Чеченской республики



бет10/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   ...   19

Программин материалан чулацам вовшехдозучу шина декъах лаьтташ бу: базови, вариативни. Физически культуран базови бух караберзо массо а дешархочуьнан декхар ду. Базови компонент ца хилча, юкъараллехь ма хетта дахарх вола а, я къинхьегамах эвсаралла яла йиш яц. Базови дакъа физически культурехь юкъара дешаран кечаман бух бу, региональни а, я кхечу башхаллех а боьзна а боцуш.


Программин базови чулацамна юкъадогIу каде а, спортивни а, ловзарийн, яйн атлетикан, гимнастикан а Iаморан дакъош.

Вайн Республикехь дешаран системан белхалошна къаьсттина актуальни ю кхуьуш йолу тIаьхье физически а, оьздангаллица а тояларан проблема, хIунда аьлча, тIаьхьарчу шерашкахь хиллачу тIеман хьелашкахь стресс – факторан комплексо бинчу Iаткъамо дуккха а болчу бахархойн нервашна а, синIаткъамна а тIех ницкъбина хилар бахьана долуш. Цундела ду дешархой физически кхиоран программина «Антистрессови пластически гимнастика» боху дакъа юкъадало оьшуш хилар.

Физически культуран вариативни дакъа далоран бахьана ду, хIора беран, меттигера, къаьмнийн, региональни башхаллашка хьаьжжина, шайн хаарш лара дезарца.

ХIокху программин декъан чулацамна юкъайогIу, юкъара юккъера дешар Iаморан бараме хьаьжжина республикански дешаран дакъа къоман ловзарш а, физически шардарш а, къаьмнийн хелхарий элементаш а.

Цо таро хуьлуьйтур ю Республикан дешархойн физически кхиорехь болх сихаллица а, тешам боллуш а дIабахьа а, вайн халкъан культуран тIаьхьалоне берзо а.

Программа деа декъаххий, кхеторан яздареххий лаьтташ ю. ХIора программан декъехь далийна ду шатайпа декхарш а, вовшахтохаран – методически хьехамаш а.

Хьалхарчу программин декъехь балийна физкультуран урокашна лерина болу Iаморан материалан чулацам. Цу юкъа догIу дешархошна Iамо декхар долу даршший, хааршший. «Гимнастика», «Яйн атлетика», «Леламе ловзарш», «Спортан ловзарш», «Антистрессови пластически гимнастика» цIераш йолчу базови дакъойн программин чулацам балийна цаьрца йогIуш йолу разделийн программан бух тIехь: «I-XI классан дешархой физически кхиоран комплексан программа» (В.И. Лях (куьйгалхо), Л.Б. Кофман, Г.Б. Мейксон); «I-XI классан дешархошна физически культуран программа. Антистрессови пластически гимнастика» (А.Б. Попков, Е.Н. Литвинов и кх.)

ШолгIий, кхоалгIий, доьалгIий программин дакъош лерина ду школан педагогически коллективана. Классал арахьара физически кхиорехь беш болчу балхана: физически – массови, спортан гIуллакхийн, физкультурни-могашаллин, пайда балар доьзна ду школан директоро а, физкультуранний, юьхьанцарчу классашкарий хьехархоша а, лакхарчу классашкара физкультуран активо а, тренерша а, спортсменаша а, дай-наноша а цхьана бечу балхах.

Физически кхиорехь коьрта дакъа дIалоцу физкультура Iаморан балхо. Цундела физкультуран урокаш дешархойн леламе кечам лакхабаккхархьама бен ца Iамор пайдехье дац. Физкультуран урокаша гIо лаца деза дешаран тIедахкарш кхетош кхиоран функци кхочушъярехь а, лаамалла кхиорехь а.

Физкультуран а, спортан а классал арахьара занятеша лакхабоккху дешархойн леламе (двигательный) жигараллин барам.

Юьхьанцарчу дешаран программехь балийна культурно-исторически а, медико-биологически а, психолого-педагогически а хаарийн оьшу минимум а, леламечу дарийн, хаарийн барам а.

«Физически культура» цIе йолу предметан дешархойн хаарийн хадош болу мах нийса хадо беза. Цигахь церан хаарийн тидам бина а ца Iаш, дешархоша шайн лаамехь физически шардарш кхочушдаран тидам бан беза. Цул совнаха могашалла ларъяран бакъонаш ларъян а еза.

Физически кхиорца йоьзна йолу программа кхочушъярхьама школан куьйгалхоша даиманна а дешаран-спортивни база чIагIъярехь а, кхачаме хилийтарехь а болх бан беза.

Физически кхиоран системо (урокашкахь, классал арахьара, школал арахьара физически шардарца а, спортаца а бечу балхо) дешархойн физически кхиоран тидам бина а ца Iаш, церан син хаарш кхио деза. Цундела цу хьокъехь дIахьош болу болх дIабахьа кхуьуш йолу къона тIаьхье гIиллакх-оьздангаллица кхиорна тIехьажина дIабахьа беза.


I-IV классан дешархойн физически

кхиоран Iалашонаш


  • могашалла чIагIъяр, дегIан куц чIагIдар, дуьненан халчу хьелашна чIагIвар, гармонически физически кхиорна гIо дар;

  • боламан «школа» караерзор;

  • низам кхиор, накъосташна диканиг лаар, дог цIеналла кхиор, физически шардарш кхочушдарехь доьналла кхиор, синIаткъаме процессаш кхиорна гIо лацар (кхетам, ойла яр, диццадалар кх.дI.);

  • координационни а (юхаметтахIотторан нийсалла, меттиган, хенан, нуьцкъаллин боламан параметраш (нийсаллин, ритман, сихаллин, хаамашна нийса тидам баран) меттиг йовзар, болаллийн бартбар) кондиционни а (сихаллин, сихаллин-нуьцкъаллин, доьналлин, эшаран) хаарш кхиор;

  • шен цIанонах долу юьхьанцара хаарш а, дийнан рожах а, физически шардарша болх бабаларний, могашаллина беш болчу Iаткъамах лаьцний долу хаарш а, зуламе хаарш а, белхан гIоралла а кхиор;

  • спортан коьрта тайпанаш довзийтар а, занятеш йоьлхучу хенахь, кхеразаллин бакъонаш ларо Iамор;

  • физически шардарш а, леламе ловзарш а шайн лаамехь кхочушдаре кхачор, мукъачу хенахь, дешархойн спортан тайпанашца йолу уьйр гучуяккхархьама, царах пайдаэцийтар.


Дешархойн физически культуран барам.

Хаарийн лардаш

Социально-психологически лардаш

Физически шардарш, дахчадаларан кепаш шен цIано, дийнан раж могашалла чIагIъярна Iаткъам бар. Физически тайпанаш а (ницкъ, сихалла, доьналла, сеттар) физически кхиарца церан йолу уьйр. Физически тайпанашнийн, физкультуран занятийн кIезиг (малые) форманаш шайн лаамехь кхочушъяран бакъонаш а. Боламашна Iамор а, куц-кеп кхиоран бакъонаш а куц-кеп нисдаран а, дегIан меженаш кхиоран а шардарийн кепаш. Физически шардарш кхочушдарехь эмоци нисъяр.


Ма-ярра йолу лардаш (Ма-барра болу баххаш)

Могашаллаш адаман физически кхиаррий. ДегIан хIоттам, шорталлехь (пространство) деган меттиг (зеIоттарш, Iераш, гIортораш, кхазарш). Боламан коьрта кепаш (хьийзаран, циклически, ациклически настаран пхьидийн чIагIъялар, малъялар, уьш кхочушъеш. ДегIана ницкъ хуьлчу хенахь дега-пхенийн а, садеIаран а меженаша бен болх. Адаман лелареххьий, дIасалелареххьий са гаран а, хазаран а меженийн меттиг.


Леламе хааршший, довзаршший, карадерзаршший
Тайп-тайпанчу сихалиций, хIуманашций, тайп-тайпанчу юьхьанцарчу меттигашкарий, гIортор йолчу кIезигчу меттигерий, кIезиг меттигера ориентацица коьрта боламаш кхочушбар. Болх беш йолу настаран меженаш билгалъяхар (сюжетно-образни) чулацаме – васт хIоттош долу шардаршший, коьрта боламе формане пайда оьцуш долу леламе ловзаршший кхочушдечу хенахь даго бечу белхан сихалла юстар. ДегI даккхар а, дозалла а, белшийн барам а, настаран пхьидийн ницкъ бустар а.

Дахарехь мехала долу карадерзаршший, хааршший кхочушдар (лелар, вадар, кхиссавалар, хIума кхоссар, тийсавалар, текхар, тайп-тайпанчу агIонашций хийцамзи йолчу амплитудици, траекторици ловзаран а, къийсадаларийн а хьелашкахь дехьа-сехьа вийлар.

Физически шардарш нийса кхочушдайтархьама беш болу тергам. Циклически, ациклически локомоцешкахь: леларехь, идарехь, кхийсаваларехь боламан бух нийсакхочушбан; лаккхарчу сихаллица 60 м кхочуш стадионан гIашлойн некъа тIехула а, кхечу шерачу йиллинчу меттигехула а вадар; цхьанаэшшарехь 10 м кхочуш вадар; тайп-тайпанчу юьхьанцара меттигашкара старт ялар; 7-9 м сихха чухахкаваларца чIоггIа дIататталуш, кхийсадаларшна леринчу орчу шина а кога тIе хIоттар; гимнастически лами тIе а, гимнастически пена тIе а, машар тIе а 4 м дозанца тийсавалар; вадарций, кхийсаваларций 3-5 дуьхьалонах лаьтташ болу могIа чекхбаккхар180о-360о хьийзарца кхийсавалар.

МогIараллий, нийсаллий кхийсарш:

150 г кхочуш йолу кегий хIумнаш геналла, тайп-тайпанчу юьхьанцарчу меттигашкара кхийсар (лаьтташ, голаш тIехь, хиъна Iаш) аьтто а, аьрро а куьйгашца (лаьтташший, 1-3 м чухахкалушший); 1 кг хир йолуш юьзна буьрка цхьана гIулчера (цхьа ког баьккхина) таттар; 10 м юкъ божаберашний, 7 м зудаберашний лерина йолчу меттигера жимачу буьрканца гимнастически хIозан юкъ лацар.

Гимнастически а, акробатически а шардаршкахь: ритмий, луьсталлий (частота), йохаллий хийцаяларца (я хийцаяларехь) лелар, идар, кхийсавалар; I-IV кл. лерина йолчу комплексни программо магийна, могIархойн шардарш кхочушдар; коьрта меттиг лацар, куьйгийн а, когийн а, дегIан чархан а хIума йолуш, йоцуш а (йоккхачу, жимачу буьрканца, гIожца, хIозаца, юьзначу буьрканца 1 кг йозалла хир йолуш, гантелашца, 0,5-2 кг йозалла хир йолуш, дегIнийса а латтош) боламаш кхочушбар.

«Гонна юкъарвийлар», «Шишшамо дIайсхьайийзар», «Хехой а, талламхой а», «НIаьнийн латар» цIе йолу атта вовшахлатарш кхочушдар. Латтаршший дехьа-сехьа вийларшший нийса кхочушдар.



Леламечу ловзаршкахь: леламечу ловзарех вадарехь, кхоссаваларехь, кхийссаршкахь ловза хаар; буьрка латторехь 5 м юкъ йолуш дIалаларехь, схьалацарехь, кхийсарехь лело хаар; берийн организман (чархан) комплексни Iаткъам бечу «Пионер – бол», «Борьба за мяч», «Перестрелка», «Мини-футбол», «Мини-баскетбол» цIераш йолчу ловзарех цхьаннах ловзар;

Физически кечам: хилам (результат) коьрта физически хаарийн юккъерачу барамал лахара боцуш, гайтар (табл. хьажа).

Спортивни гIуллакхан барамаш: цхьана спортан тайпанехь къийсадаларийн гIуллакх кхочушдар (аьтто болчу бакъонашца).

Физкультурно-могашаллин гIуллакхан кепаш: Iуьйренан гимнастикан шардарш (организм яхчош йолу процедураш а) шаьш кхочушдар юьхьанцара школана магийна долу леламе ловзарш а, кхин долчу физически шардарех а могашалла чIагIярхьамий, физически болхбабалар лакхадаккхархьамий пайдаэцар.

Физически шардарийн занятешкахь леларан кепаш: кхерамазаллин а, цIанонан а, норманашший, порядочний (кеппий) ларор, вовшашний, хьехархочунна гIо дар, ледара хиламаш болчу накъостийн терго яр; дог цIена низам (леламе ловзарший, кхин долу тIедахкаршший дIахьочу хенахь) жигаралла йолуш хилар.
Физически культуран урокаш.

Декхарш а, Iалошонаш а
ХIора физкультуран урок шен цIена Iалашо а йолуш, билгал а (урокан чулацам къастош) къаьсттина а педагогически декхарш а долуш хила еза. Цара таро хуьлуьйту нийса метод а, Iаморанний, кхиоранний гIирсаш лаха а, дешархошца беш болу болх нийса дIахIотто а. ХIора урокехь коьрта кхоъ Iалашо ю: дешаран а, могашаллин а, кхиоран а. Могашалла таенний кхиоранний Iалашонаш физически кхиорна болх дIа мел хьо а, массо урокехь къастош ю.

Цуьнца цхьана, юьхьанцарчу школехь Iаморан занятийн къастош йолу башхалаш коьрта тидам дешаран Iалашонашна тIебахийтар ю: боламан школа караерзор, могашалла Iалашъярах а, физически культурах а долу юьхьанцара хаарш кхоллар. И Iалашонаш кхочушъяр доьзна хила деза, тайп-тайпаначу координационни а, кондиционни а хаарш кхиорца.

Урокан дешаран Iалашонаш кхочуш хиларан билгалонаш ю, нагахь санна дешархойн физически шардарш шайн лаамехь дIадахьа (кхочушдан) хааршний хьашташший кхолладеллехь. Урокаш дIаяхьарехь хьехархочун декхар ду, хIора дешархочо муьлха спортивни тайпа къастийна билгалдаккха а, цу тIехь занятеш дIаяхьа царна гIо дан а.

Боккха тидам тIебахийтта беза хьехархочо дешархой оьздангаллиций, доьналлиций кхиорна: низам долуш, накъосташца диканиг лууш, дог цIена, физически шардарш кхочушдарехь доьналла долуш, иштта синIаткъаман процессаш кхиорехь гIо дарна (кхетам, диццадалар, ойла яр).


Вовшахтохаран – методически тIедахкарш
ХIора физкультуран урок, цхьа билггал йолчу теман Iаморан гIирс караберзорехьа, логически рогIаллица хIиттийначу урокийн шатайпа зIе ю. Ткъа, теманаш вовшашца йогIуш хилийта еза. Iаморан материалан (гIирсан) барам билгалбаккха беза, дешархойн кечаме а, боламе дарш Iаморан хьесапе а хьаьжжина.

Карарчу хенехь вайн заманан урокана коьрта тIедахкарш – дешархошца деференцированни а, индивидуальни а юкъаметтиг кхоллар, церан могашалле а, стен-боьршалле а, физически кхиоре а, боламан кечаме а, синIаткъаман тайпанаш кхиоран башхалашна а, цIано ларъяран норманашка а хьаьжжина.

Физкультуран урокаш дIаяхьа еза дукххьолахь арахь, диллинчу хIаваэхь. Дешархой спортивни духаршца хила беза температуран а, хенан хIоттаман хьелашка хьаьжжина.

Боламан дарш Iамочу хенахь дукхах болу тидам дийна методикана тIебахийта беза. I-IV классашкахь занятеш дIахьочу хенахь чIогIа мехала ду шардарийн цIераш нийса яхар а, уьш нийса дIагайтар а, шен хенахь гIалаташ нисдар а. Кегийрачу дешархойн боламан дарш Iаморрий, физически хаарш кхиоррий вовшашца чIогIа уьйр йолуш дIадахьа дезаш ду. Цхьана шардарх пайдаэца мегар ду боламан хаарш Iаморехь а, иштта коордиционни, кондиционни хаарш кхиорехь а. Боламаш хаарш а Iамош, кондиционни, координационни хаарш догIуш цхьана дазар, педагогически болх нийса дIахIоттор ду. Кегийчу школахойн боламаш Iамораххий, физически хаарш кхиораххий дийца ваьлча, билгалъяккха еза проблеман уггаре а гIоле йолу агIо: стандартно-карладаккхаран вариативни шардарийн методаш вовшехъязар. Дешархоша шаьш карадерзош долу боламе дарш шеко йоццуш кхочуш дан буьйлабелча, стандартно-карладаккхаран шардарийн метод хийца вариативни шардарийн методца, цул совнаха вариативни метод йоьзна хила еза ловзарийн а, къийсадаларийн а метод шуьйра юкъаялорца.

Кегийрачу дешархойн хан иза уггаре а координационни, кондиционни хаарш кхиоран аьтто болу мур бу. Амма, оцу хенахь къаьстина тидам тIебахийта беза коордиционни, сихаллин, доьналлин, сихаллин-нуьцкъаллин хаарш массо агIор кхиорна.

Юьхьанцарчу классан дешархойн къаьсташ йолу башхаллаш ю церан занятешкахь боккха лаам, дог дар, довзаран жигаралла, лаккхара эмоциональни хилар. Цундела урокашкахь болх низам долуш, нийса командаш ларъярца а, хьехархочо тIедехкина декхарш кхочушдарца а, дIахIоттор доьзна хила деза царна тIедахкаршший, даршший кхочушдан луш йолчу паргIатонца. Цо таро хуьлуьйту, церан кхоллараллий, инициатива (дIадолор) хила дог далийта. Физкультуран урокашкахь мехала ду кхечу предметашца зIе тасар: Iалам довзаран а (дахчдаларехь а, духарехь а, дегIан меженаш болх барехь а, дийнан рожехь а и дI. кх.); математикаца а (кхоссаваларан йохаллий, локхаллий юстарехь, гена кхийсарехь, вадаран сихаллехь, йохаллехь и дI. кх.); эшаран-ритмически кхиарца а (эшарца занятеш дIаяхьарехь); гайтаман-исбаьхьаллица а (боламийн хазалла).

Кегийрачу дешархошна хIоттош йолу оценка а, царна беш болу таллам а церан шайн лаамалле а, кхачамалле а кхиа дог доуьйтуш хила беза. Цунах доьзна ду дешархойн хиламаш тобаларрий, жигаралла лакхаяккхарий.

Дешархошна хIоттош йолу оценка, коьрта долчу декъана, церан кхиамаш дика хиларе хьаьжжина хила еза: теоретически, методически хаарш, боламан, физкультурно-могашалла тояран, спортивни гIуллакхан агIонаш. Къаьстина тидам тIебахийта беза хаддаза физкультуран занятешка рожехь эха дог дарний, шайн лаамехь физически шардарш кхочушдан хаарийн, могашалла ларо хаарний. Иштта, юкъара Iаморан масаллин нормехь а доцуш, боламан хааршкахь шен боларе хьаьжжина хIотто а еза. Физкультуран урокаш демократизман а, гуманизман а, Iалашонехь хIитто еза, царна цхьабосса физически культуран кIоргене кхача бакъо луш. Дешархой лахарчу классашкахь болуш дуьйна тидаме эца деза церан дог дарашший, тIера хиларашший. Ур-атталла цхьана хенара долчу берашна юккъехь а шен къастамаш хиларе хьаьжжина, хьехархочо кхеторан хало тайп-тайпанчу барамехь йолу программни материал яла хьажа веза дешархошна. Цуьнан дуьхьа хьехархочуьнан таро хир ю тайп-тайпана вовшахкхетаран форманех пайдаэца: тайп-тайпанчу хенара дешархой вовшахтоха а, ша-къаьстина божаберашний, зудаберашний занятеш дIаяхьа а ткъа и хила тарлучахь урокаш классал араяьхна, тренировкан кепехь дIаяхьа а.

Шайн могашаллин хьокъехь билгалчу медицински группе нисбинчу дешархошца физкультуран занятеш ша-тайпа программица дIаяхьа еза. Амма, нагахь санна дешархошна лаахь, лоьраша мага а дахь, церан бакъо ю шайн классаца хила, хьехархочо терго а еш.

Гергарчу хьесапехь тайп-тайпанчу программин материалан тайпанашна нисйина Iаморан хан.


Iамо лерина хан тайпанийн программни материалан

гергарчу хьесапехь нисъяр (сахьтийн барам)


№ р/т

Учебни программин дакъош

Классаш


I

II

III

IV



Хаарийн лардаш


урок д1аяхьарехь

1.

Каде ловзарш


28

28

28

28

2.

Гимнастика


34

34

34

34

3.

Яйн атлетика


26

26

26

26

4.

Халкъан хелхарш


14

14

14

14

5.

Антистрессови пластически (эшаран) гимнастика


урок дIаяхьарехь


Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   6   7   8   9   10   11   12   13   ...   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет