Чеченской республики



бет11/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   ...   7   8   9   10   11   12   13   14   ...   19

Билгалдаккхар: цкъа ен заняти кIирнах доьаза я цул совнаха хилахь, шакъастийначу тайпанийн программни материал Iамо лерина хан цаьрга нийса алсамйоккху.



Урокийн программни материалан чулацам



Гимнастически шардарш (34 ч)
Физически культуран урокийн а, физкультурно-могашалла таян гIуллакхийн а, классал арахьарчу белхийн а, шаьш бечу шен белхийн а коьртачу декъех цхьаъ ду гимнастически шардарш I-IV классан программни материалан юкъа йогIу дIахIотторан а, юхахIоттаран шардарш, тIедийларца а, тIехуладийларца а долу шардарш, нийсаллехь, чолхе доцу акробатически а, хелхаран а шардарш, гимнастически гIирсаш тIаьхьа шардарш.

Къаьсттина мехала ду хIуманашца доцу юкъаракхиоран шардарш. Церан гIоьнца кхочушъян йиш ю массо тайпа Iалашонаш, уггаре хьалха дешаран. Шардарш хьехархочун тIедилларца а, цул тIаьхьа-шайн лаамаллица а дешархой кхета церан билгалонаш тайп-тайпана хиларх, къаьсттана дуьххьарчу муьрехь. Юкъаракхиоран шардарийн ма-дарра аьлча доза дац. ХIора урокана уьш къастош уггаре аттачунна тIера, карадирзинчунна тIера халочунна тIе вала веза. И санна 3-4, 7-8 (тIе кхаччалц) долу юкъа шардаш дало деза. Нагахь санна 3-6 минот гергга хенахь хIуманашца доцу юкъаракхиоран шардарш кхочуш дахь, рожехь и занятеш дIахьош масех бутт баьлча, цо таро хуьлуьйтура ю дешархойн сихаллех, ритмах, темпах, амплитудех, коган меженийн ницкъах долу хаарш тода, кIаргда. Хьехархочун декхар ду шен тидам нийса а, шен хеннахь кхочушдеш (масала, дагардарца, я эшаран гIоьнца) долчу шардаршна тIебахийтар.

ХIора урокана юкъадало деза керла юкъара кхиоран шардарш, хIунда аьлча цхьанатайпанара шардарш юх-юха кхочушдаро цхьа а пайда а лур бац я дешархойн дог а догIур дац.

Лахарчу классийн дешархойн хьекъалан жигаралла са яккхарехь а, массо агIор координационни хаарш кхиорехь а, тайп-тайпана хаарш карадерзорехь а (яздар, сурт диллар, агар, тIелетор, кхоллар) уггаре а мехалчу кепех цхьаъ ю карахь хIуманаш йолуш долу (жима, йоккха буьрканашца, гIожмашца, байракхашца, ленташца, чIагаршца) юкъара кхиоран шардарш. Карахь хIуманаш йолуш долу шардарш а, цуьнан тайпанаш а хила тарло барам боцуш дукха. Амма хьехархочунна хаа деза и шардарш керла хIума юкъа далийна хила дезийла. Нагахь санна цу гIуллакхана дешархошна девзаш долу шардарш даладахь, уьш мелла а амат хуьйцуш (меттигехь, хенаца, нуьцкъаллица), я ерриге кеп хуьйцуш. Карахь хIуманаш йолчу шардарех уггаре а алссам тидам тIебахийта безарг кегий, яккхий буьрканашца долу шардарш ду.

Иштта кегийра дешархой физически кхиорехь чIогIа мехала ду акробатически, хелхаран шардарш. И доьзна ду церан бес-бесара хиларций, лаккхара эмоци йолуш, массо агIора, а дегIана пайдехьа хиларций, уьш кхочушъеш шайна лерина коьчал кIезиг эшарний.

ДIахIотторна моггIара … программни материал кхочушъеш дукха хан яйа ца магадо, уьш дукха хьолахь ловзаран кепехь дIаяьхьча дика хир ду.




Гимнастически шардарш


Коьрта хьажам

Классаш

I

II

III

IV

Х1уманашца

долу юкъаракхиоран шардарш карадерзор а, координационни нуьцкъаллин хааршший, сеттаваларшший кхиор а.



Байракхашца а, хIазарца а, чу хIумнаш йоьхкинчу буьрканца а (1 кг), гимнастически гIожаца а, йоккхачуй, кегийчуй буьрканашца долу юкъара кхиоран шардарш.

__________________________1

Акробатически шардарш карадерзорна а, координационни хаарш кхиорна а.

ДегI гулдар тобанашка декъар: тобанашкахь дIакерчар, гай тIехь Iуьл-луш а, горхIот-таран гIорто-рехь а.

Хьалхахьа Iункар эккхар: пханарш тIе хIоттар когаш сат-тийна; когаш саттийна пханарш тIехIоьттин-чуьра хьалхахьа, охьалахвеллачу гIорторехь, дIакарчар; юьстахваларца (агIоне) Iункар эккхар.

ДегI гулдина тобанашкахь дIакерчар шена тIаьхьадогIучу коьрта тIехьа куьй-гаш хIотточу гIор-торца; хьалхахьа 2-3 Iункар эккхар; пханарш тIе хIоттар; букъ тIехь Iуьллучу хIоттамехь “тIай”.

Юханехьа Iункар эккхар: хьалхахьа Iункар эккхар а дIа-карчарца пханарш тIе хIоттар а; гIоьнца а, ша а “тIай”.

Карадирзинчу дакъалгийн комбинацеш


__________1. Кхузахь, кхин дIа а цхьатерра долу сиз боламийн техникан дакъалгаш кхин дIа а Iамор ду, ткъа кагдина сиз (пунктир) кхачаме далор ду (совершенствование)


коьрта

хьажам

Классаш

I

II


III

IV

Кхазаршший,

гIорторашший карадерзор а, нуьцкъаллиний, координационний хаарш карадерзор.





Кхазаршший, гIортораш-ший – дегI нисдина а, Iуьллуш а кхазаран шардарш (упражнени); гимнастически пенна букъ тохарца кхазарехь когаш саттабар а, хьаланисбар а; саттийначу куьйгаш тIехь кхазар; сеттина Iуьллуш кхазарехь тIевавалар; из-за тIедийларан муш тIехь когаш дIасабахийтина Iе-рехь а, кхазарехь а; гIор-торехь упражненеш (хена тIехь, “говра” тIехь, гимнастически гIанта тIехь).





Шинна а саттийначу куьйгашца дуьхьало а йолуш, когаш саттийна кхазар; гимнастически пена тIехь сеттина кхазар; кхазарехь когаш хьалаайбар.

Iамийна евллачу дакъалгийн комбинацеш (гимнастически пена тIехь, хена тIехь, гIанта тIехь).



Коьрта хьажам

Классаш

I

II

III

IV

ТIедийларшший,тIехулавиларшший карадерзор а, координационни а, нуьцкъаллин а хааршший, нийса куц-кеп кхиор а.

Гимнастически а, тIедийларан гIур-кхана а тIедийларш; охьасеттинчу гIанта тIехула охьалахвелла голаш тIехь лаьттачу гIорторехь; уьнан гIанта тIехь гай тIехь а Iуьллуш тIеоза-валар; гимнастически гIантана а, кIел-тосургийн гуна а тIехула вийлар.

Охьасеттинчу гIанта-на тIевийлар (охьалахвелла гIорторехь а, голаш тIехь лаьттачу гIорторехь а, гай тIехь Iуьллуш а) куьйгашца тIе а озалуш; гимнастически пена тIехула цхьатерра куьйгаш схьалацарца а, когаш кхечухьа хIотторца а; хена тIехула вийлар (локхалла 60 см); гуш тIехула вийлар.

Охьасеттинчу гIанта тIевийлар: голаш тIехь лаьт-тачу гIорторехь а, гай тIехь Iуьллучу гIорторехь а, куьйгашца тIеоза-луш а; хена тIе-хула а, “говрана” тIехула а вийлар.

Муьшана тIехула вийлар (кхузза); ду-хьалонашна тIехула волуш болар.

ГIорторан кхийсадаларшкахь хаарш карадерзор а; координационни, сихаллиннуьцкъалли-ний хаарш кхиор а.










Гимнастически кIелтосургийн гуна а, “говрана”, козе-лана а тIе гIорторан кхийсадаларш; голаш тIехь лаьттачу гIорторе хьалаэккхар а, куьйгаш ласторца охьаэккхар а.


Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   7   8   9   10   11   12   13   14   ...   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет