КЪИНОШ - ЧЕВНАШ А, ЛАЗАРШ А ДУ
ХIай ийманан мох, хьакхахь!
Жайна динарг: док. Хáлид Абý Шáдú
Гочдинарг: Ирезин Халид
Цахадуьйтуш къинош къинойха хуьттуш ву хьо, хIетте а ялсамане яккхаре а, Iибадатхочуьна ял хиларе сатуьсуш ву хьо.
Хьуна дицделла АллахIа Адам араваккхар, цу чура цхьа къа бахьана долуш дуьнена ваийтар.
КЪУРÁН ТIИЙРА НУР:
«Цуьнан къино го бина цунна» «аль-Бакъара»: 81».
ХIокху жимачу жайнийн чохь ду:
-
Дикачу нахана юкъахь сингаттамен хIунда ву хьо?!
-
Синтем а, хьаствалар а доцуш ламаз хIунда до ахьа?!
-
МуьтIахьхиларн самукъа а, делаца къайлах къамел даран марзо а хIунда цахаало хьуна?!
-
АллахIан хьакъ атта а, дай а хIунда хити хьуна, цундела, хьайга хьоьжуш а, хьо гуш а болчех уггр аттаниг а, вайниг а ма ви ахь Иза?!
-
Хьайн са диц хIунда дина ахь? Хьайн дог стенна дийна ахь?!
-
Стенна хаалуш ду хьан дагна сагатдар.. синтем бáр.. дог дакъадалар.. генавалáр?!
Хьажор ( посвящение )
-
Iуьйренан нур цагуш болчарна ( цагучарна ).
-
Чевнийн лазар цахаалуш болчарна ( цахаалучарна ).
-
Хьехамаш шайн дегнин неIсагIий тIехь аталуш а, бухуш а болчарна.
-
Дешнаш шайха юхакхийсалуш болчарна ( юхакхийсалучарна ).
Цера дегнаш кIаддала а, дутIкъадала а, цера хьекъалш самадовла а, цера бIаьргаш делха а сатийсам болуш.
Док. Хáлид Абý-Шáдú
ХIара жима жайна Iáсаллин охIланха набаро бийшийнарш а, къинойн дайшха гIóпал берш ( ледар берш ) а самабахар Iалашо йолуш яздина ду. Валар тIехIоттале цара къинош дIатийсар а, хан герга гIортале цара дегайовхо кховдор а лаам болуш.
ХIара жима жайна делах кхераран охIланха муъманашна а, декъалхиларан вежаршха далла муьтIахь болуш, дикчарна а лерина ду. Къинойн Iинах чубахарха уьш ларбалийтар лаам болуш.
Цу тIехь аса хьахийна даккхийчу а, иршачу а къиноша йуьтуш йолу лараш, цундела иза деша хьовса бIаьргашцачул хьалха дегнашца. Шайн дикачу доIана юкъахь тхо диц а ма де.
1- IИЛМАНАХ А, РИЦКЪАНАХ А ХАДОР ( ВАККХАР )
Цхьана дийнахь ШáфиIий охьахиъна имам Мáликна улло. Цунах воккхавийначу Мáлика аьлла цуьнга: "АллáхIа, шеко йоцуш, ( баккъалла а ) нур тесна хьуна хьан дагачу, варийлахь Iáсаллин боданца иза дIамадайалахь!" Амма ШáфиIийс цхьана дийнахь талхийна Мáликан весет ( омра, буьр ). Цхьана зудчуьна кIаже хьаьжна и ( гIогIе я варе ца хьажна ) шен шайх ( устаз, хьехархо ) ВакúI ибн аль-Джаррáхь волче воьдачу новкъахь. ТIаккха хIуманна вицвала волавелла иза, дагахь хIума Iамор хала хилла цунна. ( ШáфиIий вичахьана хIума дагахь Iамор дика долуш хилла. Цул совнаха, ша жайний тIера цхьа агIо Iамочу хенахь цунна дуьхьаларчу агIонна тIе куьг дуьллуш хилла цо, шена дагахь Iаморна новкъарло а, кегадалар а цахилийта ). И хиъча Мáликан весет а, хьехар а тIечIагIдина ВакúIа, дагахь хIума Iаморна пайдехьа молха а, дарба а къинош цалетор ду аьлла.
Сайна хIума дагахь цаIамар ВакúIе далхийра аса.
Iеса хIуманаш мадийлийта хьайгара аьлла хьехар дира цо суна.
Цо суна хаийтира Iилма нур хилар а,
АллáхIан нур Iесачунна луш цахилар а.
ХIара маьIна ду и Абу ад-Дардáъ велхийнарг. Бусулбанаша Къубрус ( Кипр ) яьккхинчу хенахь цуьнга аьлла: "АллáхIа Ислам ницкъ болуш дIахIоттийначу а, ширк а, цуьнан охIлу а эшийначу а дийнахь хьо мича хIумано велхош ву?! ТIаккха цо аьлла: "Ма атта хета ( ледара, дайн хета ) АллáхIана халкъ шен омра цара дитинчу хенахь, уьш нуьцкъала а, эшалур доцуш а уммат доллушехь, цара АллáхIан омра дитарна;
Хьо беркатехь, токхехь велахь уьш ларделахь,
Бакъалла а, къиноша беркатех воккху, хьуна,
Лайн далла муьтIахь хиларца го белахь царна,
Лайн дела таIзар сиха долуш ву хьуна.
- Тамашена хIума -
Ахьа хоттуш ала тарло: "Тахана Iáсаллин а, талхаран а охIлу лортIахь боццушехь сийлахь хилла дIа муха хIиттина? Бакъона охIлу а, Исламана тIегIерташ берш а къелла а, гIело а, сийсазалла а хьоьгуш ма бу?! Оцунна хьуна жоп луш АллáхIан элчано - IалайхIис-салáм, боху: «Шегара Iеса хIуманаш дуьйлуьйтуш лай воллушехь цунна дуьненах дезарг луш АллáхI хьуна гича, кIелонна тIевалош а, Iехор а ду хьуна». Цул тIаьхьа цо дийшира: «Шеца шаьш зийна хIума ( къелла а, цамгар а ) цара дитинчу хенахь ( цунах шайна хьехам а, тергам а ца оьцуш, оцу агIор уьш кхетамчу а, метта а ца баьхкича ), массо тайпана рицкъин неIарш дIайиллира Оха царна. Шайна делчуха уьш Iеха белла, баккхий буьйш дIахIиттанчу хенахь ( АллáхIана шукра дар а доцуш ), цIеххьана Iазап делира Оха царна. ТIаккха шаьш хIун дан деза ца хууш, кIелхьара бовларха догдиллина дIахIиттира уьш». «аль-АнIáм: 44».
Ледарло еш волу сан ваша.. Хьуна АллáхI гича ца хадуьтуш Шен ниIматаш хьуна луш, хьо Цунна Iеса хуьлуш волуш, Цунах ларлолахь. Цо хьуна даьхний, я доьзал, я могшалла, я хазалла елча, цул тIаьхьа Цо деллачу ниIматана ахь Цунна Iеса хIуманца жоп делча, Цунах ларлолахь. Муххале а, хьайха Цуьнан ниIмат дIа а даьлла цIеххьашха Цуьнан Iазап дарха а, Цуьнан йоккхачу оьгIазлонах а, Цуьнан дика хийцадаларха а кхералахь.
Делан хIара некъ аса хьайна Къурáн тIийра бухца тIечIагIбан лууш вуй хьо?! Делахь, ладогIал хьайна керстанаш буьцуш долчу АллáхIан даше: «Берриге нах, шайна керстанаш рицкъана шортонехь гича, уьш санна керстанаш хилла дIахIиттар цадезар дацахьара, къинхетаме волчу АллáхIах цатешаш болчера цIенойн тхевнаш а, уьш хьалабовлуш болу ламеш а, цера цIенойн неIарш а, уьш тIехь агIорбовлуш болу маьнгеш а дато бира ма бара Оха, ( дуьне Тхуна дош цахетарна ). Деши а, я массо хаздерг а лурдара Оха царна. И ( хьуна дийцина ) дерриге, дуьнена вахаран дукха а, деха а лаьттар доцу зовкх хьегар ду хьуна. Ткъа эхартан совгIаташ а, ниIматаш а АллáхIа Шех кхийранчарна а, хIаллак вечу къинойх а, ширках а ( делаца накъост варха ) ларбеллачарна а кечдина ду хьуна». «аз-Зухруф: 33-35».
2- СИНГАТТАМ ХААЛУН ДОГ
Шеко йоцуш къиноша дагна сингаттам а, гIайгIа а йохьу. Лайгара къа даларцин цаьршина кара доьда цуьнан дог, цаьршима эшадой, гIелдой ойлане дожадо и даьллачу къинна. Дагна хийцам бо цаьршима, къа дужучу хенахь хиллачу хьолан тIехь цадуьту. Вай кхузахь къамел иймáно шен дог дуьзначуьнан хьокъехь деш ду. ХIара санна волчунна Iáсаллин марзо цкъá кхочуш цахуьлу. Цунах воккхавер ца хуьлу цунна вуьззина. Муххале а, цуьнгара и цадолу шен дагах йина гIайгIа йолуш бен. Амма чIогIа и Iáсалла дезаран вахоро иза хаалучура воккху и. Шен дагчохь хIара гIайгIа йоцуш волчо шен ийман тIе а дузийла, шен дог даларна велха а велхийла и. Иннá лиллáхIи, ва иннá илайхIи рáджиIýн. Баккъалла а, вай АллахIан ( карахь, долахь ) а ду, шеко йоцуш вай цуьнга доьрзар долуш ду.
ЦIенош тIекхетар
Дийнаран кIанта Мáлика аьлла: «Баккъалла а, дагчохь гIайгIа ца хилахь ( даьллачу къинна ) тIекхета и, чохь цхьá Iеш-вехаш ца хилча цIа тIекхетар сана». Къиннá а, Iáсаллийнá а сингаттамен а, гIайгIне а хилар, дог хIаллак цахиларна юкъара ( бахьана ) хилла цаIеш, муххале а, ялсамана вахаран бахьанашха цхьа бахьана ду иза аль-Хьасан аль-Басрийна гергахь. Цо аьлла «Баккъалла а, муъмано къадийр ма-ду, тIаккха и бахьана долуш, дог эшна, кхоьлина волчуьра дIвер вац и ялсамана ваххал»".
Сан ваша, гIайгIане хилар дашца чIагIдеш верг, ахь лелочу хIуманаша хьан мотт харцбеш болуш! Хьан дагчохь гIайгIа елхьара, хьан дегIана тIехь цуьнан лар гучаер ма яра. АллáхIах кхоьруш велхарца а. Иза гучаер ма яра вонашна тIаьхьа ( ахь ) диканаш дарца а. Иза гучаер ма яра дикачу нехан кара ахьа хьайн дегI дIадолларца а. Иза гучаер ма яра Iáсаллин охIлу ахьа дIатасарца а. Иза гучаер ма яра ахьа баккъалла а динчу тобанехула а, дохко валаран бIаьрхишкахула а, эчиг санна болчу и къа юха цадан хьан болчу лаамца а.
3- ДИКАЧУ НАХАЦА ХИЙРА ХИЛАР
Абу-ад-Дардáъа аьлла: «Шух муьлхха а ларлуш хилалуш, шена хаа цахууш, муъма нехан дегнаша шена наьIалт аларха». ЦултIаьхьа аьлла цо: «Иза хIунда хуьлу хаьий шуна?!» Цо аьлла: «Баккъалла а, лай АллáхIана Iесахиларшца цхьá ( шá ) вуьсу, тIаккха АллáхIа иза цавезар тосу, цунна хаа цахууш, муъма нехан дегнашна чу».
Хьайн вежаршкара хьаьйха дог дáлар хаалахь, ахь дина къа бахьна долуш бен дац хьуна и. ТIаккха АллáхIе сихха тоба делахь. Цаьргара хьо везар совдалар хаалахь, хьоьгара даьлла, ахь дина цхьа далла муьтIахь хилар бахьана долуш бен дац, хьуна, и. Эццехь сих ахьа АллáхIана шукру делахь.
Деккъа дог дáлар хилла ца Iа къа даран бахьана. Иштта лаьтта тIоьхула лелаш мел волчуьнгара цалáрар, юьхьазалла ( гIиллакх цалацар ) ду, жимачуьнгара я воккхачуьнгара, сийсаз волчуьнгара я сийлахь волчуьнгара. И гойту аль-Йамáн кIанта Хьузайфас хIоттийначу бакъоно ( правило ). Цигахь билгал деш цо аьлла: «Адамашна АллáхIан хьакъ дорах хетар дац, АллáхIа царна тIе церан хьакъ дорах хеташ верг воуьйтуш бен».
Ма бакълийна Iамрий ЗáхIид цо Хьузайфас хIоттийна бакъо нийса хилар а, бакъ хилар а тIечIагIдеш аьллачу хенахь: «Халкъах кхерарна дикадолчуьнца омра дар а, вондолчуха ( нах ) совцор а дитина волчу стагера, цунна муьтIахь хиларан а, цо бохуш долчуьнга ладогIаран а сийлаллин ларамбар дIадоккхур ду. ТIаккха цо шен доьзалхочуьнга я шен гергарчарех цхьаьнга цхьа хIума де аьлла омра дича, бешар бац уьш цунах».
4- БЕЛХАШ А, ГIУЛКХАШ А ХАЛЧУ ДÁХАР
АллáхIа – СубхьáнахIу, ва ТаIáлá аьлла: «Шоьга кхаьчна хало а, бала а шун куьйгаша динарг бахьанехь ду шуна». «аш-Шýрá: 30».
Пайхамара – Iалайх-ис-салáм аьлла: «Баккъалла а, стагах рицкъа хада ма до цо шегара далийтина къа бахьнехь».
Цундела шен белхаш а, гIуллакхаш а ийманан барамашца ( бустамашца ) бустуш волу муъма стаг тешна а, билггал хууш а ву, балá а, ша зер а къа бахьнехь бен оьгар доцийла а, хало а, балá а къалатийча бен ца буссий а.
Амма хIумаллин дуьненан дай ( материалисты ), логгец шайн догIмийн лаамин хIордо хьулбина болу, карзахбевлла, огIазбахна дIахIуьтту халонна шаьш чуэгча, я бала шайна дуьхьал хIоьттича, цуьнан бахьана шаьш дуйла а цахууш. Хьалха дозанаш талхо буьйлабелларш уьш болун дела а, къа динарш уьш хиларна а. ТIаккха ( цундела ) делла царна таIзар. Долийнарг олсамха ( дукхаха ) зуламе ву олуш кица ма ду вайн!
Супяна ас-Саврий бохучо аьлла: «Баккъалла а, сайгара къадаьлча иза тỳса ма ло сунна сайн зудчуьнан а, сайн говран а, тхан цIийнах летта болчу мукадехкан а амалашкахь а, церан леларан гIиллакхашкахь а».
ХIара хаар а, тỳсадалар а кхочур дац, я хир дац АллáхIа Шен дог нуьре динчунна а, деган бIаьргашна серло елчунна а, нийсачу новкъа Цо нисвинчунна а бен. Вай царах дар АллáхIе доьху вай!
5- АЛЛÁХIАНА МУЬТIАХЬ ХИЛАРХА ХАДА ВАР
Супяна боху: «Цхьа къа бахьна долуш беъа баттахь буса гIаттарха хадийра со». Ибн Сúрúн цIе йолчо ( асхьабаш дага богIуш тáбиIийнех волчу ) цхьана стагана иза къе хилар тIехтоьхна хилла, и эхье лерина цо, тIаккха декхар тIехьарчарна ( дIадала аьтто боцуш ) набахтий чувоьллина и. Макхьýл бохучо довдина кхечунна моттаргIане белхар ду ахь дийриг аьлла, тIаккха АллáхIах кхераран велхар цадогIуш шо даьккхина цо.
Ма-дарра аьлча, хIара бекхамаш а, таIзарш а хьалххе дIадалар, АллáхIана лай везаран билгалонех ду. Лáлун такхарш а таIзарш а ду уьш. Сихха тIедогIий, чекхдовлу уьш. Амма эхартан таIзар бIаьргана цагинарг а, лергана цахезнарг а, цхьанá адамана дага цадеънарг а ду.
АллáхIан элчано - IалайхIис-салáту, вассалáм- аьлла: «АллáхIана Шен лайнна диканиг лиъча, дуьненахь цунна хьалххе таIзар до Цо. АллáхIана Шен лайнна вониг лиъча, цуьнан къа бахьнехь цунна хIуммá цадеш вуьту Цо и, къематан дийнахь и цунна дуьхьал тохархьама». ( Сахьийхь ).
Цундела, АллáхIан кхинхетамах юххерниг ( дуьненахь ) шен таIзар дIаоьцург ву. АллáхIан къинхетамах эккхийнарг, дуьненахь хьецавеш ( хьаха ца веш ) Iад витинарг ву, эхартахь дала шен таIзар дIадиллархьама.
КIеззиг соцунгIа хилахь!!!
Лено къа дан мега ( йиш ю ), цунна АллáхIа шена ( и бахьнехь ) таIзар дийний а ца хууш, цунна хаа ца луш АллахIа шена делла ниIматаш хийцадалар. Цунах муха кхета веза, цуьнан маьIна хIун ду?!
Аса олу: Далла муьтIахь хиларан а, хьастваларан а марзо яйна хилар а, Цуьнца къайлах къамел даран марзо яр а ( дуккха дикнех ) ваккхар а, хадор ду. Дикачу хIуманашкахь а, далла муьтахь хиларашкахь а соввáла цхьá лаам ца хилар ( дуккха диканех ) ваккхар а, хадор а ду. Лено йина Iамал къобал яран неI дIачIагIар ( дуккха дикнех ) ваккхар а, хадор а ду. БIаьрг бакъабалар а, иза ца белхар а ( иштта дикнех ) ваккхар а, хадор ду. Дог дакъадалар а, хьехам хезча иза хийца ца далар а ( иштта дикнех ) ваккхар а, хадор а ду. Оцу хIумнех баьхнарш а, хадийнарш а дукха бу, амма уьш иза хаалуш бац.
Сан Iеса ваша…
Мосазза хьаьжна хьан бIарг хьараме, тIаккха и бахьнехь цуьнан белхар лагIдели хьан. Iуьйра ламазе цавогIуш мосазза висина хьо, тIаккха и бахьанехь хьан юьхьан нур дIадайна. Мел гIад вахана хьарам даьхнеха зовкх хьоьгуш ваьллина хьо, тIаккха цуьнан беркат дайна хьан. Мосазза эшарин, мукъамийн марзонах зовкхе пайда эцна ахь, тIаккха Къурáн дешарха хадийна хьо. Дуьне дезаро дог дIалаьцна хьан, тIаккха эхарт арадаьлла хьан цу чуьра. Эхарт сийлахь а, лакхара мах болуш а долун дела, цо шеца кхин хIума декъахь хилар къобул цадо.
Хьекъале дош
АдхIаман кIанта ИбрахIúма аьлла: «Харцоне дукха хьежаро дагчуьра бакъдерг довзар дIадоккху».
6- IÁСАЛЛАША IАСАЛЛАШ ДАРЖАДО
Цуьнан бахьана, иза-стага шегара АллáхIана Iеса хилар далийтича, шайтIа цунна тIекхача сихлуш хилар а, малик цунна юххера гена долуш хилар а ду. ТIаккха шайтIано вочунна а, Iесачунна а, къинна а, хIаллак хиларна а тIе бен ца нисво. Цундела Iасиман кIанта СахIл бакълийна ша аьллачу хенахь: «къинан таIзар къа ду».
Иза дуьззина зIенан чIагарш санна вовшин лоцуш хIума ду я цхьана туьтеш тIийра буьртигаш санна хIума ду. Цу тIийра цхьа буьртиг охьабоьжча, ун ( фонер ) тIе Iанийна кхоьш санна, туьтеш дIаясталой дисина буьртигаш Iана доьлху.
Ибнуль – Къаййим дуй бууш нийса аьлла: «ТаллáхIи, мостагI ( шайтIа ) хьуна тIелетта ма дац гергарниг ( малик ) хьоьх дIадирзинчул тIаьхьа бен, цундела, ма мотталахь шайтIа тоьлла, хилларг хьо Ларвеш Волчо хьуна букътохар ду хьуна».
МуьтIахь хиларш а иштта ду
Лено АллáхIана муьтIахь хуьлуш цхьа Iамал йича малик цунна тIекхача сихло, шайтIа цунна гена долу. ТIаккха оцу малико цунна далла муьтIахь хилар а, диканиг а, шен дог цIандар а, делах кхерар а бен ца хьоьху.
Цундела цара аьлла: «Далла муьтIахь хилар дебош ду ( диканаш ). МуьтIахь хиларан мел… муьтIахь хилар ду».
Цундела, хьуна далла муьтIахь хуьлу хIума деш цхьа стаг гича, хаалахь цуьнгахь и саннарш кхин а дуйла.
ЛадогIал хьайна Халúд аль-Iасрий бохучо хIокху маьIнанна йинчу самоне а, шен муьтIахь хиларна тIаьххье, шена маликаш юххе дахкар цо пайдехьа хьовзоре а. Цо уьш тешаш хIиттадо ша дика йинчу Iамална, цаьрга иза сихха, нисса дIа АллахIана тIе хьала яхьийтаран дуьхьа.
Халúд аль-Iасрийн гIиллакх хила малх схьакхетталц АллахI хьехош. Цул тIаьхьа шен неI дIачIогIуш хилла цо, малийкаш шена тIекхача сихдаларха а, шайтIанаш шена гена довларха а тешна волуш. ТIаккха далла юххерачу малийкашка мохьтухуш олуш хилла цо: «Сан делан малийкаш, марша догIийла шу, валлáхIи, тахана сайгара даьллачу дикачунна шу тешаш дийр ма ду ас… дIаэца шайна: «БисмиллáхI.. СубхьаналлáхI, валхьамду лиллáхI, ва лá илáхIа иллаллáхI, валлáхIуакбар». И бохучуьра вухавоьрзуш ца хилла иза шен шина бIаьрго ша эшаваллац, я ламазна араваллац!!».
7- ДОЛЛУЧУ ХАЛКЪАН АЬТТО БОХАР
Деккъа ша-шена бохам бина Iеш велира Iеса стаг а, зуда а. Муххале а, цо шена гонаха мел волчунна бохам бо: адамашна, джинашна, хьайбанна, дитташна, тIулгашна. Цундела, цуьнан къа бохам кхечуьнга а бóлуш ду, гарехь вайна цо шена бен цатам а, новкъарло а, вониг а ца дина аьлла хетахь а.
Абу-ХIурайрата хIара гIáлат кхетар нисдина, шена цхьана стага олуш хезначу хенахь: «Зуламхочо ша-шена бен цадо зулам». Абу-ХIурайрата аьлла: «Аьшпаш боьтти ахь, сан са шен карахь долчух дуй буу ас, зуламхочо динчу зуламна дартанаш ( дрофá – олхазарин цхьа тайпа ) ма ле шайн баннаш чохь».
Абу-ХIурайрахI шá хилла ца Iа АллахIан элчанан асхьáбех хIара чIагIдеш а, бакъдеш а, верг. ХIара Мáликан кIант Анас ву, цо боху: «Моьлкъа бала герга ду шен Iуьргахь озалла адамаша дина зулам бахьанехь".
Цундела а, адамо дина къа бахьанехь а, цо и къа ца дитарна а, оцу къина бохам кхечуьнга бóлуш хиларна а дала кхоьллинчу массо халкъашна новкъарло а, цатам хуьлуш бу. Цундела Сийлахьчуьнга орцах кхойкху цара цунна тIехь, Воккхачуьнга гIо доьху цара цунна тIехь. ТIаккха АллахIера доьху цара ниIматаха и хадавар а, къинхетамах и ваккхар а, цунна наьIалт алар а.
МуджáхIида аьлла АллахIан дешан маьIна деш: «НаьIалт олучара а наьIалт олу царна»: «Лаьтта тIийра садолу хIумнаша а, сту лоцу гезгаша ( скорпионы ) а, кхеллин чхьаьвригша а, догIа сацадо церан ( адамин ) къаинош бахьанехь».
Хьекъале дош
Iирáкъан факъúхIó ( Iилманчо ) ибн Шубрума бохучо аьлла: IАдамашха цецволу со ( тамаш бо аса ), цамгарх кхоьруш юучух ларло уьш, жоьжахатех кхоьруш къиношха ца ларло уьш».
Ма тамашийна ву хьо!!
-
Хьайн буьртиг байча воьлхаш хуьлу хьо, воьлуш волуш ялсамане ма йойу ахь!!
-
Хьарам даьхнех хьаьжин цIийнал а хьо дуьхана велахь а, дуьненчуьра дIа-м вер вац хьуна хьо, цунах боллу Iаьржа тIулгала хьо верзина волуш бен!!
-
Дуьне гIан ду, валар само ю, хьесап дендолу де гIенин тидар ду.
-
Дуьне хIорд бу, цуьнан берд ( йист ) кешнаш ду, хьо тIехиъна воьдуш йолу хIума йистте кхаьчна яьлла хьуна.
-
Хьайн жIаьлийна цунна еза хIума йита Iамийна ахь, ша лаьцнарг яа йиш йоцуш, хьан ниIматана шукра деш а, ахь тохарна кхоьруш а. АллáхIа а, Цуьнан элчано а мел Iамийна хьуна, ткъа хьо тохарлера ву!!
Пайхамарин хьадúсашкахула самавккхар
Хьекъал шен нáбарха а, дахархá а самадаккхуш цхьá хIума дац жоьжахати хьахаяр а, йийцар а санна. Цундела пайхамара ( с.I.с ) хIара ( жоьжахати ) боху дош хьахдарха пайда оьцуш хилла хьекъал телхинчу а, кхетам дIабаханчу а хьелешкахь.
-
ЖамаIатан ламазна ца варан хьолахь цо - IалайхIис-салáм, боху: «Суна дагадеара дечиг гулде аьлла омра дан, тIаккха ламазна кечло аьлла омра дан, цунна молла ( азáн ) кхайкхина. ТIаккха цхьана стаге нахана хьалха вале ламаз дайта аьлла омра дан. ТIаккха ( ламазе ца богIуш болчу ) нахе вахана уьш чохьболуш цера цIийнош дагон». ( Сахьихь ).
-
Божарша дешин мохIар дуьйхича ( лелийча ) долчу хьолахь цо-IалайхIис-салáм, боху: «ЦIеран кIега шуха цхьаммо схьаоьций шен куьйга буьллу». ( Сахьихь ).
-
Харцонца нехан даьхнеш дааран хьолан хьокъехь АллахIан элчано IалайхIис-салáм, боху: «Баккъалла а, шу дов дохьуш суна тIедогIу. Со ( шу санна ) адам ду. Шух цхьаверг кхечул шен бакъхиларан билгало дика а, сов а, ( говза дийца а ) хууш хила тарло. Цуьнгара хезначунна тIе а дугIий аса кхел цуьнгахьа йо, сайна иза бакъ ву моттарна. Шен вешин хьокъах аса шена цхьана хIуманца кхел йинарг, иза жоьжахатенах цхьа дáкъа ду, иза ( шена лаахь ) схьаэцийла цо я Iадйийтийла цо». ( Сахьихь ).
ХIара дерриге а иза - IалайхIис-салáм, вайха чIогIа къахеташ хилар бахьана долуш ду. Жоьжахатенах лаьцна ша дечу къамелехь вайн яххьаш ягош ву иза, кхана вайн яххьаш жоьжахатена цIеран меттанаша ягаяран мета ( цигахь уьш ца ягайайта ).
Хьекъал дерг-шега кхераме кехат деача, цо бехказаваларна тIе валош верг ву. ТIаккха цо кхерамен къамелана жоп ло, билггал, къастина ( определённо ) шен тоба даре верзарца.
Сан тидамза ваша:
ХIай уггар лахарчу мехах ялсамане йоьхкинарг, парталан ( товаран ) мах хааран хьайн говзалла а, зеделларг а дацахь, далла муьтIахь а, дика а болчу а лейшка хатта. Уьш мах хIотторан а, хадоран а говзанчаш бу хьуна. Ма тамашийна бу АллáхIа хьуна деллачу парталан болх: иза хьан сá а, даьхни а ду. Цул тIаьхьа ( хьуна Ша делларг ), хьогара эцна Цо. Хьуна дош а делла Цо, тIе а лаьцна, механа цунна дуьхьал хьуна ялсамане яла. Шен карахула и мах чекхбаьккхина геланча а, векал а - иза пайхамар - IалайхIис-салáм, ву. АллáхIан цIарца доьху аса хьога, делан дуьхьа ала, цул тIаьхьа муха доьхкина ахь и, АллáхI воцчунна лахарчу мехах а, дуьненах кIеззигчу декъах а, АллáхIан гергахь чуьркан тIомал а мах боцуш долчу?!
8- ДОГ ДАЛАР
Зайнуль Къурáн Мухьаммад ибн Вáси-I цIе йолчо аьлла и: «Къинна тIе къа даро дуьш ду дог».
Цундела, Мусаййиб кIанте СаIúде аьллачу хенахь: Марвана кIант Iабдуль - Мáлика аьлла: «Айса динчу диканах воккха ца вуьйчу а, айса динчу вочунна гIайгIане ца хуьлчу а хьоле ваьлла со», цо аьлла: «ХIинца делла хьуна цуьнан дог».
ХIара хилла ца Iа дог даларан еккъа цхьа билгало. Кхузахь кхин а билгалонаш ю. царех:
-
Къа шегара даьлча воккхавер а, и гучадахар а, ду.
-
Iáсаллин охIланца цхьанкхетара самукъадолуш хилар ду.
-
Далла муьтIахь болу охIлу гарна таьIна, гIийла хилар ду.
-
Къих дIа цахадар, ду тоба дан сихвалар доцуш.
-
Далла муьтIахь хила йиш ца хиларна гIайгIане ца хилар ду.
-
Дела реза воцчу хIуманна ( мункар ) дуьхьал ца хилар ду куьйгаца, я маттаца, я дагца.
Сан Iеса ваша… хIинца а со хьоьга кхойкхуш а, бохуш а ву хьуна: Хьайн дог набарха даккха, ирсениг семаниг ву хьуна.
Со сама ца ваьллехь а, суна бинчу хьехамах, хьо мукъане самавалахь!
Жимчу къино а вуьй!!!
Ибнуль - Жовзийс аьлла: «Къа жима дара але паргIат ма валалахь, цунах ца вешаш ма хилалахь. ЗаьIапчу, гIор доцучу бацах онда муш хьоьвза ( бо ), тIаккха цуьнца ерстина эмкал садукъдой охьатуху».
9- АЛЛÁХIАН ХЬАКЪ ЛЕЙНА АТТАХЕТАР
Къино лай майраваккхар а, эвхьазаваккхар а бахьана долуш ду, АллáхIан хьехамашца а, весеташца а. ТIаккха цуьнан дог далла Iеса хиларха а, Цуьнан бехкамаш талхабарха а дулу, уьйр лоцу, къаьсттина цуьнан дагчуьра а, коьртчуьра а ( тоба дар, дохковалар ) бохучу дешан маьIнинга долу дешнаш дIадевлла хилча.
Цундела Мáликан кIанта Анаса тáбиIийнин ( асхьабаш дагабогIучин ) тIаьхьенга а хьаьжна аьлла: «Шу, баккъала а ( шеко йоцуш ) белхаш а, Iамалш а шайгара оьгуьйтуш а, еш а ду, шайн бIаьргашкахь шуна уьш чонал а ютIкъá хеташ, оха уьш АллáхIан элчана - IалайхIис-салáм, заманахь ( мýбикъáтех ) хIаллак вечу къинойха ларара ( дагардора)».
Церан бIаьргахь а, царна хетарехь а иштта ( хIаллак вечу къинойха ) хилла уьш ( цаьргара оьгуш йолу Iамалш ), церан иймано церан деган бIаьргашна ( кхетамна ) тIийра пардо дIадаьккхина иза сирладаккхар бахьна долуш. ТIаккха царна хиъна АллáхIан барам а, Цуьнан сийлахь - воккхалла а. Цундела царах цхьаъ хьуна хьехар деш дIахIоьттина: «Варелахь, хьайн Iасаллин жималле ма хьажалахь, муххале а, хьо Шена Iеса хиллачуьнан сийлахь - воккхалле хьажалахь».
И хилла цаIеш, Йамáна кIанта Хьузайфас а боху: «АллáхIан элчана - IалайхIис-салáм, маджлисехь ( гуламехь ) стагера даьлла дош бахьана долуш мунáфикъех лоруш а, вагарвеш а вара иза. Ткъа тахана суна и дош цхьана маджлисехь доьазза хеза».
Хьо мунáфикъ ву я муъмин ву?!
МасIýдан кIанта IабдуллáхIа аьлла: «Баккъалла а, муъмин стагана шен къинош шена тIебожарна ша кхоьруш болчу ламан бухахь волуш санна хета. Ткъа Iесачу стагана, баккъалла а, шен къинош шен мер тIехиъна мозех тера хета, цуьнга иштта аьлла ( куьг ластийна ), тIаккха иза тIема баьлла дIабахна». ХIара МасIýдан кIента терза ду, пайхамара - IалайхIис-салáм, цунна тIаьхьадазарца а, цо бохург дарца вайга омра дина волчу. Цо аьлла: «МасIýдан кIанта шайна дийцинарг бакъделуш». ( Сахьихь ).
Вай бакъдо АллáхIан элчано - IалайхIис-салáм, вайга бакъде аьлла омра динарг. Вай хьоьга хоьтту: «Хьуна муха хета хьайн къа?» Хьайна тIебожа герга баханчу ломана бухахь хетий хьуна и? Я хьайн мера тIийра ахь атта дIалелхош долчу мозех тера хета хьуна и? Хьо хьайна дуьхьал хIоттал хьо, хьоьга деш ма-ду ас къамел, хьоьга бехк боккху ас.
Сан Iеса ваша.. Хьо ма-ву хьайн карахь хьалхавалар я, хIаллакхилар дерг. Хьан дагчохь къа доккха мел хили, АллáхIана гергахь жима хир ду и. Цундела, АллáхI хьайн дагчохь сийлахь - воккха ве, хьайн къа доккха хетар ду хьуна. Цуьнгахула а, иштта а хьо муъмин хилар къастор а, хоуьйтур а ду ахь. Хьо иштта ца хилахь.. айхьа хьайн цIе язйир ю ахь мунапикъ нехан тептар тIе.
10- ТАХАНА ( ХЬАЙНА ДЕЗАЧУХ ХАДАР А, ВАЛАР А ) АТТА ДУ КХАНА ЦУНАХ ХАДАРАЛ А, ВÁЛАРАЛ А
Сан ваша, хьуна пайхамаран - IалайхIис-салáм, хьадúс ца хезна аьлла хета суна. Оцу хьадúсехь цо аьлла: «Шу ялсаманена хаздерг а, духар а, дари а дезаш делахь, дуьненахь мадухалаш уьш». ( Сахьихь ).
Сан вежарий,.. дуьненахь ( божаршха ) дáри ( хIума ) юьханарг а, лелийнарг а эхартахь и юхарха хадор ву ( воккхур ву ) шуна. Дуьненахь чагIар ( вино ) ( кхин долу вахон маларш а ) мийлинарг, ялсаманахь цунах хадор ву шуна. Тахана шен бIаьргаш дуьнена мехкаршка хьежа дIахецнарг, кхана ялсаманена хьýрулIúн мехкаршка хьажарха а, гарха а хадор ву шуна. Дуьненан эшарашка ладегIнарг, эхарта эшарашка ладегIарха воккхур ву.
Iаббасан кIанта аьлла: «Вайн дала мох хьажбо гаьннин кIужалш лестош. ТIаккха цо аьзнаш а, гIовгIа гIатта до, адаман лергана исбаьхьа хеташ, массо тайпа мукъамаш санна. ХIай лергаш мерзанин а, пондаран а марзалла, хIумманах а ма хийцалахь бохуш».
Цхьана хIумана дуьхьал цхьа хIума
Дúнаран кIанта Саламата аьлла: «Эхартахь хьуна хьайца хила луун долу хIума, тахана Iаддита».
11- ДАЙНА IИБÁДАТАШ
Пайхамара - IалайхIис-салáм, аьлла: «Дукха ву марха кхобург, шен мархех шена мацалла бен кхин дакъа доцуш. Дукха ву буса ( Iибадатана ) гIоттург, шен гIаттарха шена семаIар бен кхин дакъа доцуш». ( Сахьихь ).
Дика ойла яй, лерина хьажал хIокху марха кхобачуьна хьоле, марха дайна цуьнан цо дина къа бахьана долуш: ГIийбатан дош, я харцо кхоллар, я хьарам хьажар, я кхаъ балар ( взятка ). ТIаккха эхартах вели и, дин доьхки цо, шен дегI къахьегна кIадди цо цхьа пайда а, я маслахьат доцуш.
Касúран кIанта Яхьяс аьлла: «Стага марха кхобу цIена а, хьанал а долчух. Буьйха а, хьарам а долчунна тIехь марха досту цо-шен вешин жижиг тIехь - и бохург цунна гIийбат дарна тIехь».
ХIокху буьйсанна гIеттинчуьна дика ойла яй, лерина хьажа цуьнан хьоле. Шен буса гIаттарха нахана гайтам хилийтар нийат дина цо дагахь. Цундела цуьнан Iамал йоьхна, цуьнан мел байна, хIара деган къа бахьана долуш.
12- ДIАДЕР ДОЦУ ДЕКЪАХЬ ХИЛАР
Iáсаллашха массо Iассалла а АллáхIа - таIáла, хIаллак динчу умматашха ( къаьмнашха ) цхьана умматах дисна ирс ( тIаьхьало - наследие ) ду. ТIаккха Масалá, лаьттахь куралла а, цавашар а гуча даьхнарг а, бохамаш бинарг а, цунна ФирIовна дисинчуха дáкъа догIу. Бакъо ца езаш а, и схьа ца оьцуш а хиллачунна ХIýд пайхамар къоман дисинчуха дáкъа ду. Юстар а, óзар а нийса ца лелош, эшинарг ШуIайб пайхамаран къомах тарвелла. ХIаллак хиллачу нехан новкъа вахнарг хIаллак хилла, зебайначин лорах вахнарг нийсачу некъаха тилла.
ХIара кхерам луш а, кхаъ боккхуш а веанчу, дахаран кхáчá а, дарбанан молха а, сийлаллин бух а волчу пайхамаран - IалайхIис-салáм, хьадийсо тIенисвеш а, гойтуш долун а маьIна ду: «КIохцалан коьллаш тIийра кемсаш лахьош ца хиларе терра, дикачеран новкъа а, церан метте биссор бац вонаш. Цундела, шайна луъчу новкъа дIагIо, шу дахханчу новкъахь цуьнан охIлунна тIекхочур ду шу».
Хьуна хьалха ши некъ бу
Абу-Бакаран а, Iумаран а некъ. Я Абу-ЖахIлан а, ФирIовнан а некъ. Я дагна дарба леладайтар ду лаамин санаторехь, шарIан бухкаршца ( шарIан хьукманашца ) и дехкар ду, я кхераман цIарца и дагор ( човхор ) ду. И цадахь цуьнан тодар а, цунна дарба лелор а жоьжахатин боьранашкахь хир ду, сийсазаллин гIоьмаш ( наручники ) а, церан бáлá а, хало а лан дезарехь хир ду, таIзаран цIарашца дáгадарехь а хир ду.
Сан Iеса ваша, муьтIахьчуьнан юхь тIехь и муьтIахь хиларан нур хуьлу хьуна. Iесачуьнан юхь тIехь цуьнан Iáсаллин бода хьулу хьуна. Лечу хенахь хIокхунна кхаъ бохьу хьуна. Вукхунна боккхачу бохамана а, эшамана а чувожар хуьлу хьуна. И шиъ коша вуссу, муьтIахьчунна ялсаманин мотт буьллур бу хьуна. Ткъа Iесаниг цIеран кIегаш тIехь керчаш хахóьрцуш Iийр ву хьуна. Дендина гIовттийначу дийнахь хIара тIехиъна хир ву хьуна, важа текхош, ийзош вуьгуш хир ву хьуна. ХIара къинхетамечу делан Iаршан IиндагIан кIел хир ву хьуна, важа вицваларан а, хьацаран а хIурдана чохь лаьтташ хир ву хьуна.
Цул тIаьхьа, Iесачаьрга эр ду: «Шоьга хIара хирдуй хоуьйтуш а, кхайкхош а элча цавеара?». МуьтIахь хиллачаьрга: «Салáмун Iалайкум-салам-маршалла а, маьршо а ю шуна, шу собаре хиларна», эр ду. Цундела ирс а, декъал хиларан а охIлуна новкъа вáла, оцу новкъа дIа а гIо. церан накъост хила хьажа, уьш хьайна накъостий бан гIорта. ШахIúд хила аьтто бийр бу хьан.
Уьш марханаш кхобуш бара, ахь цакхобучу хенахь. Уьш буса гIовттуш бара, хьо набаро тевинчу хенахь. Уьш боьлхуш бара, шаьш муьтIахь хуьлчу хенахь. ТIаккха царал тIаьхьа цхьа вон тIаьхье еара ( гучаелира ) шаьш Iеса хуьлчу хенахь, гIад бахана боьлуш, самукъадолуш.. ТIаккха эхартахь АллáхIана гергахь цхьаттерра хир буй уьш?!
13- ШАЙТIА КХАРДАР
Шайхуль-Ислам волчу ибн Таймийа цIе йолчуьнга хаьттина: «ШайтIа наб еш дуй?» ТIаккха цо аьлла: «ШайтIанна наб кхеташ елхьара вай паргIат девлла садоIур дара».
Сан ваша, хьоьгара хIора къа а иза ирсе деш ду хьуна. Хьан хIора Iасалла а иза доккхадедеш ду хьуна. Уьш дар бахьана долуш хьо цуьнга нисло дела Iасаллехь. Iасаллаш керстаналлин юьхьиг ю. Ткъа керстаналла жоьжахата боьду некъ бу. Цунна ша цу чохь диса ца лаьа даиманна а, накъост воцуш!
ХIара ду и бахьана а, и къайле а Адаман воIа ( кIанта ) Къурáн доьшуш, и дешарн садждате кхаьчча, цо суджỳд дича, шайтIа доьлхуш гена даларан, хIара бохуш: «Ма дакъаза дели ша, цуьнга суджỳд де аьлла омра дича суджуд ди цо, цунна ялсамане ю. Соьга а дира омра суджуд де аьлла, аса аьлларг ца дира, цундела сунна жоьжахате ю».
Цундела, сан ваша, хьайн шайтIа эшаде, кIелдита, гIело е цунна суджуд дар хьайна марзадарца, рукỳI дахдарца, делкъахена бурконан хьагалла ларца. Дуьненахь иза доьлхуш латтийтаран дуьхьа, кхана жоьжахатин неIсагIин тIехь белхар цо эккхийтале.
لطيفة – Хьекъале дош
IабдуллахIан кIанта МутIриф аьлла: «Цхьана стагана экха гича, экхана иза гуш а воцуш, и схьалаца герга вац иза?!» Цара: ву аьлла. Цо аьлла: «Шеко йоцуш шайтIана вай гуш ду шуна. Вайна и гуш дац. Цундела, цуьнга вайна вон а, зен а до».
14- ВОН ВАЛАР
Къинош вон валаран а тIевуьгуш некъ а, юьхьиг а ю. Адам ша даьхначу хIуман тIехь леш долун дела. Ша суджỳдехь волуш вала лууш волчо, шен дукхах йолу Iамалш ( белхаш ) суджỳдаш дар хилийтойла. Марха долуш валар шена тIедан лууш волчо, шен дукхах йолу Iамалш марханаш кхабар хилийтойла. Ша дела хьехош а волуш садала лууш волчо, дела хьехавар дукха дойла. Iесаниг а ( АллáхIана муьтIахь воцург ) иштта ву. Вон валарца шайна леш а, дIакхелхаш а стаг гича, хаалуш шен дахарехь цо АллáхIан дозанаш талхийна хилар. Цундела лечу хенахь аьтто цабина АллáхIа цуьнан Ша реза волчу некъа тIехь вала.
Ши масал ду хьуна хIокху неIалте чаккхенá, валарнá. ХIокху тайпа валаран дайшна АллáхIа лара а лерина иза, тIе а диллина, церан иршачу къинойн бекхамна а, оцу къиношха царна баьллачу пайденна:
а- Мухьаммад МугIийсан воI Аль-МагIрибий ( велла хIижрий 304 чу шарахь )
ЧагIар дагадоьхна, и доцуш цамегаш, цунах васталуш ца хила иза. Цуьнан вежарашха цхьамма хаьттина цуьнга, вала кхеттачу цамгарха и волчу хенахь, цуьнан гIор а, ницкъ а зерхьама. Цуьнга хоттуш аьлла цо: «Хьайна лиъча хьалагIатта ницкъ кхочур барий хьан?» ТIккха вукхо аьлла: «Сайна лиъча кхузара волавелла чагIар духкуш волчу Абу-Закариййа туькана а вахалур вара со». ТIаккха хоьттуш волчо аьлла: «Маьждиге ( вахалур вара ) хIунда ца эли ахь?» Валаран цамгар кхетта Iуьллуш волчо аьлла: «ХIора къонахчунна ша яьккхинчу хенаха марзаделларг ду, ( ахь ) бохург дуьненан Iадатехь лелош хIума дац».
-Цхьана хIуманна тIехь велларг оцу тIехь денвийр ву-
б- МустIафа Камал Ататуьрк ( велла 1358 чу хIиджрий шарахь )
ЦайогIуш тиллина цIе ю. Исламана дуьхьал тIом бина цо. ТIаккха халифат йохийна цо. Азáн ( мола кхайкхар ) туркой маттахь дина цо. КIиранах догIу мокъа де базар де ( кIиранан де ) дина цо, пIерасканан дийнан метта. Айá Сóфийа цIейолу маьждигах музей йина цо. Цкъа Iуьйра ламазан азáнах цатам баьлла цунна, муаззин а ( кхойкхуш верг ) ве, момсар а йохае аьлла омра дина цо.. Велош-велхош ( трагикомический ) дерг, ша леш цо весет дина хилар ду, шена докъа ламаз маделуш аьлла.
Иза веллачул тIаьхьа къовсам хилла: цуьнан весет талхош, цунна тIехь докъа ламаз до вай, я ламаз ца деш вуьту вай иза аьлла?! Аьххар а, къовсамал тIаьхьа, цунна докъа ламаз дан барт хилла церан. Амма, имам мила хилла аьлла хета хьуна?!
Иза авкъáфин ( вакỳф ) куьйгалхо ( директор ) Шарафуддин Афандú хилла. Важа веллачул тIахьа веана волу Туркойн республикан президент Iисмат Айнỳнỳ бертавало гIиртинарг ву и, туркойн мотт Iибадатан мотт бе бохуш. Кхечу маттахь ( Iаьрбин маттахь ) дар доьхкуш.
Иштта и бертавало гIиртинарг ву маьждигашкахь оцу маттахь бен Iибадат ма дешийта, къáнỳнан ницкъаца, бохуш. ХIара Шарфуддин Ататуьркана деш долчу докъа ламазан имам верг ву-кх…
Iожа кIел боьжна Iаж бу, хьан дела цхьанне зулам деш вац!! Оцу я хIокху къамелал тIаьхьа догIург хIун ду?
-
Къинош хьайгара девлча я эгча хьуна хуьлуш болчу цатаман, новкъарлонан, халхетаран терзанца хьайн ийман дуста. ХIокху бухтIе а догIий билгал де цуьнан ( ийманан ) тодаре а, нисдаре а хьаштан барам.
-
АллáхIан тIе бечу некъан юьхьиг шен къине верзар а, хьажар а ду, и шегара даларна сагатдар а ду, цунна дохковалар а, цо йуьтучу ларин ( следы ) а, цуьнан жоьпаллин а ойлаяр а ду.
-
Тахана дIадаьндолчу зовкхах сацавелларг ( дIахадийнар ), Кхана даим хиндолчу зовкха чугIур ву.
-
Керстанийн Iамалш еш верг, царах дIатухур ву. Зуламхаша еш йолу Iамалш, белхаш лелош верг, царах дIатухур ву. Мунáфикъийн Iамалш еш верг, царах дIатухур ву.
-
ХIара лараш а, хьайна царах тера хилча хиндерг а дицделча, кешнаш гича дагадаийте. ХIара хьоьх дIадалахь ( кIелдисахь ) дикачу, далла муьтIахьчу накъосташца хьо волуш дагадаийта. Иза а хьан дан карах ца далахь, зикрана маджлисашкахь уьш дагадаийта, оцу массо меттигех хьо валахь, хьайн дагна тIебоьду син пха бетталуш буй хьажа, хьо дийна я велла ву-те хьажар а, хаар а дуьхьа?!
-
Цхьа хIума цадезаш верг цунах водуш хуьлу. Цхьа хIума дезаш верг цу тIийра волуш а, и дуьтуш в ца хуьлу. Цундела хIара жима жайна юх-юха а деша, къиношха вадаран говзалла а, исбаьхьалла а ( икусство ) дика хааран а, Iаморан а дуьхьа.
Хьоьгара дийлина къинош муха деза хьуна, царна реза а муха хуьлу хьо, уьш бахьанехь хьо:
-
АллáхIана хьалха чIогIа сий дайна охьавужуш хилча.
-
Нехан хьоьх безам бовш хилча.
-
Хьан аьтто дIабоккхуш хилча.
-
Хьуна гIо дар хадош хилча.
-
ГIайгIанаш йолаяларан юьхьиг хилча.
Цхьа хIума ца дезаш верг, цунах водуш хуьлу… хIокху жайни тIехь и динчо ( хIоттийначо ) вайна Iамадо къинойха вадаран куц. Вайна тIе иймана мох хьакхийтаран дуьхьа.
Достарыңызбен бөлісу: |