Моданах цIанйина
Хеча. Коч санна.
Бехделча сий, цIандан
Карор дац хи.
Къен хиларх хIуммаъ дац.
Ма хила гIийла,
Хьацарца яьккхинарг
Сов мерза ю.
Амма вай сий ца дахь,
Цкъа а хьо дийна,
Цхьамма а кхойкхур вац
Шуьне шайн чу.
Ш. Рашидов
2-гIа тоба
Декъашхо
Шен дешан да воцуш мел верг
Куйнан да вац хьуна шен!
Даим сема латтаде лерг,
БIаьрг а сирла латтабе!
Хьалха хьажа, цкъа ког боккхуш,
ТIехьа хьажий, ала дош,
Ойла елахь, шаьлта йоккхуш,
Дош олучохь — кхузза аш!
Декъашхо
Тоьпан дашший, говза дошший
Дайша нийсса лерина.
Шаьлтане ца хададелларг,
Дайша дашца дерина.
Бахам байна меттиг хилахь,
Ма хеталахь цкъа а къен,
Къен ву хьуна сий, эхь дайнарг.
НеIалт хуьлда дена шен!
КIилло стагах хьакъ ду кхарда,
Массанхьа — чохь, урамехь.
Хьайн сий жимчохь дуьйна ларде,
Бедар — цIена йоллушехь.
А. Сулейманов
1-ра тоба
Декъашхо
Хьалха дайша лелош хилла
Лерам барца оьзда гIиллакх.
Тахна алсамдаьлла хIилла,
Дисна иза доьлхуш гIийла.
ГIиллакх доьлху, довш ду бохуш,
Ненан маттахь бетташ мохь…
Иза доцург хезаш воцуш,
Хуьлу кийрахь. Шена чохь.
Декъашхо
Даржехь, гIолехь волчо хьалха,
ГIуллакх дарца йоккхуш хьалхе,
Лерам барца даьхна гIиллакх
Мискачуьнгахь дисна миска.
ГIиллакх доьлху. нацкъар дуьйлуш,
Хало сецош шена чохь.
Дисна бах и, къахьо муьйлуш,
Барт боьхначу Нохчийчохь.
С. М. Касумов
2-гIа тоба
Декъашхо
Суьйре шийла, шийла еъча,
Дадас, воьдий, дечиг доккху;
Цкъа ца веъна хьаша веъча,
Водий, нене ас кхаъ боккху.
Хьешо шена гинарг дуьйцу —
Тховса тхоьга муха кхаьчна,
ЦIеро-м сийна суйнаш туьйсу,
Кхехка нохчийн мерза кхача.
«ВогIург, воьдург, юучух кхетта,
Вахар ирс ду». — дайша аьлла,
Нохчийн хIусам шийла хетта,
Цхьа а хьаша тIех ца ваьлла
М. Дикаев
(Жюрин жамI)
Шина тхьамданан къовсам
1-чу тобанан тхьамдига: Адамийн дика амалш муьлхарнаш ю? Царах цхьаннах лаций масал даладе дахарера я исбаьхьаллин произведени тIера.
(Лерам, стогалла, собар, комаьршалла, майралла, къинхетам, эхь-бехк, тешам, дош лардар, къонахчалла, доьналла, къинхьегамна тIера хилар, яхь йолуш хилар, и. дI. кх.)
Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIанат,
И вича, ма кхиа цу дийнан делкъалца;
Нанас дена ма волда тешам боцу ва кIанат,
И вича, ма кхиа яра дуьне ва даа!
Яхь йоцчу ва кIантал яхь йолу йоI тоьлу,
Ма дала вай кIентий, бохуриг ца хуьлуш,
Ма дала вай, кIентий, вовшех безам ва байна!
Вайн дахар хуьлда-кха нийсачу бартаца,
Хьоькхучу ва мохо цабезам дIакхьоьхьуш,
Хьоькхучу ва мохо безам тIе ва кхоьхьуш!
Яхь йоцчу ва кIантал торгIал етт ма тоьлу,
Тешам боцчу ва кIантал бордах етт ма тоьлу.
Нохчийн фольклор
2-чу тобанан тхьамдига: Адамийн вон амалш муьлхарнаш ю? Царах цхьаннах лаций масал даладе дахарера я исбаьхьаллин произведени тIера.
(Тешнабехк, ямартло, харцлер, мотт беттар, къоладар, гIийбат дар, кIиллолла, писалла, хабар дукха дийцар, эхь дацар, хьагI, сихалла, къизалла, сонталла, саьхьаралла, мало яр, сийдацаралла, куралла, сутаралла, и. дI. кх.)
Адамаш ду вай кху дуьнен чохь.
Эккхаейша, хIай адамаш,
Эккхаейша
Шайн кегийчу дегнаш чуьра
Iебаш йоцу сутаралла.
Эккхаейша,
Эккхаейша.
Диц ма дейша, хIай.
Диц ма дейша, хIай,
Хьеший ду вай кху дуьнен чохь,
КIезиг ю вай йоккху зама,
Оьзда даха вай?
Оьзда даха ва?
Эккхаейша!
Эккхаейша!
Диц ма дейша, хIай!
Диц ма дейша, хIай!
Хьеший ду вай кху дуьнен чохь,
КIезиг ю вай йоккху зама,
Оьзда даха вай?
Оьзда даха вай?
Эккхаейша, хIай адамаш,
Эккхаейша
Шайн цIеначу дегнаш чуьра
ДIаьвше Iийжа хьагI-ямартло.
Эккхаейша!
Эккхаейша!
Диц ма дейша, хIай,
Диц ма дейша, хIай!
Хьеший ду вай кху дуьнен чохь,
КIезиг ю вай йоккху зама,
Бертахь даха вай?
Бертахь даха вай?
Эккхаейша, хIай адамаш,
Эккхаейша
Шайн жимчу дегнаш чуьра
Къа ца хета и къизалла!
Эккхаейша!
Эккхаейша!
Диц ма дейша, хIай,
Диц ма дейша, хIай!
Адамаш ду вай кху дуьнен чохь,
Адамаш юккъехь даха дезаш,
Диц ма дейша, хIай,
Диц ма дейша!
Ш. Арсанукаев
2-гIа тIедиллар. Шина а тхьамдина.
Хьалхалерчу заман чохь кхиэлахочо хабар дахьийтина хилла мискачу стеган хьекъал долчу йоIе: новкъа а ма йола, нацкъар а ма йола, йогIуш карахь хIума хила а, ца хила мегар дац аьлла. Муха ян езаш хилла иза кхиэлахочунна тIе?
(Новкъара нацкъар йолуш, некъан йистаца йолалуш, юха а новкъа йолуш, массо хена а меттиг хуьйцуш еана, цундела новкъа а ца еана, нацкъар а ца еана. И йогIучу хенахь цуьнан карахь хьоза хилла. НеIарал чоьхьа яьлча, цо и дIахецна. Цу кеппара, йогIучу хенахь цуьнан карахь хIума йолуш а, йоцуш а хилла)
3-гIа тIедиллар. Шина а тхьамдина.
ВорхI лам (шира дийцар)
Зуда яло дагахь тохавелла цкъа мацах цхьа жима стаг.
— Ахь бохху там а лур бу ала, — хабар дахьийтина кIанта шена езачу йоьIан дега. — Дуьненан даьхний шен шорта ду, йоI езаелла шена, рицкъа кхоор долуш вац ша.
Вахана геланча хабар эцна. Тамашена жоп деана геланчас:
— Эшахь, томана а хир и, эшахь, тIаьхьарчу тIаьхьенна а хир и, цхьа хIума ян бах къеначу стундас.
— ХIун ю те и дакъаза ма яларг? — аьлла кIанта.
— Лело хала яц, бах. Iай а, аьхка а лело мегаш ю. Ширлуш а яц, бах, мел лелорах. Зудчо а, стага а, жимчо а, воккхачо а лелош товш ю, бах. Чохь а, арахь а лелайо, бах.
ВорхI стигланий, ворхI латтаний юккъехь ворхI лам бу. И ворхI лам баьккхина кIант хьо велахь, оьшуш дац хIумма а, оьшуш дац дуьненан рицкъа а, оьшуш бац там-товр а ала, бах хьоьга. И лаьмнаш хIокху бустамашкахь ду, — аьлла, бустамаш тIехь долу тептар дIакховдийна геланчас:
1-ра лам бу хьуна диканехь-вонехь уллохь волу тешаме… (доттагI)
2-гIа лам бу хьуна адамаша вовшийн деш долу… (дика)
3-гIа лам бу хьуна адаман адаме болу… (лерам)
4-гIа лам бу хьуна дуьненан маьIна толлуш долу… (Iилма)
5-гIа лам бу хьуна сих ца веллачо баьккхина лам… (собар)
6-гIа лам бу хьуна и хьалхара пхи лам баьккхича, хьан дагна хуьлу… (кхаъ)
7-гIа лам бу хьуна уггаре лекха лам… (гIиллакх)
ВорхIалгIачу лам тIера охьахьаьжча, хьайна гинарг хьоьца хилахь, со реза ву хьоьца гергарло лело а, захало дан а. Ялх элпах лаьтташ ду и дош.
ХIун ян аьлла стундас? (гIиллакх)
(Жюрин жамI)
Жюрис жамI до. Тоьллачу тобанна совгIат ло. Къовсадалар дерзош, дека М. Дикаевн дешнаш тIехь даьккхина «Сан Даймохк» илли (I. Усманов, грамзапись), массара а тIаьхьара олу.
Достарыңызбен бөлісу: |