Министерства общего и профессионального


С. Э. Эдилов ДАЙН ОЬЗДА ГIИЛЛАКХАШ ЛАРДЕШ



бет13/20
Дата29.06.2016
өлшемі1.89 Mb.
#165075
түріДоклад
1   ...   9   10   11   12   13   14   15   16   ...   20

С. Э. Эдилов

ДАЙН ОЬЗДА ГIИЛЛАКХАШ ЛАРДЕШ


ТIаьхьарчу хенахь тIекхуьуш долу къона чкъор мелла и херделла вайн къоман гIиллакхех. Цунна бахьанаш шортта ду. Царах цхьаъ  царна уьш девзаш, хууш цахилар а ду. Схьахетарехь, и бахьана долуш, иттех шо хьалха школашкахь Iамо йолийра вайнехан гIиллакх-оьздангалла цIе йолу предмет. Цунна лерина хIоттийна программа а, 10-11-чуй классашна учебник а ю. Халахеташ делахь а, массо классашкахь Iамош яц и предмет, цхьацца бахьанашца цхьайолу классаш юкъараевлла. Тхуна хетарехь, классехь Iаморал сов, массо а меттехь лело дезаш ду гIиллакх. Классал арахьа бечу балха тIехь а шуьйра пайдаэца беза цунах, цахуургг довзуьйтуш, дицделларг карладоккхуш. Иштта бен меттахIитталур дац вайга вайн дайша схьакховдийна оьзда гIиллакхаш.

Дайн оьзда гIиллакхаш лардеш, церан весеташ кхочушдеш, дIабахьа беза вай школашкахь кхетош-кхиоран болх. Цу декъехь хьехархошна мелла а гIо хиларе сатесна даладо оха хIара ловзар  къовсадалар.

Шайн таронашка а, дешархойн хааршка а хьаьжжина хийцамаш бан тарлуш ду хIокху сценарехь.
Чоь хаза кечйина ю вайнехан ширачу амалехь: сонехь кхерч бу, шина коьжалгана пурх тIейиллинчу дечгах кхозуш яй бу, цунна дIанехьо  текх, цаца, шира пхьегIаш, кIудал, лаьтта тесна истанг.

Пенаца хьалатоьхна йозанаш ду:


Дикачу гIиллакхо лайх эла во, ткъа вочу амало эланах лай во.

(Кица)
«Къоман ницкъ адам дукхий, кIезиг хиларций боьзна бац. Къоман ницкъ цу къомана юкъадогIучу адамийн синойн чIогIаллехь, шен дайн гIиллакхаш цо лардарехь бу.»

(Д. Лихачев)
Мукъам. «Нохчо ву со» цIе йолу илли дека. Дешнаш М. Дикаевн, мукъам В. Дагаевн.
ДIахьошверг. Тахана вай кху чохь гIиллакх-оьздангалехула долу къовсадалар дIахьур ду. Цкъа вай вешан болх дIаболабале, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна масех дош алийта лаьа суна вайн школехь и предмет хьоьхуш волчу (цIе йоккху).
Хьехархо. ХIокху Дуьнен тIехь мел дукха ю гIум. ХIетте а цхьатера гIамаран ши мисхал карор яц, иштта догIанан тIадамийн а, лайн чимийн а. Дала иштта кхоьллина хIара Дуьне. Адамаш а ду иштта тайп-тайпана, цхьатера доцуш. Цаьрга терра гIиллакхаш а ду. Iалам къаго кхоьллина гIа бецан заза санна, къаьмнаш хаздан кхоьллина ду гIиллакх-оьздангалла. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца цхьаьна. Оьздангалла иза кхечу садолчу хIуманийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш ю. ГIиллакх иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьал дIа хIора стеган леларшкахь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.

ГIиллакх ялсаманера схьадеана а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна;  олуш ду вайн. Оцу дешнаша гойту, мел доккха маьIна гуш хилла нохчашна гIиллакх  оьздангаллехь. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча.

Нохчийн къоман гIиллакхаш кхолладаларна шен тIеIаткъам бина Iаламан халчу хьелаша, къинхьегамо, Даймохк ларбарехь, маршонехьа халкъан къийсамо, бусулба дино. Нохчийн къам дукха хIиттина шен историн йохаллехь инзаре чолхечу киртигашна дуьхьал. Масала, Мансуран гIаттам, Бийболатан зама, Шемалан зама, туркойн махка кхалхор, Iаьлбиг-хьаьжин гIаттам, 1944-чу шарахь Казахстане кхалхор, 1994-чу шарахь дуьйна дIабоьду тIом. Оцу халчу хьелашкахь, осала ца долуш, доьналлица чекхдала халкъана ницкъ белларг нохчийн гIиллакхаш а, оьздангалла а яра. Тахана а халчу хьолехь ду вайн халкъ. Нохчийн къоман дуьненан некъ Дала схьагайтинчу нийсачу некъа берзор  иза ду уггаре а чолхечарах. Оцу гIуллакх тIехь цхьаъ бен бац: вайн дайшкара схьадогIуш долу оьзда, адамаллин гIиллакхаш карладахар.
ДIахьошверг. Къовсадалар дIадолош суна бовзийта луур ду жюрин декъашхой а (массо а вовзуьйту), ткъа иштта кху ловзарехь дакъалоцуш болу дешархой а.

Тхьамданаш. Шуьга ду дош. Бовзийта шайн декъашхой. (Къовсадалар дIадахьа атта хилийта, хIора тобанна цIе тиллича дика хир ду, масала, «Маршо», «Нийсо». Декъашхой бовзийтар вайн Iадатехь дIахьо: «Маршо» цIе йолу тоба, тхан схьадовлар нохчийн махкара ду, тхо нохчий ду, тайпана (декъашхойн тайпанаш дагардо), дехаш  Iаш (меттигийн цIераш йоху), бийца дай болуш а, баьхна мохк болуш а ду.  Гу лекхачура, ка дехачура, говро «хар» дечура, тоьпо «зарр» дечура чармо ву хIара.


ДIахьошверг. ХIинца вай къовсадалар дIадолор ду
1-ра тIедиллар. Хаттар  жоп. Шина а тобанна
1. Дас, нанас цхьаьний мала хи дехна хьоьга. Цаьршиннах хьалха хьанна лур дара ахь хи? (Мохьмад пайхамара (I.с.с.) нана еза лерина, амма вайн гIиллакхе диллича, хи хьалха дега кховдо деза, делахь а, хи нене кховдадо, цо  хIусамдега.
2. Иштта сурт ду: масех адам ду лаьтташ, шайна юкъахь воккха стаг а, 5-6 шо хан йолу жима бер а долуш. Мала хи доьху цара. Шайга дIакховдийна хи уггар хьалха хьаьнга малийта деза цара? ХIунда?

(«ГIоза молийла» аьлла, хи воккхачу стаге кховдо деза, ткъа цуо уггар хьалха бере малийта декхар ду хи, иза 7 шо кхачаза бер долу дела).


3. Воккха а, жима а, юккъера а хенаш йолу кхо стаг ву новкъа схьавогIуш. Вайнехан гIиллакхе диллича, мила мича агIор хIотта веза царах?

(Воьдуш верг кхоъ хилча  воккханиг юккъехь, цул жиманиг  цунна аьрру агIор, уггар жиманиг  аьтту агIор).


4. ТIекаре а, чукаре а бохург хIун ду?

(ТIевеъначо салам делча, бухарчо и сьа а оьций, «марша вогIийла хьо»  олу. Вукхо «Делан маршалла хуьлда шуна а!»  жоп ло. ТIаккха могушалла а, цIера хьал а, гергарнаш и дI. кх. хотту. Цу тайпана хьал-де хаттарх нохчаша тIекаре олу, ткъа доггах вовшашца гергарло лелочу нехан юкъаметтигах чукаре олу).


5. Коьртахь куй лелор кечваларан кеп ю я кхин маьIна ду цуьнан?

(Иза шен кIорггера маьIна долуш хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза).


6. Юкъ ехкар. Маца йоьхкуш, маца йостуш хилла иза боьршачу стага? ХIун маьIна ду цуьнан?

(КIентан 15 шо кхаьчча. Цо шен дашах а, ша лелочух а жоп дала деза Далла хьалха бохург ду и. Диканна а, вуонна дIахIотта кийча хиларан билгало ю иза. Юкъ ястар магош ду, стаг къанвелча (цуьнан билгалла хан яц, иза хIораммо а ша билгалйоккху).


7. Хьан цIе. МаьIна де цуьнан. Вайн дайша хьалха заманахь муха туьллуш хилла цIе кIантана, йоIана?

(Масала, Iела. Иза лекханиг бохург ду. Iаьрбийн маттара схьаэцна цIе ю. Бер дуьнен чу даьлча, цунна цIе тиллар тIедужу дена, нагахь дийна велахь, дедена а. Иза, бер дуьнен чу даьллачул тIаьхьа, ворхI де даьлча деш хуьлу. КIантах «хIун хир ю» хаъалц бакъ цIе йоккхуш ца хилла хьалха).


8. ХIун тайпа лерам хилла воккхачу стаге йоIстеган а, къоначу зудчун а?

(Ша-тайпа лерам беш хилла воккхачу стеган йоIа а, къоначу зудчо а. Хи тIера йогIу йоI воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, иза шен кIудал охьа а хIоттайой, букъ а берзабой дIахIуттуш хилла, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогIуш жима зуда хилча, и бер некъа йисте охьа а дуьллий, юьстах йолий дIахIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоцуш).

9. Шиъ цхьаьний вистхила воьлча, хIун дан деза?

(Ший а сацало, вовшашка рагI кховдош. РагI схьаэцначо: «Баркалла, хьайн дош ма дицделахь» олий, шен къамел доладо).


10. Вежарша, шайн чIирхо вехка а вихкина схьа а валийна, цIерачаьрга цунна яа а, мала а ма лолаш аьлла, кхечу цхьана гIуллакхе дIабахана. Уьш дIабаханчул тIаьхьа церан нанас оцу стагана юург елла. ЦIа баьхкинчу вежарша и хиъначул тIаьхьа шайн нене бехк баьккхина. ХIун аьлла хир ду шайн нене вежарша? Нанас кхача хIунда белла шайн чIирхочунна?

(Вежарша шайн нене: «Ахь юучух хIунда кхетийтина иза вайн хIусамехь? ХIинца иза дIа а хецна, юха а цунна тIаьхьадевлла лела деза тхан». Нана: «ЧIирхо велахь а, хьаша ма вара иза. Хьешана кхача ца белча йолурий со?»).

(Жюрин жамI)
2-гIа тIедиллар. Дош кховдор
Тобанаша вовшашка дала кхоккха хаттар кечдо. (Хан  пхи минот)

Кечам бинчул тIаьхьа, вовшашка хаттарш до ловзаран декъашхоша. Хаттарна жоп ца далалуш меттиг нислахь, хаттар динчо дала догIу цунна жоп.


Хьайна дуьхьал вогIу воккха стаг, зуда муьлхачу агIор тIехволуьйтур ву ахь, цуьнга вист а хилла? (Воккханиг  аьтту агIор, жиманиг  аьрру агIор).
Бусалба дин тIеэцале хьалха нохчийн хилла дезденош (цIайш). (Харш тосу цIай  ялта дер дIадолош билгалдаккхар. Ялта чудерзоран цIай. Керла шо даздар. КIентан цIай  кIант баккхийчеран могIаре валар билгалдоккху де. Мехкарийн цIай  мехкарий зеран де).
Нохчийн доьзалехь кIант къасторан, веза лараран хIун маьIна ду? (Иза ден сийлахь цIе дIакхехьа а, доьзалан хIу, ца дойтуш, даржо а, мехкан кIант  къонаха хилла дIахIотта везарг ву).
Хьо вогIу некъ кхечуьнца жIара болуш белахь, хIун дан декхарийлахь ву хьо? (Саца а сецна, цу агIор вогIуш воккха стаг я зуда юй хьажа веза, велахь, некъ ца хадош, сацавала веза и тIехваллалц).
Чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвелча, машен чу хууш хьалхе хьаьнгахь хила еза?

(Муьлххачу а хьелашкахь воккхачунна а, зудчунна а, заьIапчунна а хьалхе дIаяла еза. Цуьнан маьIна шерийн дукхалла, гIорасизалла ларар ду).


ХьошалгIахь шена хьалха йиллина юург буха а ца юьтуш яа еза я мелла а буха йита еза?

(Шена хьалха йиллина юург мелла а тIаьхьа йитар  шуьнан беркат ду олий, вайнехан гIиллакхца догIуш ду. Со вуззалц йиъна ас маьIна а ду цуьнан).


Вайн гIиллакхехь къамел дечу хенахь мел юкъ хила еза шина стагана юккъехь?

(Iаьнарх Iаь хьерчаш хабар дийцарх а, вовшех хьакхаваларх а ларлуш хилла вайн дай).

(Жюрин жамI)
3-гIа тIедиллар. ГIалат караде
Шина а тобано муьлхха а цхьана гIиллакхах лоций инсценировка хIоттайо. Шайна хаа а хууш, гIалаташ довлуьйту цара цу тIехь. Вукху тобанан декхар ду и гIалаташ билгал а даьхна, уьш массарна а довзийтар. Масала, хьаша-да тIеэцаран гIиллакх. Могуш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа чу нуй хьакха хIутту хIусамнана, бераш ду хьешан кочахь, кара-мара и д. кх. Я къамел деш лаьтта тоба. Вовшийн дешнаш кегдеш, хьалха а лелхаш къамелаш деш бу уьш. Цхьаъ тIевогIу царна, ханна царал воккха ву и, шай-шай цхьаъ вукхуннал хьалха вала а гIерташ, саламаш кхуьйсу цара, я марабетталуш, цунна тIехула пхьарс боккху и. дI. кх.

(Жюрин жамI)

4-гIа тIедиллар. ГIиллакхе аларш
Шина а тобане рогI -роггIана хаттарш до.

Мангал хьокхуш волчуьнга хIун олу?  (Маьлхе хуьлда хьан!)

Ялта дуьйш, асар деш волчуьнга?  (Хьекъийла хьан!)

Керлачу цIа чу ваьллачуьнга?  (ХIусамаш Дала беркате йойла, чохь ийман, беркат ма эшадойла, ирсе, гIуоза дахар хуьлда!)

Шен цIийнехь гIуллакх дечуьнга?  (Ирс долуш хуьлда!)

Белхех болчаьрга хIун олу?  (Болх меле хуьлда шун!)

Мах бина базарара дIавоьдучуьнга хIун олу?  (Даьккхинчух Дала беркат дойла!)

Кхелхина веачуьнга хIун олу?  (Дала беркате йойла хьуна хIара меттиг!)

Цхьа бохам хиллачуьнга хIун олу? – (Эзар балех хьалхаволийла! Дала диканца меттахIоттадойла хилла зен!)

Дов-тIом юкъадеанчохь хIун олу? – (Дала диканца дIадерзадойла! Дала маслаIат дойла!

Диплом схьаэцначуьнга хIун олу? – (Дала беркате дойла хьан диплом!)

ЦIена бедар юьйхина хилча я эцча? – (ГIоза лелайойла!)

Чувоьллина стаг волчаьрга хIун олу?  (Дала рицкъанаш цIа дерзадойла.)

Дечиг доккхуш волчуьнга хIун олу? – (ГIоза дагориг хуьлда!)

Машен эцначуьнга хIун олу? – (ГIоза лелайойла! Дала вочух ларвеш, диканна хоьхкийла!)

Зуда ялийна меттиг хилча хIун олу? – (Дала беркате тIаьхье йойла!)

ЙоI маре яхча хIун олу? – (Дала декъал йойла! ТIаьхье беркате йойла!)

КIант вича хIун олу? – (Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла! ВорхI вешин ваша хуьлда!)

ЙоI йича хIун олу? – (ВорхI вешин йиша хуьлда!)

Хьешо дIавоьдуш хIун ала деза? – (Марша Iойла, йиънарг-мелларг Дала сагIа йойла. Беркат шортта лаьттийла.)

(Жюрин жамI)
5-гIа тIедиллар
Шина а тобанна. Кицанаш маьIница йогIу куц-кеп хIоттае (инсценировка)

Цхьана тобанан декъашхоша халкъан кицанаш маьIница йогIу куц-кеп хIоттайо, вукху тобанан декъашхоша и кица «дIадеша» деза. Хьалххе бинчу кечамца кхочушдайта тарлуш ду хIара тIедиллар. Къовсамна лахахь далийнчарах пхи-ялх кица харжар тоьар ду. (Хан пхи минот).

Оцу тIедилларна лерина кицанаш:

Болх бечу кхаьчча, болх бе, юучу кхаьчча, яа.

Юххерчуьнга мала а ца олуш, хи мелларг а, мала аьлча, и мелларг а – ший а жIаьла ду.

СовгIатана беллачу динна бага ма хьежа.

ДоттагIа коьрте хьожу, мостагI – когашка.

Вуочу хIусамнанас, шина бIаьргана юккъе шад а бой, тIеоьцу хьаша, амма йоьлуш новкъа воккху.

Хьаша ца везачу хIусамненан бераш доьлхуш хуьлу.

Хьешана дуьхьал нуй хьекхар – хьаша цаэшаран билгало ю.

Хазчу дашо Iуьргара лаьхьа баьккхина.

Аьлча дохковер волу дош ма ала.

Хьалха хьажий бен ког а ма баккха, тIехьа хьажий бен дош а ма ала.

Хабар дукха дийцинчо болх кIезиг бина.

Воккхачун сий де, жимачунна хьехам бе.

Дика воI – хьалайоьттина бIов, вуон кIант – кочахь тIулг.

Хьавла санна, мерза ма хила: виъна дIавоккхур ву хьо, хьач санна, муьста а ма хила: церг тоьхна, охьакхуссур ву хьо, херх санна, дIа а, схьа а хила.

Тоьпо цхьаъ вийна, матто исс вийна.

Гам санна, хьайгахьа ма хила, херх санна, дIай-схьай хила.

Цхьана а хIуманца цIанлур дац стеган боьха дог.

(Жюрин жамI)
6-гIа тIедиллар. Халкъан тидамаш
Шина а тобанна. Къовсадалар дIахьош волчо халкъан тидамаш дIабоьшу, хIора тобанан декъашхоша цуьнан маьIна дан деза.
ГIенах боьха хIума гича, хIун хуьлу олу? – (хьагI ю олу).

ГIенах сагIа делча, хIун хуьлу олу?  (тIера къинош дIадовлу олу).

Лергаш догуш велахь, хIун хуьлу олу?  (цхьамма вочу агIор хьехаво олу).

НIаьна, чу а йирзина, кхайкхича, хIун хуьлу олу?  (хьаша вогIу олу).

Маха боккхуш, тена шеддаш хуьлуш делахь хIун хуьлу олу? – (и бедар йолу да сийдоцуш ву олу).

Нускал хелхадаьлча хIун хуьлу олу? – (майра кураволу олу).

ЙоIа кIентан куй тиллахь хIун хуьлу олу? – (кIентан сий дов олу).

ЧIегIардиго чохь бен бахь, хIун хуьлу олу? – (ирс, беркат хир ду олу).

ЯахIума юуш я хи молуш и «сих» эккхахь, хIун хуьлу олу? – (хIусамден дегаза юуш я молуш ду олу).

Новкъа воьдуш, жиманиг хьалхаваьккхича, хIун хуьлу олу? – (некъ бацло олу).

Новкъа воьдуш воккханиг хьалхаваьккхича хIун хуьлу олу? – (некъ тов олу).

Буьйсанна пхьегIаш йилича, хIун хуьлу олу? – (маликаша мотт хьокху олу).

Кест-кеста бIаьргах хIоьанан буьйра хьаькхча, хIун хуьлу олу? – (бIаьрмециг дIайолу олу).

Аьтту куьг неIаран сагIи тIе а диллина, аьтту ког хьалхабаьккхина, араваьлча, хIун хуьлу олу? – (некъ дика хуьлу олу).

Уьрсана тIера хIума кхаьллича, хIун хуьлу олу? – (оьгIазе хуьлу олу цул тIаьхьа).

КетIара нуй кхечу керта хьаькхча, хIун хуьлу олу? – (барт буха олу).

Ира а хIоьттина, хи мелча, хIун хуьлу олу? – (ирс дов олу).

(Жюрин жамI)


СадаIаран миноташ. М. Мамакаевн а, А. Сулеймановн а дешнаш тIехь даьхна «Даймехкан косташ», «Дог дохден цIе», «Шуьнехь дош» иллешка ладогIар. (Дагаев Валида дIаолуш дIаяздина ду уьш. Грамзапись)

7-гIа тIедиллар. Къоман оьздангаллин мехаллаш


Шайн тобанан цIарца йогIуш йолчу къоман оьздангаллин мехаллех лаьцна дийца деза. Масала, маршо хIун ю – кхетам балар, ткъа иштта дахарера цуьнца доьзна масал далор. Дешархошка цIахь кечам байта беза. И ца дича, хала хир ду царна хIара тIедиллар кхочушдан. (Хан – пхи минот).
Маршо. (Маршо иза стага, цхьамма а ницкъ беш а воцуш, шен лаамехь оьздангаллин бехкамийн гурахь ша латтавар ду. Амма маршо – иза шена луъург лело бакъо ю бохург дац. Диканиг дан паргIат хила везаш ву стаг. И оьздангаллин мехалла уггар коьрта ю ала мегар ду, хIунда аьлча вайн дерриге а дахар цуьнца доьзна ду. Вовшашка дистхилар а ду вайн цуьнца доьзна: «Маршалла ду хьоьга!», «Делера маршалла хуьлда хьуна!», «Марша вогIийла!», «Марша Iайла!», «Марша гIойла!». Марша хилар нохчийн стагана массо хIуманал а деза ду.

Стеган маршо – ша санна, шена уллора стаг а маьрша вуйла хаар, цуьнан маршо ларъяр ду. Бакъду, юьззина маршо стеган хила йиш яц. Стаг дуьнен чу валарца тайп-тайпанчу низамийн (Iаламан, хенан, юкъараллин, доьзалан) гурашкахь хуьлу: цунна лаахь а, ца лаахь а, оцу низамийн Iедална кIелхьара иза вала а лур вац, и хьелаш Дала кхоьллина ду. Шена тIехь цхьа а декхарш ца гар – иза, маршо йоцуш, цуьнан бIостанехьа болу кхетам бу. Сица маьрша хилар – иза ю бакъйолчу маршонан цхьа агIо. Маршо – адамашна Дала, хIаваъ, хи, малх санна, елла ю дуьнен чу довллушехь. Маршо стагера дIаяккха гIертар Iаламат доккха зулам ду. Цундела хилла вайн къомо бIешерашкахь латтийнчу къийсамехь хьалха баьккхина кхайкхам «Маршо я Iожалла!»

Вайн халкъо массо хена къийсам латтийна маршонехьа, Шайх Мансуран заманахь дуьйна таханлерчу дийне кхаччалц. Вайн нах сица маьрша хилла массо хенахь, дахаран хьелаш мел хала хиларх.

«…Цхьа къам дара, ницкъ баран психологина къар ца луш, – къасттина адамаш я къийсамхой боцуш, дийнна къам. Уьш нохчий бара… Цхьа а нохчо цхьанхьа а, цкъа а хьаькамна товриг дан я цунна ша дукхавезийта гIерташ вацара, амма массо а хенахь цунна хьалха курра я даррехь цабезам гойтуш вара» (А. Солженицын. «Архипелаг ГУЛАГ»)

Шайх Мансуран заманахь нохчаша ларйинарг шайн мехкан маршо яра, советан Iедал долчу хенахь цара лехнарг шайн а, шайн доьзалийн а маршо яра.

Ткъа маршонехьа къуьйсуш, шен дахар цакхоор – иза хIорамма ша къастош ду, цу тIехь и стаг маьрша а хилла.



Нийсо. «Нийсо шина вешина юккъехь а хила еза», — олуш ду вайн. Вайн къоман дахаран коьртачарах цхьа лехам а хилла и. Харцлуьйш волчу шен гергарчу стагехьа гIо даккхар — иэхье лоруш хилла. Харцлуьйш волу стаг сацош хилла. ДIахьеван верас воцу стаг хила йиш яц аьлла, хетта нохчашна.

Ширчу заманахь оьздачу наха девнехь а ларъеш хилла нийсо. Билггала хилларг ду хIара. Цкъа цхьана шина стеган вовшашца дов даьлла хилла. И шиъ шайн юкъаметтиг латарца къасто езаш хилла. Цхьаьнгахь бен шаьлта ца хилла. ТIаккха шаьлта йолчо, довхочунна ша чов йича, иза цуьнга дIакховдийна «ХIан, хIинца ахь тоха», — аьлла. Схьа а эцна, кхунна тоха а тоьхна, шаьлта юхакховдийна вукхо. Иштта, вовшашка а кхийдош, и цхьа шаьлта йиттина цу шимма, шаьш лаьтта вожжалц. Царах цхьаъ кхелхина, шаьлтанан да дийна висна. Кхелхинчун гергарчара чIир йитина цунна, девнехь цо нийсо лелийна хиларна.)

(Жюрин жамI )
8-гIа тIедиллар. ГIиллакх — оьздангалла исбаьхьаллин

произведенешкахь
Шина а тобанан декъашхоша йовзийта еза, церан цIераш а йохуш, хьан язйина а дуьйцуш, гIиллакх-оьздангаллех лаьцна йолу исбаьхьаллин произведенеш, цу тIера цхьа масал а далош.

(Нохчийн халкъан барта кхолларалла, С. Бадуев «Баудди», «Iадат». М. Мамакаев «Даймехкан косташ». I. Мамакаев «Нохчийн лаьмнашкахь». А. Айдамиров «КIант веллачу дийнахь», «Ирхеш». Х. Ошаев «Чайра». М. Сулаев «Лаьмнаша ца дицдо». А. Сулейманов «Цхьа-ши дош». М. Дикаев «Стеган цIе». I. Гайсултанов «Болат-гIала йожар». Ш. Окуев «ЧIиро бехдина сий». Хь. Саракаев «Нихлара тIай». М-С. Гадаев «Даймахке сатийсар». Ш. Арсанукаев «Лаьмнийн иллеш».


Хь. Сатуев «Нашха». Ш. Рашидов «Дахаран аре». С. Гацаев «Аренаш, тIеэца аш». Д. Кагерманов «Iимран а, цуьнан доттагIий а». С-Хь. Нунуев «Йилбазан оьмар». М. Ахмадов «МаьркIажехь дитташ». Бексултанов «Мархийн кIайн гIаргIулеш».
А. Бисултанов «Ткъесан IиндагIехь».

Л. Авалиани «Хьаькхна буц». Оьрсийн полковникан отрядо, БухIан-юьртана тIе а летта, ягийра и. Нохчаша даим а лерам бора, сий дора майраллин, иза хьаьнггахь елахь а: доттагIий а, мостагIий а ца къестош. И бахьана долуш, чевнаш хилла шайн каравеъна Багратион вахьаш баьхкина нохчий оьрсашна тIе. Атта дацара и дан. ОьгIазбаханчу нохчаша вукхарна шаьлтанаш хьекхнехь а, Багратион шайн лоьра тIе а кхачийна, цул тIаьхьа, бина барт боццушехь (йийсарш дIасадалар тIехь), Соьлжах а ваьккхина, оьрсийн лагере охьавиллина. Тасадалар мегарг дIатийна а далале, бIо ца къажош, майрачу, къонахаллечу стеган дуьхьа дира цара и. Багратион охьа а виллина, дIабуьйлабелла нохчий.

— Ойн, аш хIун до? Ахча ца деза шуна? Аш валийнчу Багратионах шортта ахча лур ма ду шуна аьлча:

— ХIан-хIа. Къуонахаша къуонахий бухкуш ца хуьлу! — аьлла, юха а ца хьовсуш, дIабахана нохчий.

М. Бексултанов «Юха кхана а, селхана санна». Хьалха дика къонаха велча, дийнна шарахь я нийсалла а, я экханна а топ ца кхуссуш хилла юьртарчу наха. Герзаца хилла хIетахь берриге а синкъерам. Шен юьртахь йоI кIантаца ирахь Iаш ца хилла, ша дIасаяханчохь ца нисделча. Тезет дIадирзина ши кIира далале топ-гIап а эцна араволуш гина хилла Зубайрана шен кIант Алдам. «Тезет дIадирзина хан ялале хьо мича воьду? Ас пурба ца ло хьуна», — аьлла дас кIанте. Важа, вист дIа ца хуьлуш, дIавахана. Делкъал тIаьхьа топ яьлла ламанца. Лайн токхам хилла (хьет), цу бухара схьаваьккхина Алдам. Ден Дош дохийна аьлла, хилла и бохам.)
Шина а тобанан декъашхоша гIиллакх-оьздангаллех лаьцна

байташ йоьшу.

(хьалххе бинчу кечамца)
1-ра тоба
Декъашхо
Къеначу диттан га

Каглуш ду атта,

Тишделчу цIийнан а

Чубужу тхов,


Амма сий дахарехь

Къанлуш дац цкъа а,

Тишлуш дац, делахь а

Лар ца дахь, дов.

Сий дацахь, стаг вац хьо,

Ца веза цхьанна,

Бахамца кхуллуш дац

Дахарехь и.





Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   9   10   11   12   13   14   15   16   ...   20




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет