Нардех ловзар



Дата24.07.2016
өлшемі30.42 Kb.
#219459


НАРДЕХ ЛОВЗАР

Адама Султана Олхазар

Лекха хинволчу АллахIаца ларлуш, Цо шена генадаьккхинчу шайтIанах…

Къинхетаме а волуш, къинхетам беш а волуш волчу АллахIан цIарца!

Вайн кегийчу нахана юкъахь даьржина цхьа ловзар ду, нардаш олуш. Оцу лвзарх лаьцна соьга хаьттира, сан цхьана, бусалба динан вешо.
Цхьайолчу меттигашкахь, вуно дукха хан а йойъуш, вовший девнаш а дохуш, кхин цхьанне хIуманца бала а боцуш ловзу оцу ловзарх вайн кегий-нах. Царна ца хаьа, шаьш оцу ловзарца шайна тIедоуьйтуш долу къа мел ду а, цуьнан тIаьхьло мел вон ю а.

Цундела, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дешнашца а, цуьнан асхьабийн – Дела реза хуьлда цунна – Iамалшца а, Iелам-нехан – Дала къинхетам бойла церах – аларшца а довзийта хьовсур ду вай, оцу ловзаран хьукм а, цуьнан къа а, цуьнан волла а.



Нардех левзинчо шена тIе, «АллахIана а, Цуьнан Элчанна а Iеса хиларан» куц доуьйту

Абу Муса Ал-АшIарийгара – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла:

«Нардех левзинарг АллахIана а, Цуьнан Элчанна а Iеса хилла».1

Нардех ловзучо ша тарво хьакхин жижиг а, цуьнан цIий а лелочух

Бурайдатера – Дела реза хуьлда цунна – схьа деана, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг: «Нардех левзинарг тера ву шен куьг хьакхин жижиг юккъе а, цуьнан цIий юккъе а доьллинчух».2



Нардех ловзучаьрга салам луш дац

Iелас – Дела реза хуьлда цунна – нардех ловзучаьрга салам долуьйтуш ца хилла.3

Кхин а, СаIид ибн Джубайра – Дала къинхетам бойла цунах – ша нардех ловзучарна тIеволучу хенахь цаьрга салам луш ца хилла.4

Нардех ловзург чуволла хьакъ долуш ву

Iелас – Дела реза хуьлда цунна – шена нардех ловзуш нах карийча, уьш чубухкуш хилла, цхьаберш Iуьйранна сарралц а, вуьйжаш делккъалц а. Iуьйранна сарралц чубухкурш ахчанах ловзурш хилла, делккъалц чубухкурш самукъанна ловзурш хилла.5



Нардаш чохь латто мегаш дац, уьш кегйан езаш ю

НáфиIа – Дала къинхетам бойла цунах – дийцина, IабдуллахI ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – шена шен доьзалах цхьаъ нардех ловзуш карийча, цунна тоха а тухий, нардаш кег а йой, тIаккха уьш ягайойтура аьлла.6



Нардех ловзар даккхийчу къиношна юкъадогIуш ду

Лакхахь дийцинчу хьадисашна тIе а доьгIна, Iелам-наха аьлла: нардех ловзар даккхийчу къиношна юкъадогIуш ду.

Иштта, иза доккха къа хилар довзийтина, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Аз-Завáджир» жайни тIехь, нардех ловзар дуьйцучу дакъана иштта цIе а тухуш: «Диъ бIе шовзткъе доьалгIа доккха къа – нардех ловзар». Цигахь цо далийна нардех ловзарх лаьцна долу хьадисаш а, Iелам-нехан дешнаш а.7 Церах цхьадерш ду вай лахахь хьахор дерш.

Нардех ловзучуьнан тешалла къобал деш дац

Имам Ал-АзруIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Нардех лаьцна деана дерг довза а девзаш, иза дагахь а долуш, церах левзинарг – динца нисвалар кхачаме доцу стаг лорур ву иза, тешалла а тIелоцур дац цуьнан, иза муьлхха махкахь велахь а, … чIагIдина ца магийна долу хIума цо дина дела».8

Уьзза маьIна долу дешнаш аьлла Имам Ал-Мáвардийс а, Имам Ал-Iамрóнийс а, Имам Ар-Рýйáнийс а, кхин а дуккха а Iелам-наха а.9

Нардех тера долчу ловзарех ловзар нардех ловзар санна ду

Нардех ловзаран хьукм а, цуьнан хьарамалла а, цуьнан волла а евзинчул таьхьа, довза деза: нардех тера долу кхидолу ловзарш а - хьекъална а, кхетамна а, ойла йарна а тедоьгIна а доцуш, хила мега, хила тарло, нисдала мега, хIотта мега бохучунна тIедоьгIна долу ловзарш - дерриге а нардаш санна хьарам ду ШариIатехь.10 Цундела, кехатех ловзар а, и санна долчу кхечу ловзарех ловзар а хьарам ду.11



1 Абу Давуда а, Ибн Маджас а, Ахьмада а, Хьакима а кхечара а дийцина иза.

2 Муслима а, Абу Давуда а, Ибн Маджас а, Ахьмада а, Хьакима а, кхечара а дийцина иза.

3 Бухарис «Ал-Адабул-Муфрид» тIехь дийцина иза.

4 Ибн Аби ШайбахI, «Ал-Мусаннаф» тIехь.

5 Бухари, «Ал-Адабул-Муфрид».

6 Малик, «Ал-МуваттIаъ»; Ат-ТIабарий, «ТахIзúбул-áсáр».

7 Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «Аз-Завáджир Iан Икътирóфил-Кабáир».

8 Уьзза жайна.

9 Уьзза жайна.

10 Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий, «МугIнил-Мухьтáж».

11 Ибн Iусаймúн, «Фатáвá ИслáмиййахI».



Достарыңызбен бөлісу:




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет