культуран барамца тIедилларш
Iамо декхарийлахь йолчу программин чулацаман минимум караерзорехь, юьхьанцарчу школехь дешна бовлучеран хаарш хIокху барамехь хила деза.
Хаа деза:
-
физически культура кхоллаяларан башхаллех а, дуьххьара Олимпийски ловзарийн исторех лаьцна а;
-
адаман боламан а, дIасалеларан а тайпанеххий, башхаллеххий а (букъ хьалха…….) боламан кеп кхочушъярехь психически а, биологически а процессийн маьIнах лаьцна а;
-
даьIахкийн пхьидийн а, садеIаран системийн а, физически шардарш кхочушдарехь цIий леларан балхах а, царна еш йолчу аттахачу тергонах лаьцна а;
-
боламаш Iаморах а, уьш караберзореххьий, кхочушбареххьий бIаьрсинан а, ладугIучу анализаторийн маьIна лаьцна а;
-
Iамош долчу шардарийн терминологих а, церан функцин маьIнах а, организманна тIехьажийначу Iаткъамах лаьцна а;
-
адаман физически качества кхиоран тайпанех лаьцна а;
-
юкъара а, шен а цIано ларъяран бакъонех а, дахчадаларан процедураш кхочушъяран а, куц-кеп лардаран бакъонех лаьцна а;
-
физкультуран занятешкахь травматизм хиларан бахьанех, и цахилийтаран бакъонех лаьцна а.
Хууш хила деза:
-
хаза нийса куц-кеп хилийтархьама, Iуьйренан гимнастикан а, коордиционни кхиорехь физически шардарийн а, сеттаваларан а, ницкъан а комплексаш хIитто а, нийса кхочушъян а;
-
физически кхиареххьий, физически кечамехь шен тидаман дневник лело а, тIехула билгалйолуш йолчу халонан бараманий, даго бечу балханий терго ян а; лаамаллин занятеш а, шен планаца йолу дахчадаларан процедураш кечъян а, дIаяхьа а;
– физически культуран занятеш дIаяхьарехь классерчаьрца а, шен нийса
хоршца а уьйр латто а.
Демонстраци ян:
-
Физически хьуьнарш | Физически шардарш | Божабераш | Зудабераш | Сихаллин | 30 м лакхарчу стартехь вадар … | 6,2 |
6,7
| Нуьцкъаллин | Цхьана метте лаьтташ, йохалла кхоссавалар (см). | 150 |
140
| Доьналлин | Iуьллуш кхазарехь дегI ийдар (моссаза). Кроссови вадар – 180 м (мин. с.) | 6
5,50
|
5
6,10
| Координацин | Шина жимачу буьрканца жонглировать дан (с.)
Гимнастически гIанта тIехь дегI нийсаллехь «чIегIардиган» кепехь сацор (с.)
«Хин кеман вадар» - 3х10м (с.)
| 11,0
30,0
9,8
|
10,5
30,0
10,5
|
Антистрессови пластически гимнастика (АПГ)
Антистрессови пластически гимнастика психофизически тренировкан бух тIехь лаьтташ ю (психофизически потенциал лакхаяккхархьама а, жигара тидам, лаам, диццадалар, доьналла, карзахдоккхургашца (раздражители) йогIу реакци кхиорхьама а дилхан гIор, нисден садеIар, меженаша лартIахь болх баран сурт хIоттор, дешнашца гIо дар хийцарехь организман Iаткъам бечу метод тIехь).
СинIаткъаман ша тодаларан юьхьанцара шардарш кхиаме карадерзоро а, физически шардарш дIадахьарехь царах пайдаэцаро а таро хуьлуьйтур ю синIаткъаман эмоцеш меттаяло, ткъа и бохург ду дог иракарахIоттор а, галъяьлла могашалла юхаметтахIотто а.
АПГ кхочушдо адаман могашаллина тIедоьгIна йолу масех принцип: иерархин принцип а, ша кхачаме далор хаддаза хиларан (непрерывность самосовершествования) принцип а.
АПГ бух − физическичунна тIера ойла ярний, оьздангаллиний тIе болчу боламан процесс кхачаме ялор бу. Церан кхачаме хилар, уьш вовшех ийна а, хаддаза а хилар ду. И болам иштта дIабахьаро таро хуьлуьйту физически культурах а, могашаллех а, конфортах а, хаддаза хиларх а болу кхетамаш кхечу керлачу агIор ган а, уьш кхетачу билгалчу чулацамца шорбан а.
Программо таро хуьлуьйту бераш, массо а дешаран шерашкахь, физически а, гIиллакхе а кхиоран тIедахкарш йиллинчу къепехь кхочушдан; дешархойн физически культурах буьззина кхетам кхолла (гIиллакхе кхиоран психофизически бухах санна); церан таронаш а, гIиллакхе хилар а гучудаккха. Цуьнга хьаьжжина тIедахкарш а кхоллало:
-
берийн дика хила лаар, садеттар, хьаналла, дахарехь массо а агIор шайн хьуьнарш кхачаме дало лаар кхиор;
-
шайн оьздангаллин а, физически а могашаллех долу хаарш кхоллар;
-
дуьненан гIиллакхашций, оьздангаллиций билгалйовлуш, адаман шен сица хуьлуш йолчу а, цуьнан физически а, синIаткъаман а могашалла кхуллуш йолчу а таронех долу хаарш карадерзор;
-
байн хаддазчу боламан хаар кхоллар а, боламан жигараллин тайп-тайпанчу кепашкахь цунах пайдаэцар а; Iаламан хетарехь сурт хIотто хаар а; кхочушбеш болчу боламах там хилар а;
-
дешархойн могашалла чIагIъяр, физически кхиор, болх бабалар лакхадаккхар;
-
АПГ луш долу физически культурах лаьцна долу теоретически хаамашший, оьшуш болу (необходимые) кхетамашший, медицинехь а, цIанонца а доьзна долу хааршший карадерзор;
-
коьрта боламан тайпанаш кхиор.
ХIокху программин ша-тайпалла доьзна ду, цуьнца ламастан (традиционные) нормативаш цахиларца, ткъа материал классийн группашца луш ю. И доьзна ду, хьехархочунна хьалха керла декхарш лаьтташ хиларна: берашна байн хаддаза болу боламаш шарбан, физически а, синIаткъаман а тIедилларш комфорт йолуш кхето Iамор, иштта цу бух тIехь ламастан боламийн кепаш берашна караерзо гIо дар.
Программин материал кхаа декъехь луш ю: хаарийн лардаш, АПГ-н элементаш, леламе хаарш, карадерзарш.
«Хаарийн лардаш» цIе йолчу декъехь ялийна дика къаьсташ гIиллакхаш девзаш хила дезарх лаьцна а; физически культура юкъара культуран дIадаккхалур доцу дакъа хиларх лаьцна а; адаман физически а, оьздангаллин а могушаллех лаьцна а; могашаллех болу дийна кхетамах лаьцна а; адаман организмах, цIанонан тIедахкарех лаьцна а; адаман шен сица а, дегIаца а долчу чIоран таронех долу берийн хаарш шордан гIо деш йолу а материал.
Хаарийн дIахIоттам хIокху тайпа блокех лаьтта:
-
АПГ лардаш.
-
Ша-шен кхачаме валорца а, ша-шен кхиорца а доьзна долу стаг (ша) - вовзаран хаарш.
-
Оьзда леларца а, нахаца тIекере хиларца доьзна долу хаарш.
4. Физкультурно-спортивни гIуллакх кхочушдан а, коллективехь классерачаьрца а, групперачаьрца а юкъаметтиг нийса латто хаарций доьзна долу хаарш.
-
Адаман дахарехь физически культурах пайдаэца оьшуш долу хаарш.
Теоретически декъан материал дешархойн хенан башхаллашка хьаьжжина яла еза. Хаарех болу хаамаш къамел даран кепехь дIабахьа мегар ду (тобанашкахь я цхьаццанца) боламаш кхочушбарехь, хьалха я тIаьхьа, цуьнца цхьана гIерта веза бераша коьрта положенеш, принципаш, хаамаш, бакъонаш, факташ караерзор хIор берана шена хаалуш долчунна а, физически а, синIаткъаман а хьолана а, дилхан дуладаларна а тIедоьгIна хилийта.
Занятеш дIаяхьара хила деза, дешархошна шайна зеделлачунна а, шайн хааршна а, чулацамах шайн болчу кхетамна а тIетовжарца, шайга жамI дойтуш а, оьшуш болу сацам бойтуш а. Карадирзинчу хаарех пайдаэцарехь, кхоллараллин хаарш гучудаха гIо а деш, дешархойн коьрта тидам церан шайн башхаллашна тIебахийта беза. И гIуллакх иштта дIадахьаро беран ша-шен довзаррий, шен гIуллакх дIакхехьаррий жигарадоккху.
«АПГ элементаш» бохучу декъехь ялийна антистрессови пластически гимнастиках лаьцна йолу материал. АПГ коьрта дакъа ларалуш ду дIадоло дакъош а, хоттадаларийн массаж а, вадар а. Материалан барам боккхуш алсамбаккха лерина бу, иштта классийн группашкахь шорбан а. РогIаллехь юкъаялайо разделаш (дакъош): меттахдийларан техника, дIасаозоран лерина долу шардарш, хелхаран гIулчаш.
Урок дIаяхьарехь АПГ щардарш урок йолалуш а, чекхйолуш а кхочушдар пайдехьа хир ду. Цуьнан Iалашо ю урок йолалуш – дешархой Iаморан материал караерзорна тIеберзор а, физически боламаш Iаморан гIуллакх дIадахьа а, ткъа чекхйолуш – шайн гIелдалар а, дуладалар а дIадаккхар. Урокан коьртачу декъехь дукхах долчунна леламе хааршший, карадерзаршший Iамо леринчу шардарех пайда оьцу. Амма АПГ цхьацца долчу дакъойн (хоттадаларийн массаж, вадар) шардарш коьртачу декъана юкъадало мегар ду.
«АПГ элементаш» цIе йолчу разделана хIокху барамехь хан нисъян мегар ду: 1-4 классаш – 40-50% занятийн хан. Дешархойн лааме хьаьжжина хьехархочун таро ю «АПГ элементаш» цIе йолчу разделан щардарийн барам алсамбаккха.
«Леламе хаарш, карадерзарш» цIе йолчу разделехь далийна билггал долу леламе хаарш, карадерзарш кхиош долу шардаршший, кхин долу леламе даршший. Дешархошна байн болам шарбаларе а, и кхечу боламан жигараллин тайпанашна тIебахийта хааре хьаьжжина, «Леламе хаарш, карадерзарш» цIе йолчу разделан шардарийн дакъа алсамдала тарло.
«Физически культура» цIе йолчу предмет Iаморехь болу кхиамаш билгалбовлу шен оьздангаллица а, физически а кхачаме варца а, теоретически материал хаарца а, шен лаамехь хааршший, карадерзаршший кхочушдан хаарца а, леррина а, леламе а хаарш карадерзаран чIагIонца а. Кхузахь дешархойн хадош болу мах тайп-тайпанчу кепара хила тарлуш бу, церан леламе а, технически а кечам алсамбаларе хьаьжжина.
АПГ нийса Iаморан мах хадош, тидаме эца мегар ду дешархойн юкъара болам байн, синхронизаци йолуш хилар. АПГ Iаморехь зеделларг гучудала доьлча, хьехархочун декхар ду, и болх дIабахьарехь шена хетачунна тIетовжа.
I-IV классаш
I. Хаарийн лардаш
Антистрессови пластически гимнастикан лардех лаьцна.
Могашаллин кхетамах лаьцна. Оьздангаллин а, физически а могашалла. Оьздангаллин могашалла – адаман юкъара могашаллин бух бу.
Боламан кхетамах лаьцна. Байн болам бохург хIун ду. Болам байн хилар, хазаллин бух бу. Байчу боламо вайн могашаллина а, дог – ойланна а беш болу Iаткъам.
Сурт хIоттош, ойла яран кхетамах лаьцна. Дагара васт хIун ю. Боламан байн хилар гойтуш йолу Iаламан дагара васташ.
Юкъара болам синхронизаци йолуш хиларх лаьцна. Синхронизаци йолуш болу болам АПГ-хь стенна оьшу.
Боламехь импровизаци бохург хIун ду. АПГ-хь импровизацех лаьцна.
Физический, синIаткъаманний, син кхиаранний юккъехь йолу уьйр. Эмоци (тамехьа а, тамехь йоцу, царна юккъехь йолу башхаллаш).
Эмоцеш жоьпаллин а, жоьпазаллин а гучуйохуш хилар.
Бакъахьара а, дацаре а амалан тайпанаш (шех а, шена бевзачарах а лаьцна дийцар). ХIунда оьшу адамаш вовшашца ларам хилар а, муьлххачу гIуллакх тIехь шайн накъосташна гIо деш хилар а. Адамийн юкъаметтиг. Муха дан тарло адамо кхечунна гIо а, зулам а. Шен накъосташца а, гергарчаьрца а дика а, къинхетаме а хилар – могашаллин а, аьттонан а закъалт ду. Накъост а, доттагI а.
II. АПГ элементаш
ДIадоло дакъа: шар тIе хьоькхучу кепара куьйгаш лелор. ГIунан кирадечуьнан тIам хьийзочу кепехь куьйгаш лелор, йозалла цхьана кога тIера вукхунна тIе а йохуьйтуш. ДегI аьтту а, аьрру а агIор дIахьовзор, куьйгаш белшашца нийсса чIагарна юккъехь а долуш («каравай») когаш лаьттара меттах а ца бохуш. Белшашца хьалха а, юха а хьийзар. БIаьргаш, корта шинна а агIор хьийзор; хьалха а, аьрру а, аьтту а агIор охьатеIар. Шинна а агIор дегI хьийзор. Цхьана кога тIера йозалла вукхунна тIе яккхар. Нийсаллехь шардарш.
Меттахдийларан техника: меттахдийларшна кегамаллин шардар – цхьана кога тIера йозалла вукхунна тIейоккхуш охьатеIар: куьйгаш меттах ца хьедеш, куьйгашна жигара болх бойтуш. АгIонгара меттахдийларш: куьйгаш меттах ца хьедеш, куьйгашка жигара болх бойтуш. Го тосу меттахдийларш: куьйгаш меттах ца хьедеш, куьйгашка жигара болх бойтуш. Ма – луъу меттахдийларш (импровизаци).
Хоттадаларийн массаж: голийн массажана кегамаллин шардар – белшашкахь ийзавалар («Утренние потягушки») хиъна Iашшехь охьатеIарца. Когийн хоттадаларийн массаж: когаш хьийзор, когаш хьовзар, голийн хоттаршна лерина долу шардар, хенан маьIиган лерина долу шардар. Куьйгийн хоттадаларийн массаж: тIара куьйган хьакхолгех хьовзор; куьг хьакхолгехь саттор; «догIанна» кепехь вовшехъхьаьрчинчу куьйгийн хьовзор (кхин а халочу «догIанех» пайдаэцар). Пхьаьрсан хоттадаларшна лерина долу шардар; белшийн хоттадаларшна лерина долу шардар. Хоттадаларийн массажан шардарш дIасаийзоран (дуларан) шардаршца цхьанадалор.
Дерзоран дакъа: меллаша хелхаран гIулчаш; цхьанаэшшарехь хелхаран гIулчаш. Вадар – фронтальни, агIонгара, гонаха…..
Леламе (двигательные) хаарш а, карадерзарш а
Гонаха, колоннехь, кIажош тIехь, буьхьиг тIехь, охьалахвелла, спортан гIулчаца, сиха шуьйра гIулчаца лелар.
3-8 мин. аьтту болчу, паргIатчу кепехь вадар. Меттиг а, вадаран сихалла а хийцарца вадар. Лакхара старт а, команда даларца стартера вадар а, дуьхьалонаш йолуш вадар а. 30, 40, 60м лакхарчу стартера вадар, 3-10 м хикеман вадар. Эстафеташ 3 км кхочуш вадар.
Цхьана меттехь латтарца а, хьалхатаIарца а, йохалла а, локхалла а цхьанна а, шинна а кога тIехь кхиссавалар. 900, 1800, 3600 дIахьовзарца кхиссавалар; локхалех, дохаллехь кхийссавалар; 20-30 см (шина кога тIехь) 3-4-за тIехкхийсалургаца кхийссавалар. Гимнастически гIантана тIекхийсавалар. Локхаллехь чухахкаваларца а, цхьана кога тIехь лаьтташ а кхийссавалар. ГIорторан кхийсаваларш.
Жима буьрка йохалла а, нийсалла а кхийсар. Пена тIера а, у тIера а юхасхьакхетаран йохалле кхийсар 1 кг хир йолуш чу хIумнаш йоьхкина буьрка тайп-тайпанчу меттигашкара кхийсар.
Гимнастически пенна а, гIантана а тIедийлар, голаш тIехь лаьттачу гIорторехь тIедийлар, гIантана тIехул дийлар, гимнастически козелана буха дийлар. ГIантана кIелахула вийлар. Тобанаш, тобанашкахь дIакерчар. Муш тIе дийлар. Iункарлелхар, дIакерчар, пханарш тIехь лаьтташ, элементаш цхьанаэр. Iуьллуш а, лаьтташ а кхазар. Iуьллуш а, лаьтташ а гIортор. Кхозуш айвалар. Хьалхахьа Iункарлелхар – шиъ тIекIел, пханарш тIехь лаьтташ, Iуьллучу кепехь – «тIай». Юханехьа Iункарлелхар, цхьаннан гIоьнца я пена уллохь «тIай», пханарш тIехь латтар юха керчарца.
Ловзарш
Каде ловзарш. Ловзарш, тайп-тайпанчу буьрканашца долу ловзаран шардарш: цхьана метте лаьттачохь дIакхоссар а, схьалацар а ша цхьаммо а, шишшаммо цхьана а. Боламехь ловзархой хийцарца буьрка схьалецар а, дIаялар а.
Буьрка Iалашоне а, уьне а, хIазарна юккъе а кхиссар. Лаьттачохь а, боламехь а буьрка лелор; хьажам (направление) хийцарца, аьтту а, аьрру а куьйгашца. Кевна чу буьрка кхиссар.
Бошхаджиева З. М.
Достарыңызбен бөлісу: |