Я. У. Эсхаджиев
Оцу темех лаьцна дийцале, вайна хаа деза, цунна программи тIехь билгалдаьккхина маса сахьт ду. «Предложенин коьрта меженаш» бохучу юкъарчу темина программо хьажадо 16 сахьт. Учебник тIехь оцу темина лерина ю 9 параграф. Царна юкъахь ю вай билгалъяьккхина йолу тема а. Лаххарчу барамехь цунна догIу 2 сахьт (ши урок).
ХIун дуьйцу цу темех лаьцна бакъон тIехь? Хьовсур вай учебнике.
Оцу бакъонна лерина 5 пункт ю:
Хьалхарчу пунктехь билгалдаьккхина ду нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь цу темин коьртачу чулацаман башхалла хилар: нохчийн маттахь цIеран хIоттаман сказуеми коьртачу декъана шеца хоттам болуш хуьлу, оьрсийн маттахь и хоттам дукха хьолахь ца хуьлу, масала: Пушкин поэт ву (дуста: Пушкин поэт).
ШолгIачу пунктехь билгалдаьхна ду хIара хаарш: нохчийн маттахь сказуеми хоттам боцуш ала тарло кицанехь а, стихашкахь а, цIеран дакъа терахьдашах хиллехь а, сноскехь дош довзуьйтуш а, масала: Мало хало, (Кица). Хазалла сарралц, дикалла валлалц. (Кица.) Дешар серло, цадешар бода. (Кица.) Шозза шиъ диъ. Сал барз. Фольклор халкъан барта кхолларалла.
КхоалгIачу пунктехь учебник тIехь йолу бакъо шен коьртачу Iалашоне кхочу: «Хоттам боцуш алахь, подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуеминий юккъе тире юьллу, масала: Шозза кхоъ ялх. (Амма: Шозза кхоъ ялх ду).
ХIокху вай юьйцучу темин коьрта дакъа оцу пунктехь кхочушхилла чекхдаьлла. Цундела хьехархочо тидамехь латто деза оцу бакъоно дуьйцург.
Амма оцу пунктана тIаьхьа йогIуш йолу важа ши пункт а яц тидам боцуш йита мегар долуш.
ХIун хаам бо цара?
ЙоьалгIачу пунктехь дешархошна оьрсийн меттан урокехь хиъна хила магахь а, амма нохчийн меттан урокехь хьахийча бакъахьа хир ду аьлла, балийна авторо хIара хаам: «Iилманан декъехь дуьйцучохь цIеран хIоттаман сказуеми хоттам болуш оьрсийн маттахь а олу, масала: Язык есть тело мысли. (Нохчийн маттахь: Мотт ойланан дегI ду)».
Методикехь меттан факташ вовшашца дустаран некъ мехала ларалуш бу, цундела учебникан авторан прием (хьехаран некъ) къобалйина тIеэца еза хьехархочо.
ХIинца, тIаьххьарчу (пхоьалгIачу) пункто бохург хIун ду, хьовса деза вай. Цо бохург хIара ду:
«Подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуеминий юккъехь иза боху цIерметдош хилахь, цунна хьалха, хоттам хиларе хьаьжна доцуш, тире юьллу, масала: Хьанал къахьегар а, дика дешар а иза вайн коьрта декхар ду.
Луш долу хаарш, юххера хьаьжча, яккхий халонаш йолуш дацахь а, дешархошна дагахь латто мелла а хала хир ду, нагахь санна хьехаран некъ нийса билгал ца баккхахь. Амма и тема хьехна яьлча, дешархойн хааршлахь хьалхарчуй, шолгIачуй меттигашкахь хила деза хIара ши хIума:
1) хоттам боцчохь подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуеминий юккъе тире йиллар;
2) хоттам белахь а, бацахь а, цIеран хIоттаман сказуемин цIеран декъана хьалха лаьтташ гайтаран цIерметдош иза хилахь, оцу цIерметдашна хьалха тире йиллар.
Оцу коьртачу шина хаарх лаьцна кхетам балале, хьехархочо таллам бо хIокху кхаа хIуман тIехь:
1) хIокхул хьалхарчу урокехь Iамийна тема («ЦIеран хIоттаман сказуеми») дешархошна мел дика хаьа;
2) уьш муха кхета «хоттам», «хIоттам» бохучу дешнийн маьIнех;
3) тирений, дефисний юккъехь хIун башхалла ю, хаьа царна я ца хаьа.
Хьалхара таллам беш, хьехархочо дешархошна хьалха хIоттор ду фронтальни хаттарш:
Предложенин муьлхачу меженах олу сказуеми?
Маса тайпана хуьлу сказуемеш? Дагарде уьш.
Муьлхачух олу цхьалхе сказуеми?
Муьлхачух олу цIеран хIоттаман сказуеми?
Маса дакъа ду цуьнан?
Стенах олу хоттам?
…Кхузахь соцунгIа а хилла, хьехархочо дешархошкара лаха деза хIара жоп: а) Хоттамах «хоттам» аьлла, цо подлежащи а, коьрта маьIна чохь долу сказуеми а вовшех хутту дела; б)хоттамо подлежащих лаьцна лексически маьIна ца гойту, грамматически маьIна гойту: хан, саттам.
И хаарш дешархойн долуш делахь, фронтальни хаттарш чекхдаха мегар ду:
ХIун маьIна ду «хIоттаман» бохучу дешан?
…Цаьргара лоьхуш долу жоп хIара ду я кхунах тераниг ду: массех декъах лаьтташ хилар гойту (вайн кхузахь: шина декъах: цIеран декъах а, хоттамах а).
ХIунда аьлла цIеран декъах «цIеран»?
Кхузахь гучудолу оцу сказуемин коьрта маьIна: цунах «цIеран» аьлла, и дакъа цIердашах, билгалдашах, терахьдашах, цIерметдашах (дуста оьрсийн маттаца: именем существительным, именем прилагательным, именем числительным, метоимением), церан маьIне девллачу кхечу къамелан дакъойх (оьрсийн маттахь: субстантивированные части речи). Цундела учебник тIерачу параграфехь далийна масалш («Селиматтий, Iайнаъий, Асеттий хьоьхуш ю», «Иза доьшуш ю) грамматически бакъонца нийса ца догIу, хIунда аьлча «хьоьхуш», «доьшуш» и дI. кх. йолу деепричастеш «цIераш» («имена») яц. Цундела учебник тIера и масалш ца хьахийча а хIумма а дац.
ХIинца урокан кхоалгIачу Iалашонна тIекхача хьовсу вай: хIун башхалла ю тирений, дефисний юккъехь. Оцу Iалашоне кхачархьама, хьехархочо дуьххьалдIа хаам баран (хаарш даларан) некъаца, аьлча а, цо дешархошка иштта дуьйцу:
Дефис йозанехь а, зорбанехь а цхьана элпан меттиг дIалоцуш хуьлу, дефисна хьалха а, тIехьа а кхин меттиг бац, цунна дехьа а, сехьа а лаьтташ долу ши дош дефисна тIеттIатаьIна ду:
кад-Iайг,
ков-керт,
сал-пал,
мотт-гIайба,
цIен-можа,
мерза-муьста,
Дадин-Юрт,
Терк-хи, и дI. кх.
Тире йозанехь а, зорбанехь а дефисал шозза еха а ю, цунний, цунна хьалхай, тIехьай лаьттачу дешнашний юккъехь кхин цхьацца элп диллал меттиг хила беза. ХIара вай иштта лерина хIунда дуьйцу аьлча, хаа деза дешархошкахь вай йозанан культура кхио езий. Ткъа иза, муьлхха а кхин долу хIума санна, шардаршца (упрожненеш ярца) бен, кхуьуш дац. Делахь хIета, далор вай тире йилларна массех масал. Учебникан параграфна тIехь ма-аллара, тире йилла аьттонаш болуш хуьлу халкъан кицанаш, хIунда аьлча царалахь дукха нисло афоризмийн кепара долу кицанаш:
Аьхка мало Iай хало.
Ала йоIе, хаза несе.
БIаьрг стешхалла, куьг майралла.
Ваша воцу йиша маргIал-сара.
Ворда юьйхи дечиг, сту бели жижиг.
ВоI воцу да бух боцу хен, ваша воцу йиша тIам боцу леча.
Гай чу даханарг ницкъ, ги даханарг мохь.
…Хьеха йоло езачу темина и кечамаш бинчул тIаьхьа дIайоло мегар ду цунна лерина йолу урок.
Урокан Iалашо цуьнан чулацамо билгалйоккху: подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуеминий юккъе тире йилла дешархой Iамор.
Иза Iамо дIадоло деза учебник тIерачу бакъонна далийна долу масалш цкъа хьалха шайца хоттам а болуш даладо (доски тIе хьалххе дIаяздо):
Пушкин поэт ву.
Мало хало ю.
Хазалла сарралц ю, дикалла валлалц ю.
Дешар серло ю, цадешар бода бу.
Шозза шиъ диъ ду.
Фольклор халкъан барта кхолларалла ю.
ХIинца дешархошка билгалйохуьйту оцу предложенийн коьрта меженаш: подлежащи а, сказуеми а. Доски тIехь а, дешархойн тетрадаш тIехь а кIел сизаш хьоькхуьйту царна: подлежащина кIел цхьа сиз, сказуемина кIел ши сиз. Оцу кепара дешархой тIебуьгу, оцу предложенешкахь йолу сказуемеш цIеран хIоттаман сказуемеш ю аьлла, чIагIдарна.
Кхин цкъа а йоьшуьйту предложенеш, амма хIинца хьехархочо тидаме оьцу церан (оцу предложенийн) йоьшучу хена хуьлу эшар (интонаци). Иза хIунда деш ду? Дера ду и предложенеш шайца хоттам болчу хена цхьа интонаци, и хоттам боцчу хена кхин интонаци йолуш йолу дела. Оцу керлачу хаарна уьш тIебигархьама, хьехархочо, тIе сизаш а хьоькхуш, цIеран хIоттаман сказуемийн хоттамаш дIабоху. ХIинца цо дешархошна тIедожадо, и предложенеш шаьш хIинца ма-ярра еша олий. Цхьаъ-шиъ цо ша еша а мегар ду, амма хила езачу интонацица. Кхузахь гучудолу дешархошна керла долу хIума: и хоттам дIабаьккхича, подлежащиний, цIеран хIоттаман сказуемин цIеран декъаний юккъе соцунгIа (пауза) юлу. И пауза билгалъяккхархьама, юьллуш ю йозанехь и тире. Цундела хьехархочо ша йохку и тиреш, тIаккха предложенеша хIара керла «сибат» тIеоьцу:
Пушкин поэт.
Мало хало.
Хазалла сараллалц, дикалла валлалц.
Дешар серло, цадешар бода.
Шозза шиъ диъ.
Фольклор халкъан барта кхолларалла.
Урокан оцу декъан жамI деш, кхин цкъа а чIагIдан деза и тире, охьатесначу хоттаман метта юьллуш йоцуш, хуьлуш йолчу керлачу интонацин метта юьллуш хилар.
Кхуззахь царна дIахоуьйту кхин цхьа хIума а. И тире билггал муьлхачу метте юьллуш ю: подлежащина тIехьа юьллу я цIеран хIоттаман сказуемин цIеран декъана хьалха юьллу? Оцу хаттарна догIуш долу жоп дукха хьолахь хуьлу иштта: и тире охьатесначу хоттаман метта юьллуш йолу дела, цуьнан меттиг хила беза цIеран декъана хьалха. Ткъа иза, вайна ма-хаъара, нийса ца догIу. И нийса доций вайна хуур ду, цIеран хIоттаман сказуемин цIеран декъана хьалха цунна хьакъ болу къастам балийча я кхин меже ялийча, масала:
Пушкин оьрсийн сийлахь-воккха поэт.
Мало даим а хало.
Хазалла массарна а сарралц, дикалла массарна а валлалц.
Дешар къеггина серло, цадешар сов Iаьржа бода.
Шозза шиъ даим а диъ.
Оцу масалша къеггина гойту вайна тире юьллуш болу меттиг подлежащина тIехьа хилар.
ХIинца, и хаарш шардархьама, дешархошка кхочушйойту параграфна кIел ялийна йолу упражнени, цхьа предложени йоцург (14. Доза иза ши богIам бу), хIунда аьлча «иза» бохучу цIерметдашна хьалха тире йиллар вай шолгIачу урокехь Iамо дуьту. И упражнени йоккха хиларна, урокехь кхочушйина бевр бац дешархой, цундела, цIахь бан болх луш, иза цIахь чекхъяккхар тIе а дуьллу, параграфан йиъ пункт Iамо тIе а дуьллу. Цуьнан пхоьалгIа пункт, вай лакхахь ма-аллара, шолгIачу урокехь Iамо юьту.
И тIаьххьара а йисина йолу пхоьалгIа пункт Iамо атта хир ду, хIунда аьлча цуьнан чулацамо бохуш дерг кхето атта ду: цIеран хIоттаман сказуемица цхьаьна хоттам белахь а, бацахь а, оцу сказуемица хьалха лаьтташ гайтаран гIирс хилахь, цунна хьалха тире юьллу. Иштта ю учебник тIехь ялийна бакъо.
И пункт хьоьхуш, пайда эца беза дийцаран (хаам баран) некъах, цхьа-ши масал а далош:
Вайн махкахь дешаран заведенешкахь хаарш эцар иза хIораннан а бакъо ю.
Воккхачуьнца гIиллакхе хилар иза хIора стеган декхар ду.
Параграфна кIел ялийна ший а упражнени цхьатерра тIедилларш долуш ю: «ДIаязъе, подлежащина кIел цхьа сиз а, сказуемина ши сиз а хьокхуш. Подлежащиний, сказуеминий юккъе йогIучу тире йилла».
Оцу шина а упражненехь хIокху пунктана йогIуш цхьа предложени бен яц: «14. Доза иза ши бIогIам бу».
Цундела шолгIачу упражненина цIеран хIоттаман сказуемин цIеран декъана хьалха «иза» боху гайтаран цIерметдош а хIоттош, хийца предложенеш, цу цIерметдашна хьалха тире а юьллуш.
И предложенеш ерриш а-м хийцалур яц хир ю дешархошка. Цудуьхьа, кепана аьлла, массех масал дало мегар ду царна:
Дика дин иза боьршачу стеган тIам бу.
Дуьненан хьал иза могашалла ю.
Халкъан ницкъ иза бухбоцу шовда ду.
Упражненин йисина кийсак а, параграфан пхоьалгIа пункт а цIахь кхочушйина чекхъяккха тIедуьллу.
Дешархойн хаарш толлур ду цара бинчу йозанан белхийн буха тIехь.
Достарыңызбен бөлісу: |