, пунктуаци а

(28 сахьт+7 дозуш долу къамел кхиорна)

11

Синтаксисах лаьцна юьхьанцара кхетам. Предложени синтаксически къасто хаар.

1




12-14

Дешнийн цхьаьнакхетарехь коьрта а, дозуш долу а дешнаш. Предложенехь коьрта а, дозуш долу а дешнаш вовшех къасто хаар.

3




15-16

Предложенин тайпанаш: дийцаран а, хаттаран а, айдаран а. предложенин чаккхенгахь сацаран хьаьркаш.

2




17-20

Предложенин коьрта меженаш: подлежащи, сказуеми. Предложенин грамматически бух.

4




21-22

Предложенин коьртаза меженаш. Кхачам.

2




23-24

Къастам, цуьнан синтаксически билгалонаш.

2




25-26

Грамматически тIедилларца талламан диктант.

2




27-28

Латтам, цуьнан синтаксически билгалонаш.

2




29-30

Яржаза а, яьржина предложенеш. Уьш вовшех къасто хаар.

2




31

Цхьанатайпанарчу меженех лаьцна кхетам балар, цаьрца йолу хуттургаш. Уьш интонацица нийса еша хаар.

1




32

Цхьанатайпанарчу меженашкахь юкъара дешнаш. Юкъарчу дашна тIехьа ши тIадам биллар.

1




33

ТIедерзар. ТIедерзарехь сацаран хьаьркаш. ТIедерзар юкъахь долу предложенеш нийса еша хаар.

1




34-35

«Нийсаниг харжар» (талламан болх). ГIалаташ тIехь болх.

2




36-38

Хуттургашца йолу чолхе предложенеш. Чолхечу предложенешна схемаш хIиттор.

3




39-40

Сочинени язъяр сурт хIоттаран билгалонашца «Къона футболисташ» цIе йолуш (учебникан 49-гIа агIо). шена гинарг а, гуш дерг а, шен ойла а йозанца нийса дIаяздан хаар, предложенеш нийса а хIиттош.

2




41

Авторан дешнел тIаьхьа а, царна хьалха а ма-дарра къамел. Ма-дарра къамелехь сацаран хьаьркаш.

1




42-43

СуртхIоттаран элементашца изложени. Дийцаран кепара йолчу текстан суртхIоттаран элементаш язъяр, текстан дакъойн уьйр лексически гIирсашца нисъяр. Къамелан а, исбаьхьаллин а стилех лаьцна юьхьанцара кхетам балар.

2




44

Диалог. Диалоган репликашна хьалха йозанехь тире. Диалог схьакъасто а, диалогехь репликаш муьлхарш ю а хаар.

1




45

Талламан диктант грамматически тIедилларца.

1




Фонетика. Графика. Орфографи

(13 сахьт + 3 дозуш долу къамел кхиор)

46

Йозанехь къамелан аьзнаш билгалдахар, нохчийн алфавит. Муха кхоллало мукъанаш а, мукъазнаш а; мелла а транскрипцех лаьцна кхетам балар.

1




47-48

Зевне а, къора а мукъаза аьзнаш. Муха кхоллало зевне, къора, легашна тIера аьзнаш.

2




49-50

Шала мукъа элпаш

2




51

Шалха элпаш. Церан нийсаяздаран бакъонаш.

1




Дозуш долу къамел кхиор.

52-53

Изложени «Дохковалар» лексиках лаьцна долу хаарш шардар, кIаргдар. Хаамашна юккъехь уьйр ларъяр.

2




54

Я, ЯЬ, Ю, Е, Ё элпийн маьIна а, церан яздар а. элп Ё оьрсийн маттара тIеэцначу дешнашкахь бен цалелар. Нохчийн меттан дешнашкахь цуьнан метта даима а ЙО яздар.

1




55-56

Й элпан маьIна а, нийсаяздар а. нохчийн маттахь элп Й масех маьIнехь лелар а, цуьнан нийсаяздаран бакъонаш а.

2




57

Деха а, доца а мукъа аьзнаш. Доца шеконан мукъа аьзнаш (А, У, И) церан нийсаяздар. Уьш деха а, доца а аларца дешнийн маьIна хийцадалар.

1




58

Дифтонгаш. Дешнашкахь ИЭ, УО дифтонгийн меттана Е, О яздар.

1




59

Мукъачу аьзнийн мерах алар. Муха, маца яздан деза Н? Цуьнан маьIна хаар.

1




60-61

Талламан диктант а, гIалаташ тIехь болх а.

2




Лексика

(16 сахьт + 3 дозуш долу къамел кхиорна)

62-63

Лексиких юьхьанцара кхетам. Дешан грамматически а, лексически а маьIнех кхетар. Дошамех пайда эца хаар.

2




64-65

Дешнийн маьIнаш. Дешнийн масех маьIна хилар; тардинчу маьIнехь а лелар, уьш вовшех къасто хаар.

2




66-67

Омонимаш. Муьлхачу дешнех олу омонимаш, церан маьIна къамелехь а, байташ язъечу хенахь пайдехь хилар. Омонимех шен къамелехь пайда эца хаар.

2




68-69

Изложени «Майра» хьаша (учебник тIехь 176-гIа шардар).

2




70-71

Синонимаш. Къамелехь синонимаша деш долчу гIуллакхах кхетар. Билгалдаьккхинчу дашна синонимаш яло хаар.

2




72-73

Антонимаш. Церан маьIна. Къамелехь антонимаша деш долу гIуллакх.

2




74-75

Сочинени. ГIалаташ тIехь болх. Кхарах цхьаъ харжа сочиненин цIе:

1. Аьхка Iиллинарг Iай идда

2. Жимачохь дуьйна ларде хьайн сий

3. Дешар-серло, цадешар-бода

4. Хазалла  сарралц, дикалла – валлалц

Сочинени юкъа ялае омонимаш, синонимаш, антонимаш. Церан маьIнин тидам бар.



2




76

Дешнийн чIагIделла цхьаьнакхетарш. Фразеологизмаш хIун ю а, уьш кхечу дешнийн цхьаьна- кхетарех схьакъасто а хаар.

1




77-78

Лексиких Iамийнарг карладаккхар. Муха кхуьуш ю лексика. Фразеологизмех пайда эца хаар.

2




79-80

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх. «Денделла Iалам» (Текст учебник тIехь ю)







Морфологи. Дошкхолладалар а, орфографи

(13 сахьт + 2 дозуш долу къамел кхиорна)

81-82

Дошкхолладаларх, орфографих кхетам балар. Дешнийн хийцадаларан а, кхолладаларан а некъаш. Морфема уггар дешан жима а, мехала а дакъа. Дешан юкъара морфемаш схьакъасто хаар.

2




83

Дешнийн кхолладалар, церан некъаш а, нийсаяздар а.

1




84-85

Дешан лард а, чаккхе. Чаккхенийн граммати-чески маьIна. Дашах чаккхе схьакъасто хаар.

2




86-87

Сочинени-дийцар. «Ас тIекхачаре сатуьйсу де»







88

Орам а, гергара дешнаш а.

1




89

Дешхьалхе, цо дашна луш долу керла маьIна. Дешхьалхенашца дешнаш кхолла хаар.

1




90-91

Схьадовлаза а, схьадевлла а дешнаш. ХIун башхалла ю царна юкъехь.

2




92-93

Суффикс. Цуьнан тайпанаш. Суффиксийн маьIна.







94

Сочинени, суртхIоттаран элементашца.

План:


1. Буьйсанна ло диллина.

2. Суна го сурт:

а) къеггина хьаьжна малх, екхна стигал;

б) диллинчу лайно охьсеттийна диттийн баххьаш, шурула къайн лаьтта цIенойн тхевнаш а, латта а;

в) лайнмежаргех ловзу бераш, церан духар;

г) оцу дерригенуо цецдаьккхина Тарзан.



3. Схьакхечи саттийсина Iа.

1




95-96

Талламан диктант а, гIалаташ тIехь болх а.

2




ЦIердош

(34 сахьт + 3 сахьт дозуш долу къамел кхиорна)

97-98

ЦIердош, цуьнан грамматически билгалонаш.

2




99-100

Юкъара а, долахь а цIердешнаш. Муьлхарнаш яздо докхачу элпаца.

2




101-102

ЦIердешнийн терахьаш. Маса терахь хуьлу цIердешнийн, хIун гойту цара. Муха кхоллало цIердешнийн дукхаллин терахь. Цхьаллин терахьехь бен ца лела цIердешнаш.

2




103-104

ЦIердешнийн грамматически классаш. ХIун ду классан гайтам бохург. Муьлха дешнаш лела юкъарчу классехь.

2




105-106

ЦIердешнийн дожарш, церан маьIна, рогIалла, хаттарш.

2




107-108

Талламан диктант а, гIлаташ тIехь болх а.

2




109-110

ЦIердешнийн легарш. Муьлхачу легаршка декъало цIердешнаш.

2




111-112

ЦIердешнийн дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр.

2




113-114

Изложени а, гIалаташ тIехь болх а. «ДоттагIа вонехь вевза» (текст «Нохчийн мотт» цIе йолчу методически пособи тIехь ю).

2




115-116

Дукхаллин терахьан цIердешнаш легар.

2




117-118

Оьрсийн маттера тIеэцна дешнаш нийсаяздар. ТIеэцна дешнаш юкъахь доцуш цхьа а мотт цахилар, уьш, вовшашкара дешнаш тIе а оьцуш, кхиар.

2




119-120

ЦIердешнийн кхолладаларан некъаш: суффиксийн гIоьнца, дешхьалхенийн гIоьнца, лардаш вовшахкхетарца, дештIаьхьенийн гIоьнца.

2




121

Изложени (шардар 269-гIа)

1




122

Дацаран дакъалг ЦА цIердешнашца нийсаяздар. И дакъалг цхьана яздеш хилар: цатам, цабезам, цатешам…

1




123

ЦIердешнийн суффиксаш. ХIуманан жималла гойту суффиксаш.

1




124-125

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх.

(«Телеграф» цIе йолу текст ю учебник тIехь).



2




126

Цхьана дешдекъах лаьттачу цIердешнийн нийсаяздар, церан чаккхенгахь Н яздар, орамера аз хийцадалар.

1




127-128

ЦIердош морфологически къастор. И гIуллакх деш юкъарчу некъах кхетор.

1




129-130

Талламан болх. ЦIердош морфологически таллар. ГIалаташ тIехь болх.

2




131-132

ЦIердашах Iамийнарг карладаккхар.

3




ПхоьалгIачу классехь Iамийнарг

карладаккхар (8 сахьт)

133-134

Предложенин меженаш (коьрта а, коьртаза а). Предложенин цхьанатайпанара меженаш.

2




135-136

Лексика. Омонимаш, синонимаш, антонимаш.

2




137-138

Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс. ЦIердош, цуьнан терахь, классаш, легар.







139-140

Талламан диктант а, гIалаташ тIехь болх а.

2





Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6   7   8   9   10   ...   20




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет