Чеченской республики



бет14/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19



Халкъан хелхарш (I4 с)

Нохчийн халкъан хелхарш леламечу чулацамах дуьззина ду. Уьш чIогIа мехала ду лаккхара эмоцин Iаткъаме хиларна. Цара кхиадо доьналла, сихалла, каде хилар и дI. кх. тайпа а леламе амалш.

Нийса куц, эшаре хилар, боламан испайлла кхоллараллехь халкъан хелхарийн мах хадийна вер вац.

Физически кхиоран гIуллакхехь халкъан хелхарех пайда эцаро таро хуьлуьйту дешархойн леламе жигаралла лакхаяккха а, уьш халкъан хьал долчу культуран тIаьхьене кхачо.

Юкъара дешара школан юьхьанцарчу классашкахь Iамадо коьрта когийн а, куьйгийн а, лелар, зударийн а, божарийн хелхаран болар, иштта нохчийн кегийрхойн хелхаран боламаш.

Дахдинчу дийнан а, дешаран а рожехь

физкультурно-могашалла таяран гIуллакхаш


Программин шолгIачу декъехь билгалдина ду, дахдинчу дийнан а, дешаран а рожехь физкультурно-могашалла таяран гIуллакхийн чулацаман Iалашонаш а, тIедахкарш а, вовшахтохаран – методически тIедожорш а.

Цу юкъа йогIу дешаран занятеш хилале хуьлуш йолу гимнастика а, урокаш дIаяхьарехь физкультуран миноташ а, ехачу переменашкахь хуьлу физически шардарш а, каде ловзарш а; дахдинчу дийнан группашкахь денна хуьлу физкультуран занятеш а.

ХIора школан, шайн таронашка хьаьжжина, шайн лаамехь физкультурно-могашалла таярна гIуллакхаш вовшахтохаран а дIадахьаран а церан чулацам а бен-берса баккха йиш ю.

Массо а занятеш диллинчу хIаваэхь дIахьош ю. (Iаьнан хенахь – билггал йолчу меттигера цIанонан нормашца йогIуш йолчу температуран режимехь).

Дешаран занятеш хилале (юьйлаялале) хьалха хуьлу гимнастика.

Цуьнан Iалашо – дешархошка хьекъалца болх бабалар лакхадаккхар а, уьш дешаран гIуллакхан тIеберзор а, организм, дуккхачу а хенахь меттах ца хьерца боьзнаболчу дацаре хийцамех ларъяр а. Иза лаьтта 4-6 лаххара эвсаралла йолчу юкъаракхиоран шардарех. Уьш нийса тидам тIебохуьйтуш кхочушъян декхар ду.

Цуьнан йохалла 5-7 минот ю. Дешаран занятеш хилале гимнастика кхочушйо, оцу класс чохь 1-ра урок луш волчу хьехархочо. Комплексан чулацам кечбо я физически культуран хьехархочо, я цуьнан тIедилларца лакхарчу классан дешархоша, ткъа хийцало шина кIирнах цкъа. (И тайпа гимнастика эшаран гIоьнца дIаяьхьча пайдехьа хир ду).

Физкультуран миноташ кхочушйо урокаш дIахьочу хенахь, уьш лаьтта, букъан, куьйгийн пIелгийн, белшан юкъан настаран пхьидийн юлаялар хецадалийтархьама леринчу 2-3 шардарх. Физкультминот дIаяхьаран хан билгалйо урок дIахьош волчу хьехархочо. Оцу занятийн кепан чулацам физкультуран хьехархочо хIоттабо, ткъа дIабахьарца вариаци йолуш хила а беза. Физкультминоташ, цIеран болх бечу хенахь, кхочушъян магадо.

Халкъан хелхарш

Коьрта

хьажам


Классаш

I

II

III

IV

Кегийрхойн хелхар

Хелхаран шардарш карадерзор, коордиционни боламаш

кхиор.


Когийн хьалхара, шолгIа, кхоалгIа, йоьалгIа позици.



ПхоьалгIий, йолхалгIий, ворхIалгIий, борхIалгIий куьй-гийн положени (бо-жаберийн).

Коьрта когийн позици а, куьгийн меттиг а.



Коьрта когийн позици а, куьгийн меттиг а.



Хьалхарий, шолгIий, кхоалгIий, йоьалгIий куьгийн меттиг (зудаберийн, божаберийн).

Куьгийн пхоьалгIий, йолхIалгIий, ворхIалгIий меттиг (зудабераш).








Божаберийн болар (божабераш)

Зудаберийн болар (зудабераш).





Хелхаран болар кхачаме далор.



Хелхаран болар кхачаме далор.



Хьалхарий, шолгIий, кхоалгIий хелхаран боламаш.

БоьалгIий, пхоьалгIий, йолхIалгIий хелхаран боламаш.

Кегийрхойн хелхаран боламаш кхачаме балор.

Хелхаран боламаш кхачаме далор. Дерриге кегийрхойн хелхар кхочушдар.


Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет