Чеченской республики



бет15/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19

Яхйинчу переменашкахь дIахьо физически шардарш а, каде ловзарш а. («Могашаллин сахьт»). Церан Iалашо ю жигараллин садаIар, могашалла чIагIъяр, вахчавалар, кхетаме а, физически а болх а бабалар лакхадаккхар, физически шардарш хаддаза кхочушдан марздар. Яхйинчу переменашкахь магадо буьрканца а, тIехкхийсалургаца а долу шардарш а, тIедийлар, тIехуладийлар а, хелхарийн кепаш а, когхехкар а, каде ловзарш а, спортивни ловзарийн кепаш а, спортивни аттракционаш а и дI. кх. Кадечу переменийн йохалла 15-45 минот ю. Занятеш чекхйовлуш шардарийн эвсаралла лахъяла еза, дешархой рогIерчу урокана кийча хилийтархьама. Кадечу переменийн вовшахтохаррий, церан чулацаммий физкультуран хьехархочо кечбо, ткъа уьш дIадахьар дежурни хьехархочунний, дежурни классера дешархошний тIедуьллу. Дешархойн дог даийтархьама, шардарийн дIахIоттам а, занятеш дIаяхьаран меттиг а, дIадахьаран вовшахтохаррий, кеппий а хуьйцуш хила еза.

Дахдинчу дийнан группехь денна хуьлу занятеш хIоттор – каде садаIар, кхетамца болх бабалар, дешархой хаддаза йолчу занятешна тIеберзор, боламан жигаралла оьшучу бараме ялор. Занятийн чулацамна юкъадогIу, дешархойн дог даре а. Церан лаамашка а хьаьжжина, кадечу переменашна лерина шардарш. Занятийн йохалла 40-45-60 минот ю. Коьртачу хьелех лору чIогIа (строгий) хан ца хIоттор а, дешархойн лаамалла а, церан шардаршший, уьш дIадахьаран кепашший харжа бакъо хилар а.

«Спортивни сахьт» вовшахтохар группера кхиорхочунна (воспитатель) тIедуьллу, ткъа и дIадахьар кхочушдо физкультуран инструкторша а, лакхарчу классера дешархоша а.



Классан арахьара болх

ХIокху программин раздело юкъалоцу массо а физически кхиорехь классал арахьара бечу белхийн тайпанаш: физически культуран кружокашкахь а, спортивни секцешкахь а юкъара физически кечаман группашкахь а. Тайп-тайпанчу классал арахьарчу белхан занятийн чулацам билгалбоккху школахойн хене хьаьжжина. Спортивни секцешна лерина йолу юкъара физически кечаман программа юкъара лоруш ю. Лерринчу физически кечамехь и программах йовзуьйту коьртачу спортан тайпанашна къаьстина (ша-ша). Шайца догIу хьелаш хиларе хьаьжжина, хьехархойн бакъо ю кхечу спортан тайпанашна занятеш дIаяхьа, къоман а юкъа а ялош (вид спорта). Спортивни секцийн а, кружокийн а масалла (количество) физически культуран хьехархоша аларца, школан куьйгалхоша билгалйо.

Классал арахьарчу белхан занятийн Iалашо ю, дешархойн дог дарций, церан тIера хиларций хаарш кIаргдар а, физкультуран билгалдолчу тайпанашкахь леламе хааршший, карадерзаршший шордар а, тIечIагIдар а, леламе хаарш кхиор лаккхарчу тIегIан тIе кхачор а; хаддаза йолчу физически культурана а, спортана а уьш тIеберзор.

Юххерачу барамехь занятийн чулацам.

Юкъара физически кечаман группаш а, кружокаш а.

Юкъара физически кечаман группаш.

Гимнастически коьчалаш тIехь, карахь хIума йолуш а, йоцуш а юкъаракхиоран шардарш, акробатически шардарш, чухахкаваларца локхаллехь а, йохаллехь а кхийсавалар; тIехулакхийсалургаца кхийсавалар; буьркан кхиссар, лелар, идар; каде ловзарш; аттачу даьхна каде ловзарш; ритмически гимнастикан шардарш; велосипедахь дIасалелар и дI. кх.


Физически культуран кружокаш. Гимнастика.

ГIорторан кхисаваларш
Гимнастика. ГIорторан кхисаваларш; охьалахвеллачу гIорторехь кхийсаваларш; агIонера кхоссавалар; зудаберашна лерина брусаш: лакхарачунна тIехь кхазар; дIасалестор, лакхарчунна тIехь охьалахвелла кхазар; аьтту варе тIехь Iер; божаберашна лерина; гIортор, гIорторехь дIасалестор; когаш дIасабахийтина Iер; юханехьа ластарца охьаэккхар; хен, ког юххе хIоттош а, хийцалун а гIулч; цхьанне тIехь дIахьовзар; охьасеттина охьаэккхар; охьаэккхар юханехьа ластарца; акробатика; агIонца тIекIелвалар; декъашхочуьнан гIоьнца куьйгаш тIе хIоттар.

Бадминтон. Коьрта хIоттар, ракетка лацар, тохарш, ялар, буьрка схьаэцар, ши агIо йолу ловзар.

Мини-баскетбол. ХIиттарш. Меттахъхьераш. Сацораш. ДIахьийзарш. Схьалацар. ДIаяларш. Лелор. Кхийсарш. Ши агIо йолу ловзар.

Мини-ганбол. ХIиттарш. Меттахъхьераш. Сацараш. ДIахьийзарш. Схьалийцар. ДIаяларш. Лелор. Кхийсарш. Ши агIо йолу ловзар.

Футбол. Меттахъвийларш. ДIаяларш. Сацараш. Лелор. Тохарш. Ши агIо йолу ловзарш.

Мини-волейбол. ХIиттарш. Меттахъхьераш. ДIаяларш. Яларш. Ши агIо йолу ловзар.

Туристически кечам. IV классехь дIахьо шиннал кIеззиг йоцуш цхьана дийнан поход.
Физкультурно-массови а, спортивни а гIуллакхаш
Программин доьалгIачу декъана юкъадалийна юкъара ишколан физкультурно массови а, спортивни а гIуллакхаш: хIор баттахь спортан а, могашаллин а денош дIадахьар а, школан чоьхьара къийсадаларш а, туристически походаш а, гуламаш а, физкультурни дезденош а.

Оцу гIуллакхийн Iалашо ю физически культуран а, спортан а пропаганда яр, дешархой физически шардаршкахь спортан тайпанашкахь а хаддаза йолчу занятешна тIеберзор, физкультурно-спортивни белхан жамI дар, жигараллин садаIар.


Герггарчу барамехь чулацам
Могашаллиний, спортанний деношна юкъадогIу массийн (массовые) гайтаме ловзарш а, конкурсаш а, физически шардарийн тайпанашкахь къийсдаларш а, кхидолу жигараллин садаIаран гIуллакхаш а.

Физически шардарийн тайпанашкахь, каде ловзарш а, къийсадаларш а, программина юкъадалийна долу (классашкахь, школашна юккъехь, параллелехь).

Спортан дезденош. Аттракционнаш, лерринчу программан къийсадаларш и дI. кх.

Спартакиадаш. Туристически чулацам. Комплексан программа кхочушъяро дешархойн леламе жигаралла оьшучу бараме кхачо еза.



Дешархойн леламечу жигараллин юххера барам

Класс


Хенан а, занятийн а хIор дийнан барам, сахьт.

Физкультурно-могашалла таян гIуллакхаш

кIирнах хуьлу физкультуран урокаш, сахьт

Занятийн классал ара-хьара тайпа-наш: спортивни секцеш, физкультуран кружокаш, кIирнах ОФП-н тайпанаш, сахьт.

Юкъара школан гIуллакхаш

Шайн лаамехь йолу занятеш билгалйинчу минотел кIезигаха йоцуш.

занятеш хилале хьалха хуьлу гимнастика, мин.

урокаш-кахь физкуль-туран миноташ.

каде пе-ременаш, мин.

дахдинчу дий-нахь спортивни сахьт, сахьт.

дешаран шарахь къийсада ларш-кахь дакъалацар (моссаза)

могашал-лина а, спортан а денош

I


2

5-6

5

15-20

1

3

1,10

6-8

х1ор баттахь

10-15

II


2

5-6

5

15-20

1

3

1,10

6-8

---

15-20

III


2

5-6

5

15-20

1

3

1,30

6-8

---

15-20

IV


2

5-6

5

15-20

1

3

1,30

6-8

---

15-20


Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет