талламан болх бан беза
(Срез)
Оьшшучохь сацаран хьаьркаш а дохкуш, схьаязъе. Йийца цIоьмалгаш яхкаран я цаяхкаран бакъо.
-
Чехка йоьду «Жигули».
-
Къахьегаре терра хIума а юу оцу белхалочо.
-
ГIовгIанашца чудаьхкира бераш.
-
Цхьанне а ца хеззарг вистхилира иза накъосте.
-
Сонтаниг берах лела.
-
Шена ца луучуха вист ца хилира иза.
-
Хазахеташ вогIу и школе.
-
Цкъа а ца гича санна цецвелира иза.
-
Массеран а Iуьйре дика еш чубаьхкира дешархой школе.
-
Шен ницкъ ма-ббу теттира цо машина.
Нагахь санна оцу 10 предложенех ворхIангахь я ялхангахь цIоьмалгаца даран суьртан латтам дешархочо къастабахь, цунна дилла хьакъ ду «пхиъ»,
пхеангахь — деангахь — «диъ»;
кхаангахь — шингахь — «кхоъ»;
кхечухьа — шиъ».
Оццу кепара жамI дан деза хьехархочо. Цу тIехь сацар нийса дац. Оцу бакъонах лаьцна дерг кхечу урокашкахь а, пхеа-ялх минотехь хилла а, тидамехь латто деза, царна и бакъо шаръяллалц.
Бараман латтам
Хууш ма хиллара, бараман латтамо гойту даран, мухаллин дарж а, барам а. Учебник тIехь аьлла ду: «Бараман латтамаша гойту сказуемин дар, хилар муьлхачу барамехь, даржехь кхочушхуьлу. Цара жоп ло: мел? муьлхачу барамехь? — бохучу хаттаршна.» Циггахь далийна масалш а ду:
-
Стиглахь наггахь гуш седарчий а дара. (М. М.)
-
Хийла сатийсина бIаьстенаш суьйренга. (М. М.)
-
Велла дIаваллалц шен Даймехкан сий лардан деза.
-
Сахиллалц догIа деара.
Тидаме оьцу вай хьалхара предложени. Толлу вай иза.
Сказуеми: гуш дара.
Подлежащи: гуш дара хIун? — седарчий.
Сказуемина тIера наггахь бохучу даше дала деза хаттар нийса муьлхарниг хир ду хIокху шиннах (маьIница):
а) гуш дара мел? (я муьлхачу барамех?)
б) гуш дара маца?
МаьIница оцу наггахь бохучу даше догIу хаттар маца? ду аьлла хета тхуна.
Хьовса масалшка:
(Маца?) Наггахь Хьасан а вогIу тхоьга.
(Маца?) Наггахь тхо а доьлху цаьрга.
(Маца?) Наггахь телефон тоха а мегар ду хьуна.
(Маца?) Наггахь бакъдерг а дуьйцу цо.
ХIинца хьовсур вай, хIун боху цу хьокъехь А. Г. Мациевс шен «Нохчийн—оьрсийн словарь» тIехь:
«Наггахь нареч. изредка, порой, нечасто.3
Нагахь санна иза хенан куцдош хилча, цуьнга мел? муьлхачу барамехь? боху хаттарш лойла дац. Цундела цо даран, хиларан а, мухаллин а бараммий, даржжий гойтила дац. Иза хенан куцдош а ду, предложенехь хенан латтам а бу.
Иштта хенан латтам бу масалина ялийначу кхоалгIачу предложенехь а:
Сий лардан деза маццалц? — Велла дIаваллалц.
Хан гойтуш болу хенан латтам ца хуьлийла дац иза, хIунда аьлча цунна маьIница догIуш долу хаттар мел? муьлхачу барамехь? дац, маццалц? боху хаттар ду, ткъа иза юха а хенан латтам бу.
Оццу кепара ду йоьалгIачу предложенин дIахIоттам а: сказуеми тIера хаттар хIоттадо вай:
деара маццалц? — сахиллалц.
Нагахь санна вай делла хаттар мел? я муьлхачу барамехь? делахьара, цу хаттаршна жоп иштта хила дезара:
деара мел? — шортта,
— дукха,
— дийнна цхьа Iам,
— дийнна цхьа хIорд (и.д1. кх.).
Бараман латтаман кхоллабалар ду хIинца вайна оьшуш дерг, хIунда аьлча учебник тIехь (§14) иштта боху: «Бараман латтам хила тарло деепричастих а, дустаран карчамах а: Цхьанхьа а вахалур воцуш, цомгуш вара иза. Лергана хаззал хастийча, бIаьргашна хаъал телха».4
Кхин далийна масал дац учебник тIехь. Деепричастих (я цуьнан карчамах) бараман латтам кхоллалуш хилар нийса ду. Амма, хIара бу аьлла, гайтина и кхуллуш болу кхин гIирс бац учебник тIехь. Сацаран хьаьркех лаьцна а дац хIумма а.
Цундела, тхуна хетарехь, оцу темина лерина йолу урок иштта дIаяхьа еза.
Сказуемин даран, хиларан а, мухаллин а барам гойтучу латтамах бараман латтам олу. Цо жоп ло мел? муьлхачу барамехь? бохучу хаттаршна. Иза кхоллало хIокху къамелан дакъойх:
1) куцдашах, масала: Хийла сатийсина бIаьстенан суьйренга (Н. Музаев.)
Цу предложенина тIехь иштта болх бойту.
Цкъа хьалха билгалйоккху сказуеми: хIун дина? — сатийсина. Ши сиз хьокхуьйту цунна кIел.
ХIинца хаттар хIоттадойту бараман латтаме: сатийсина мел? — хийла. ТIадам—тире юьллуьйту цу кIел.
Хотту душархошка: Стенах кхоллабелла бу и бараман латтам? — Мелалла (я барам) гойтучу куцдашах.
2) -л//—алла суффикс а йолуш, лардан мукъаза аз шалха а долуш йолчу хандешан латтаман форманах я цуьнан карчамах;
Ахьа сискал йиъинчулла, аса туьха диъна.
Толлу предложени.
— ХIун дина? — диъна (сказуеми).
— Мел диъна? — ахьа сискал йиъинчулла (бараман латтам).
— Стенах кхоллабелла бараман латтам? — (-лла суффикс форманан карчамах).
— ХIун хьаьрк дуьллу вай цуьнан чаккхенгахь?
— ЦIоьмалг.
3) Орамера аз шалха а долуш, шеца ма боху дакъалг а долуш йолчу хандешан латтаман форманах я цуьнан карчамах:
Шен ницкъ ма-ббу, дIагIертара иза.
— ХIун дора? — дIагIертара (сказуеми).
— ДIагIертара муьлхачу барамехь? — Шен ницкъ ма-ббу (бараман латтам).
— Стенах кхоллабелла бараман латтам? — Шен ницкъ ма-ббу бохучу хандешан латтаман форманан карчамах.
— ХIунда бу иза карчам?
— Иза карчам бу, хIунда аьлча ма-ббу бохучу хандешан латтаман форманах дозуш кхин цхьа дош ницкъ ду, цунах дозуш шен боху дош а ду.
— ХIун хьаьрк дуьллу вай оцу карчамна тIехьа? — ЦIоьмалг.
4) Санна бохучу куцдашца цхьаьна йолчу хандешан латтаман форманах, шеца суффикс –ча а йолуш йолчу я цуьнан карчамах:
Воккхачу стеган юьхь, тIе дама хьаьрсича санна, кIайн яра.
— Муха яра? — К1айн яра. (цIеран хIоттаман сказуеми).
— Мел кIайн? — Т1е дама хьаьрсича санна. (бараман латтам).
— Стенах кхоллабелла и бараман латтам? — хьаьрсича бохучу хандешан карчамах а, санна бохучу куцдашах а.
— ХIунда бу иза карчам?
— Хьаьрсича бохучу хандешан латтаман форманах дозуш кхин а дешнаш ду: хьаьрсича хIун? — дама. Хьаьрсича мича? — тIе.
— Цундела хIун хьаьрк дуьллу вай и карчам чекхбаьлча? — ЦIоьмалг.
5) Санна бохучу куцдашца я и доцуш болчу инфинитивах я цуьнан карчамах:
И цхьогал дIакхалла санна гома хьаьжира цуьнга борз.
— ХIун дира? — хьаьжира (сказуеми).
— Хьаьжира муха? — гома (даран суьртан латтам).
— Мел гома? — и цхьогал дIакхалла санна (бараман латтам).
— Стенах хилла и латтам? — инфинитиван карчамах, шеца санна боху куцдош а долуш болчу.
— ХIунда бу иза карчам? — ДIакхалла бохучу инфинитивах дозуш кхин а дешнаш ду: ДIакхалла хIун? — цхьогал. Муьлха цхьогал? — И цхьогал.
— ХIун хьаьрк дуьллу вай карчам чекхбаьлча? — ЦIоьмалг.
Классехь йо упражнени 50. ЦIахь ян ло упражнени 49.
Церан хаарш таллархьама, йо хIара срез:
Бараман латтам, кIел тIадам-тире юьллуш билгалбаха. Ала, уьш стенах кхоллабелла. Йийца хьаьркаш дахкаран бакъо.
И берриг хIорд дIамала санна хьагвеллера со. Кир тоьхча санна кIайн яра цуьнан юьхь. БIаьрго схьа ма лоццу генахь яра и шера аре. Ахьа аьхккинчулла аса а аьхкина кха. Дикка Iийра со цуьнга хьоьжуш.
Достарыңызбен бөлісу: |