ПАМЯТИ УЧЕНОГО
ХIокху шарахь 70 шо кхочу хьекъале Iилманча, нохчийн меттан исторически орамаш таллархо, говза хьехархо, вуьззина патриот Вагапов Якъуб Сераждинович вина.
Вагапов Якъубан дукха белхаш бу зорба тохаза. Царах ю «Пачхьалкхан эрмитажехь… вайнехан йоза» цIе йолу статья а. Газета тIехь араялар бен а кхин зорбатоьхна яц иза. ХIинца Якъуб вина 70 шо кхачаррца доьзна оха зорба туху хIара статья.
Зорбане кечйина Арсанукаев IабдуллахIа а, Эсхаджиев Якъуба а.
Я. С. Вагапов ПАЧХЬАЛКХАН ЭРМИТАЖЕХЬ… ВАЙНЕХАН ЙОЗА
Вевзаш волчу Iилманчин Г. Ф. Турчаниновн «Памятники письма и языка народов Кавказа и Восточной Европы» бохучу книги тIехь (Ленинград, 1971) ду ширачу заманан тамашийна цхьа йоза. Бакъду, цо вайнехан лоруш-м дац иза. 1888-чу шарахь абхазочо В. М. Шервашидзес Эрмитаже беана дашо гура чохь нисбина болу сердоликови тIулг. Оцу тIулга тIехь говза диллина кхо сурт ду, царна гонаха грекийн элпашца яздина йоза а ду. И тIулг билггал мичхьа карийна, хууш дац, Абхазехь, Сухумина гена йоццучу меттехь карийна аьлла, хеташ ду. И яздина лору
III – IV бIешерашкахь.
Сурта тIехь (1-ра сурт) гуш ма-хиллара, дуьхь-дуьхьал дирзина гун шиъ мар, зудий долчух тера ду, цаьршиннан кIант хила мегаш цаьршиннал жима ву юккъерниг. Схьагарехь, цхьа доьзал бу иза. Юьхь-сибате хьаьжча, кавказхой бу уьш, амма билггал муьлхачу къомах бу къасто хала ду. Iилманчаша III – IV-чуй бIешерашкахь яздина лору и хIайкал (коча уллуш хилла хIума).
Оцу кхаа суртана гонаха яздина йоза абхазийн маттахь деша ца делла. Грекийн маттахь а дац иза, элпаш грекийнаш делахь а. Дуьххьара и сурт зорба тоьхначу
Р. В. Кинжаловс яздора, и йоза сурташ тIехь болчеран цIераш ю аьлла, хета шена, амма и тайпа цIераш я грекийн а, я гIажарийн (иранцийн) а, я семитийн а, я Iаьржачу хIордан йистошца даьхначу къаьмнийн а цIерашлахь кара ца йина шена бохуш. Вуьшта аьлча, хьалхара Нинас боху цхьа цIе йоцург важадолу йоза кхетаза дисина.
Цул тIаьхьа Г. Ф. Турчаниновс и йоза тидира хIирийн маттахь. Цунна хетарехь, хIирийн маттахь цу сурта тIехь яздина ду хIара: «Нина ю, цуьнан доьзал бу, некха тIехь ду». Цкъа хьалха и хIайкал мухIар хилла боху цо. Цундела яздина хилла цу тIе «Нина ю, цуьнан доьзал бу» бохург. «Нинин доьзал» бохучу маьIнехь кхетадо цо и йоза. Ткъа тIаьхьо оцу мухIарх коча уллу хIума йича, тIетоьхна
лору цо сурташна бухара могIа. Цунна хетарехь, тIаккха шен метта дIанисло «некха тIехь ду» боху дешнаш а. И тIаьххьара дешнаш карадо цунна бухарчу могIанехь.
Доьзал боьршачу стеган цIарах боцуш, зудчун цIарах хIунда бу бохучу хаттарна жоп дала гIерташ, Г. Ф. Турчаниновс цхьа а бух боцуш долу хIума кхуллу. Цо боху, оцу хенахь аланийн дахарехь матриархат а хилла, божарий бакъонаш йоцуш а хилла, зударийн цIерашна юххехь божарийн цIе яккха бакъо йолуш а ца хилла. Ткъа исторически хьостанаша Iалашйинчу аланийн цIерашлахь уьтталгIа дакъа бен зударийн цIераш яц. Массанхьа а аланийн элий а, кхиболу хьалхе йолу нах а оцу хьостанашна тIехь божарий бу, зударий церан божаршца долчу гергалонаш тIехула бен бевзаш, сурта тIе хьаьжча а гуш ду цу тIехь берг моногамни доьзал хилар. Ткъа и тайпа доьзал матриархальни ца хуьлу. Вайн советски Iилманна зеделлачунна тIе а доьгIна аьлча, матриархат йолчу хенахь и тайпа доьзал хилла а бац.
Тешийла йоцуш ду сурташна бухара могIа мацца а тIаьхьа, хьалха хиллачу мухIарх хIайкал деш, тIетоьхна бохург. Оцу сурта тIехь уггар йоза яздан тамехь меттиг ю сурташна бухахь ерг.
Нинас бохучу цIеран форманах ша ца кхетча, иза хIирийн маттехьа оза гIерташ, Iилманчас и хуьйцу, цунах до «Нина ис».
Оцу кхачамбацарша таро ца хуьлуьйту Г. Ф. Турчаниновс и йоза деша а дешна, нийса а дешна аьлла, цунах тоам бан. Вуьшта аьлча, и йоза дешаза дисина догIу.
Суна хетарехь, и йоза вайнехан цхьана диалектехь яздина ду. Цкъа хьалха и йоза дIаяздийр ду вай хIинцалерчу вайн элпашца. Зудчунна тIехьарнаш дIаяздан догIу иштта: «Нинас»; кIантаний, дений тIехулара диъ элп хIара маьIна долуш ду: уиз. Дена тIехьара элпаш вайн хIокху элпийн маьIнехь ду: анис. Сурташна кIелхьара элпаш дIаяздан догIу иштта: улриус.
Нинас боху дош кхета хала дац, иза дийриг дожарехь йолу цIе ю. Масала, цIераниг дожарехь Нина, доланиг Нинин, лург Нинина, дийриг Нинас. Иза вайнехан меттан форма ю.
Цхьа дош ду у и з а н и с бохучу элпаша гойтуш дерг а. Оцу дашах кхетархьама, билгалдаккха деза грекийн, латинийн маттахь вайн аз «в» дIаяздеш элп «у» а лелош хилла хилар. Иштта, шина маьIнехь лелла элп «с» а, вай хьалха а гайта тарлуш хилла. И башхаллаш лерича, вайн бакъо ю и дош кху кепара дIаяздан: в и з а н и ш. Вайнехан дифтонг ие грекийн йозанехь билгалъяккха тарлора э элпаца а, и элпаца а, вайн йозанехь и дифтонг билгалйо е (э) элпашца. Цундела бакъо ю визаниш боху дош везаниш аьлла дIаяздан. Оцу дашехь дика схьакъаьста вайнехан хандош веза а, лааме билгалдешан дукхаллин терахьан суффикс ниш а. Дуста хаза хазаниш, дика диканиш.
Сурташна бухара дош улреуиш чолхе дош ду. Иза декъало улре, уиш бохучу шина даше. Нохчийн хIинцалерчу уллера бохучу дешан шира форма ю улре бохург. Уллехь, улле бохучу дешнийн орам ул схьакъаьста ул-улле бохучу дашехь. Меттиган дожарехь цхьаннан шира суффикс ю ри. Масала, ка (куьг) кери (кара). Нохчийн меттан хIинцалерчу законашца дика догIуш дац ши аз лр иштта юххехь нисдалар, рл хилча-м мегар дара иза. Цундела вайн маттахь чаккхенгара е (ие) оцу шина оза юккъе даьлла, цу дашах уллер боху форма еш. Ткъа л аз шалхадаьлла шина мукъачу озана юккъехь нисдалар бахьана долуш, дуста: юх юххе.
Керла кхолладелла дош хIун? муьлха? бохучу хаттаршна жоп а луш, билгалдешан маьIнехь нисдаларна, цуьнан чаккхене хIоьттина билгалдешнийн чаккхе а: уллера. Вайн уьш боху дош а кхолладелла уиш аьлла оцу сурташ кIел долчу дешан шолгIачу декъах. Хьалхара у кIадделла, цунна тIехьара и бахьана долуш, ткъа ша и доьжна. Цу кеппара, сурташна бухарчу чолхечу дешан маьIна ду уллера уьш бохург. Дерриге а сурта тIера йоза иштта ду: Нинас везаниш улре уиш; я оцу дешнийн меттана вайн хIинцалера дешнаш хIиттийча: Нинас везаниш уллера уьш. Вайнехан ширачу маттера хIинцалерчу нохчийн матте даьккхича, и хир дара иштта: Нинина безарш уллеранаш. ХIинцалерчу нохчийн маттахь веза, хаьа, хеза цу кеппара долчу кхин а масех хандашца подлежащи лург дожарехь лела: Нинина хеза. Нинина го, и дI.кх. а. Ткъа Iилманчашна хетарехь, ширачу заманахь оцу хандешнашца а подлежащи дийриг дожарехь лелаш хилла. Бацойн маттахь хIинца а хила тарло кху кепара предложени: «МитIос хьо гу». (Масал эцна Ю. Д. Дешериевн книги тIера). Ткъа вайн маттахь иза хир дара: «МитIона хьо го». Цундела веза бохучу хандашца Нинас боху форма ялор вайнехан шира грамматика талхош дац.
Доцца аьлча, оцу йозанан грамматика хIинцалерчу нохчийн грамматиках дикка къаьсташ ю. Амма вайн маттахь шеца нислуш йолу цхьа морфема йоцуш яц оцу йозанера цхьа а морфема. Дерриге а дешнийн орамаш вайнеханаш ду, цхьа цIе (Нина) дIаяьлчахьана. Масала, дика къаьсташ а, бевзаш а бу орамаш веза, ул, уиш (уьш) бохучу дашера орам къасто цхьажимма вайнехан диалектологи йовза еза. Нохчийн литературни меттан и бохучу дашца нислуш ду шотойн диалектера а боху дош, ткъа бацойн маттахь цу шинца а нислуш ду дош о. И дош о и озана хьалха нисделча, цунах уь хилла нохчийн маттахь. Ткъа шотоша хIинца а олу овш, уьш бохучу дешан маьIнехь. Иштта вайнехан меттан ерриш оцу йозанера дукхаллин терахьан ( ш), ( иш), дийриг дожаран ( с) чаккхенаш а. Сурта тIерачу йозанан мотт хIинцалерчу нохчийн а, гIалгIайн а меттанех дикка къаьсташ бу. Иза тамаша бан оьшуш гIуллакх дац: 1700 шо хьалха дуьйна хийца а ца луш схьабогIийла яц цхьа а мотт. Цундела сан шеко яц и йоза вайнехан цхьана диалектехь яздина хиларх. Сурта тIехь болчу доьзалан вай дика тидам бича, гур ду и нах кавказхой хилар. Царах теранаш вайнахалахь а карор бара. Амма уьш малхбузехьарчу кавказахойх тера хета суна. Делахь а вайнах бу те уьш я бац те бохург хаддош къасто хала ду.
Иштта билггал къастаза дуьсуш ду мичхьа дина и йоза бохург а. И хIайкал билггал Абхазехь карийна а, цигахь дина а делахь, муха нисделла цу тIехь вайнехан дешнаш? Хиллий Абхазехь я абхазашна юххехь вайнехан мотт буьйцуш долу къам,? Iилманчаша хIинца а таллаза ду. Бакъду, академика Н. Я. Марра шен цхьана балха тIехь яз-м дина, ширачу заманахь Iаьржачу хIордаца нохчийн зIе хилла хилар шеко йолуш дац бохуш. Амма и чIагIдеш долу бакъдерш цо ца далийна. Сулейманов Ахьмада дийцарехь, мержоша шайх олу: «Iаьржачу хIорда йистехь ЗугIур-хи тIехь баьхна Iаьржа мержой бу тхо». И ЗугIур-хи хIун хи ду а, шаьш цигахь маца Iийна а, мержошна хууш дац. Иштта, вайнехан ширачу заманан исторех девзаш дерш кIезиг хиларна, хала ду III – IV-чуй бIешерашкахьлерчу вайнехан оцу йозанан дуьззина долу исторически маьIна дан а. Цхьаъ ду шеко йоцуш: грекийн йозанах вайнаха пайдаэцаро а, цаьрга вайнехан тукхамийн безам хиларо а къобал ца до ширачу заманахь вайнах, лаьмнашкий, чIажжашкий дIа а левчкъина, кхечу къаьмнашца цхьа а уьйр а йоцуш Iийна бохуш, цхьаболчу историкаша яздинарш. Вайнехан ширачу заманан истори талларехь кхачам боллуш гучудаьхна а, шайх пайдаэцна а дац вайнехан этнографически а, меттан а бакъдерш. Къаьсттана мехала ду меттан бакъдерш, уьш гулдарой, церан нийса маьIна дарой баккхий кхиамаш бохьур бу вайнехан ширачу заманан истори талларехь.
Научно-практическое издание
ВЕСТНИК
Института проблем образования
Министерства общего и профессионального образования
Чеченской Республики
Выпуск I
Редактор Р. А. Абдулкадырова
Художественный редактор Ж.А. Шогенова
Технический редактор Н. И. Попова
Компьютерный набор и верстка Т. И. Михтеева, И. А. Зайчуковская
Корректор Я. У. Эсхаджиев
ISBN 5-98108-004-3
Сдано в набор 10.12.2003. Подписано в печать 25.12.2003.
Формат 70х100 1/16. Бумага офсетная №1. Гарнитура Таймс.
Усл.печ.л. Уч.-изд. л. .
Тираж 500. Заказ № 4
Издательство «Абат»
Института проблем образования
Министерства общего и профессионального образования
Чеченской Республики
_________________________
364037, г. Грозный, ул. Киевская, 9А/39
Тел./факс: (8712) 22-28-47
1
2
3
4
5
6
7
8
9
1 Толстой Л. Н. ПСС. Т. 35. М., 1953. С. 16.
2 Л.Н. Толстой. Сбор. соч. в 12 томах. Том 12. М., 1984. С. 314.
3 Л.Н. Толстой. Сбор. соч. в 12 томах. Том 12. М., 1984. С. 367.
4 Указ. Соч., С. 288.
5 Указ. Соч., С. 354.
6 Указ. Соч., С. 377-378.
7 Указ. Соч., С.378.
8 Н. Дубровин. История войны и владычества русских на Кавказе. СПБ, 1871, I; В. Зотов. История всемирной литературы в общих очерках, биографиях, характеристиках и образцах. СПБ. – М., 1877; В. Потто. Кавказская война. СПБ, 1885, II; В.И. Немирович-Данченко. Горные орлы. Роман, СПБ, 1904; А.А. Ипполитов. Этнографические очерки Аргунского ущелья («Сб. свед. о кавказских горцах», Вып. I. Отд. III), и так далее.
1
2
3
4
5
6
7
8
9
1
1
1
1
1
1
1
1
1
1
2
2
2
2
2
2
2
2
2
2
3
3
3
3
3
3
3
3
3
3
4
4
4
4
4
4
4
4
4
4
5
5
5
5
5
5
5
5
5
9 Бодалев А. А., Караковский В. А., Новикова Л. И. Психолого-педагогические проблемы воспитания в современных условиях. Педагогика, 1991. № 5, с. 14.
2 Мудрик А. В. Введения в социальную педагогику. М., 1997, с. 26.
3 Мудрик А. В. Общения в процессе воспитания. М., 2001, с. 26.
4 Философско-психологические проблемы развития образования. Под ред. В. В. Давыдова. М., 1991, с. 93.
5 Федорова О. Н. Русская школа и ее принципы. Мир образования. 1995, № 1.
6 Лихачев Д. С. О национальном характере русских (Из истории русской гуманитарной мысли: Хрестоматия для учащихся старших классов). Общ. ред. А. Ф. Мальшевского; Науч. ред. А. И. Рахитова, М., 1993, с. 35.
7 Кузьмин М. Н. Национальная школа России: традиции и современность в контексте модернизации. Школа и мир культуры этносов. М., 1993, вып. № 1, с. 5.
8 См. Краевский В. В., Полонский В. М. Методология для педагога: теория и практика. Учебное пособие. Волгоград, 2001, с. 52-53.
109 Волков Г. Н. Этнопедагогика-педагогика национального спасения. В сб. Этнопедагогика-педагогика жизни. Элиста, 2001, с. 11.
1110 «Круглый стол» Образовательные запросы общества и актуальные проблемы российской школы. // Педагогика. 2003, № 2.
11 См. Дьячков М. В. Роль языков в жизни общества. Сб. «Национальная школа: концепция и технология развития». М., 1993, с. 280-283.
12 Конституции Чеченской Республики (проект.) г. Грозный 2003. Гл. 1, ст. 10.
13 Мид М. Культура и мир детства. М., «Наука», 1988. с. 322-325.
14 Мид М. указ. раб. с. 342.
15 Мид М. Указ раб. с. 360.
16 Волков Г. Н. Народная педагогика. М., УРАО, 1999, с. 46.
17 Амонашвили Ш. А. Школа жизни. М., изд. Дом Шалвы Амонашвили. 2000., с. 95-96.
18 Амонашвили Ш. Указ. раб. с. 34.
19 Волков Г. Н. Этнопедагогика-педагогика национального спасения. В сб. Этнопедагогика- педагогика жизни. Элиста, 2001, с. 3.
1220 Шадриков В. Д. Философия образования и образовательной политики. М., 1993.
21 Киселев В. Г. Университетское образование: его настоящее и будущее. //Магистр. 1995 № 3. с. 1-9.
13
14
15
16ЛИТЕРАТУРА
-
Бодалев А. А., Краковский В. А., Новикова Л. И. Психолого-педагогические проблемы воспитания в современных условиях. //Педагогика. 1991. № 5. с. 14.
-
Мудрик А. В. Введение в социальную педагогику. М., 1997. с. 26.
-
Мудрик А. В. Введение в социальную педагогику. М., 2001. с. 26.
-
Философско-психологические проблемы развития образования. Под. ред. В. В. Давыдова. М., 1991. с. 93.
-
Ст. Федорова О. Н. Русская школа и ее принципы. //Мир образования. 1995. № 1. с. 19.
-
Лихачев Д. С. О национальном характере русских (из истории русской гуманитарной мысли: Хрестоматия для учащихся старших классов). Общ. ред. А. Ф. Малышевского; Науч. ред. А. И. Рахитова. М., 1993. с. 35.
-
Кузьмин М. Н. Национальная школа России: традиции и современность в контексте модернизации. Сб. Школа и мир культуры этносов. М., 1993. вып. 1. с. 5.
-
Краевский В. В., Полонский В. М. Методология для педагога: теория и практика. Учебное пособие. Волгоград. 2001. с. 52-53.
-
Волков Г. Н. Этнопедагогика-педагогика национального спасения. Элиста. 2001. с. 11.
-
«Круглый стол». Образовательные запросы общества и актуальные проблемы российской школы. //Педагогика. 2003. № 2. с. 23.
-
Дъячков М. В. Роль языков в жизни общества. Сб. «Национальная школа: концепция и технология развития». М., 1993. с. 280-283.
-
Конституция Чеченской Республики. Грозный. 2003. гл. 1. с. 10.
-
Мид М. Указ., работа. с. 322-325.
-
Мид М. Указ., работа. с. 342.
-
Мид М. Указ., работа. с. 360.
-
Волков Г. Н. Народная педагогика. М., УРАО. 1999. с. 46.
-
Амонашвили Ш. А. Школа жизни. М., Изд. Дом Шалвы Амонашвили. 2000. с. 95-96.
-
Амонашвили Ш. А. Указ., работа. с. 34.
-
Волков Г. Н. Этнопедагогика-педагогика национального спасения. В сб. Этнопедагогика-педагогика жизни. Элиста. 2001. с. 3.
-
Шадриков В. Д. Философия образования и образовательной политики. М., 1993. с. 71.
-
Киселев В. Г. Университетское образование: его настоящее и будущее. Магистр. 1995. № 3. с. 1-9.
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
Достарыңызбен бөлісу: |