Кадыров Ахьма-Хьаьжа вина де т1екхочуш
Цо юьхь йиллира беркатечу некъан
Историн бакъдолчара тоьшалла деш ма-хиллара,махкана кхераме хьал т1ех1оьттинчу муьрехь халкъана цунах лазаме доцуш хьалха дала нийса некъ гойтуш даима а г1уьттуш хилла майралла , доьналла, хьекъал долу, шайн махках ц1енна доглозуш болу тоьлла к1ентий. Иштта, шен бехк боцуш,ч1ог1а чолхечу хьолехь нисделира вайн халкъ д1адахана б1ешо чекхдолуш.Делан лаамца,оцу халачу муьрехь мехкан,халкъан хиндолчух жоьпалла шена т1елаца кийча хилира Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжех бисина шен дагалецамаш буьйцу Нажин-Юьртан № 8 йолчу гимназин директора Сабуралиева Йиситас :
- Нохчийчохь шо-шаре мел дели дикачу аг1ор хийцамаш хуьлуш, юхаметтах1уттуш ду шина т1еман къахьоно онддачу 1азапехь латтийначу вайн халкъан дахар. Хазлуш,куьце яьхкина вайн г1аланаш, ярташ.Къинхьегаман шовкъ хаало белхан коллективашкахь,ялтийн аренашкахь.Школашкахь ,берийн бошмашкахь зевне дека берийн аьзнаш,дешаран заведенашкахь дахаран керла говзаллаш караерзош бу студенташ.
Нохчийн Республикан, нохчийн халкъан хиндолчух дог лозуш, и хиндерг сирла,ирсе хилийтархьама шен ницкъаш,дахар ца кхоош къахьоьгуш,шен халкъана тешаме к1ант,бакъволу къонаха вара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.Цуьнан беркатечу д1адолоран т1аьхье ю массеран дог доккхадеден хийцамаш,машаре дахар ч1аг1делла д1ах1оьттина хилар.
Ахьмад- Хьаьжас дерриге а дира нохчашна т1ехь кхоьллина харц ц1е д1аяккхархьама,бехк боцуш нах хьийзор сацорна т1ехьажийна. Даржийн тидам ца беш дуьххьала д1а дуьйцура республикан бахархошна т1ехь лелочу харцонах.Бакъду,массарна ца товра Ахьмад-Хьаьжа шен халкъ букъ т1ехьа лаьцна д1ах1оттар.Делахь а иза вуха ца велира.Юха ца велира кхерамаш тийсарх, тешнабехк барца юххера накъостий, гергарниш х1аллакбарх.
Дика кхетара Ахьмад-Хьаьжа республикехь юкъараллин-политически хьал меттадалорна,адамийн дахар маьрша хилийтарна бакъонан буха т1ехь кхоьллина 1едалан органаш хила езаш хиларх. Д1аяьллачу хене б1аьрг тоьхча, адамийн дахар тодарна т1ехьажийна йоццачу хенахь Ахьмад-Хьаьжас динчу г1уллакхийн т1аьхье гуш ю экономикехь социальни декъехь хиллачу баккхий хийцамашкахь.
Ахьмад-Хьаьжас мел динчу дикачу г1уллакхех дуьйцуш,со хьехархо хиларе терра,цо тхан бинчу сий-ларамах ала лаара суна.Уггаре а хьалха берашна деша меттигаш тойира,хьехархошна алапа делира.Иттанаш, б1еннаш школаш схьайиллира шайна чохь доьшуш эзарнаш дешархой а болуш.Лакхара дешаран заведениш,училищеш,колледжаш а ю оцу хенах схьайиллина.Адамийн 1ер-дахар а тоделира.И дерриге а кхочушдинарг Ахьмад-Хьаьжа вара.
Ахьмад-Хьаьжас дика т1аьхье йитина вайна.Цуьнан к1ант Кадыров Рамзан-Нохчийн Республикан Куьйгалхо-шен да санна г1ийлачийн, г1о оьшучийн накъост ву.Тахана цо сийлахь а,деза а лору шен дас арабаьккхина некъ д1абахьар.Ахьмад-Хьаьжас шена юххехь дика, оьзда к1ант кхиийна хилар махкана гуш ду.
Тахана вайца вац вайн хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.Амма хан-зама яларх нохчийн къомана вицлуш вац иза.Дала геч дойла цунна!Цо гайтинчу новкъа д1адахар,мохк кхид1а а кхиорехь ницкъ кхочу дакъалацар,машаре дахар лардар ду вайна т1ехь.
Къамел д1аяздинарг Н.Даудов
Газета «Халкъан дош» №69-70, 13.08.12.
Достарыңызбен бөлісу: |