Чеченской республики


НОХЧИЙН ЙОЗА ТОДАРАН НЕКЪАШ



бет4/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19

НОХЧИЙН ЙОЗА ТОДАРАН НЕКЪАШ

ХIоттаран а, кхиаран а новкъахь болчу нохчийн литературин меттан хьашташ, кхачамбацарш дуккха а агIонашца доьзна ду. И агIонаш ю: йозанан кхачаме хилар-цахилар; дошший, дешан форманашший кхолларан таронаш кхиаран барам; маттана юридически делла долу даржжий, цо юкъараллин хьашташкахь баккъал а дIахьочу функцийн бараммий; цуьнан бакъенаш (норманаш) билгалъяран барам; Iилманехьара а, оьшучу харжашкахьара а кхачо йина хилар-цахилар; цуьнан Iилманан а, исбаьхьаллин а литературин дукхаллица доьзна долу хьал.

Иштта кIезиг-алсам хьесапен йолчу мотт кхиаран билгалонийн могIа кхин а бахбан тарлуш дара, амма царалахь коьрта билгало цу меттан йоза кхачаме хиларан барам бу. Цундела дара пхийттех шо хьалха – Россехарчу къаьмнийн мотт-йозанан хьашташ кхочушдаран гIулллакх тIехь мелла делахь а алсам маршо яьлла аьлла хетаделлачу хенахь – вайна юкъара дагадовларш а, къийсамаш а, цхьаццаннийн керла юкъадалораш а йозанна гонах хилар.

Хьалххе дуьйна а массо Iилманчас нохчийн йоза хьахаделлачохь, билгалдоккхуш дара и кхачамболуш цахилар. Цуьнца гIуллакх мел хиллачунна хаьа, и дешарна мел хала ду. Коьрта кхачамбацар ду нохчийн графикехь мукъачу элпаша вайн цIенанаш – дифтонгаш олурш а, доцанаш – деханаш а, манкха а, гIелдина а (редуцированни) мукъа аьзнаш вовшех къастош цахилар. ХIора дашехь мукъа элп яздой хуьлу, ткъа цуьнан деша деза кеп, гуттар бохург санна, предложенехь бен – цуьнан хила догIу маьIна билгалдаьлча бен – ца къаьста. ГIалатвалар шина кепара хила тарло: I) цхьана дашана лерина йоза нохчийн кхечу дешан кепехь дешар я 2) и нохчийн маттахь дан а доцчу дешан кепехь дешар.

Оцу а, кхечу а бахьнашна наггахь бен ца волу нохчийн йозанан керла текст шерра, тасавалар доцуш чехка ешалуш стаг. Иза хила веза цхьана предложенин дешнаш багахь олуш лаьтташехь бIаьрган а, ойланан а тидамца цул тIаьхьарчу цхьана я масех предложенех чекхвала похIма долуш. И доцчун, йозанах хьовха, маттах а, цуьнан кхиаран таро хиларх а шеко кхоллало, дIахерло цу маттаца болу уьйр-безам а.

Долчу хьолана резацахиларо тIаьхьарчу заманчохь а дикка абатийн (алфавитийн) проекташ кхоллийтира. Ала деза, церан гIоли я оьшуш хиларан тоьшалла башха бIаьрла дацара. Церан авторша кхоччуш чоьте ца оьцу таро яра абат йозанан цхьа агIо бен ца хилар а, элпаш иштта я вуьшта дерзош-хьовзош яздаро ян тарлуш йолу гIоли, долчу хьашташка хьаьжча, вуно кIезиг хилар а.

Хьахаделлачуьра, кхетам хIотто беза йозанах, цо чулоцучу цхьадолчу дакъойх.

Йоза (письменность) – иза йозанан хьаьркийн гIоьнца адамаша маттехула вовшашца уьйр лелаен гIирс бу. Цо юкъалоцу: элпаш а, кхин долу йозанан хьаьркаш а, церан маьIнаш а, уьш нийса яздаран, дешаран бакъонаш а. Доцца аьлча, – абат а, графика а, мелла делахь а, орфографий, орфоэпий.

Графика меттан дерриш йозанан хьаьркаш а, элпийн, церан цхьаьнакхетарийн азмаьIна а (звуковое значение) билгалдеш долу Iилманан дакъа ду.

Абат (азбука, алфавит) – цхьана я масех маттана лерина, рогIаллин кепехь дIанисйина элпхьаьркаш (буквенные знаки).

Кхузахь дийца леринарг коьрта долчунна графикица доьзна ду. Делахь а, ца хьехийча ца йолу графикин бухехь хила хьакъ йолу абат а.

Йоза кхуллуш я хуьйцуш, хьалха жоп дала дезаш ду – дукхахдолчунна меттан шен а доцчу – Iилманан, политикин хаттаршна: керла абат кхолла те; ткъа ца кхоллахь, дуьненахь лелош йолчу абатех бухе муьлха йилла те? ШолгIа некъ лацахь, тIеоьцучу абатехь долуш долу элпаш тоаме цахилар гучудаьлча, къасто деза: цу юкъа керла элпаш тоха те, могIарера доцу хьаьркаш (внестрочные знаки) юкъадаладе те я элпийн цхьаьнакхетаршна фонемийн маьIна ло те.

Хьалхарчу (керла абат кхоллий те бохучу) хаттарна тахана – Россехарчу къаьмнийн йоза цхьана буха тIехь хила деза аьлла закон тIеэцна хилча – жоп леха оьшуш а ца хуьлу. Ма-дарра аьлча, хьалха а яцара керла хIиттийна абаташ – мел хазий, говзий хIиттийнарш а тIаьхьа – дуккхаммо а къобалъеш.

Маттехула уьйр кхуллучу гIирсийн цхьаьна кепаралла лоьху кху дуьнен тIерачу къаьмнийн дахаран цхьаьнадозадалар чIагIлучу глобализацин замано. Кхаа маттана ша-ша тайпа абат кхоьллина бохуш, гIараваьлла вуьйцу Месроп Маштоц а тахана кхечу новкъа хIотта декхарийлахь хир вара. Цуьнан заманахьлерачу авторшна а, тексташ дебочу йозанчашна а ца евзара хIинцалера полиграфица йолу халонаш: дуьненан муьлххачу маьIIехь а тексташ кхоллар а, дебор а куьйга кхочушдора – цу муьлххачу а йозанна вуно шуьйра таронаш лучу, амма деборан (тиражированин) гIуллакх тIехь эвсаралла йоцчу гIирсаца.

Абатийн цхьаьнацаяро кхуллу новкъарлонаш, Iанне а ца Iа полиграфица йолчу халонашца йозаелла. И тайпа новкъарлонаш ю йозанехула кхечу къоман мотт Iаморехь а, кхечу меттан йозанера къаьмнийн юкъара дешнаш довзарехь а. Цу юкъахь ю тайп-тайпанчу вывескашний, указателшний тIера меттигийн, фирманийн, кхечу хIуманийн цIераш а, документаш тIера долахь цIераш а. Абатийн цхьаьнацаяро аьтто ца бо царна тIехь дукха нислуш а, шаьш тIетоьхна долчу меттиго маьIнех кхета таро лун йолу а дешнаш кхечу къомах болчарна довзарна а, Iамарна а.

Исторера аьлча, кхечу къаьмнийн йозанан буха тIехь шен йоза кхолладаларан новкъа нохчийн мотт хIоьттина масех бIе шо ду. Советан Iедалан муьрехь кхузза графикин бух хийцира нохчийн йозано: Iаьрбийн, латинийн, оьрсийн. Бакъду, латинийн йоза дукха а ца лелийра я Iаьрбийн йозанна тIера оьрсийчуьнга дуьгучу новкъахь юкъарлонна бен тIеэцна а дацара: нийсса оьрсийн абате дахаро гучуйоккхура Iедалан цивилизаторски (массо Россина чудогIу къаьмнаш цхьана йозан тIе дахаран) политикица йоьзна гергара Iалашо а, цхьана (оьрсийн) матте дигаран Iалашо а. Латинийн графикехула а, динах халкъ хердарехула а, Iаьрбийн йозанах нохчий а, кхиндолу къаьмнаш а дIахердинчул тIаьхьа башха хала ца хетара бухера Iалашо кхочушъян а. ХIоразза а хьовзош долу бахьана дара: хIинца тIеоьцуш долу йоза гIоле ду хьалхарачул. И-м дукхахдолчунна иштта дан а дара.

Нохчийн мукъачу аьзнийн системица данне а ца догIура Iаьрбийн йоза. Нохчийн меттан хьашташна и герга дига мел гIоьрти, чолхе хуьлура тIетуху хьаьркаш, зорба куьйга кечъечу клишеш тIера тухуш дара.

Латинийн абатехь элп-хьаьркаш оьрсийчарал кIезиг хиларна, цигахь а дукха хуьлура шалха элпаш а, тIетуху хьаьркаш а.

Хила тарлора оьрсийн абат нохчийн йозанна латинийнчул дикка гIоле:


  1. мукъаза элпаш шинхьахь а 2I делахь а, оьрсийн абатехь нохчийн маттаца вуно дукха лелаш долу, ткъа латинийн доцу ч, ш элпаш ду; латинийн абатера оьрсийн доцу h [хI], q [кх] нохчийн маттаца вуно кIезиг лела;

  2. латинийн пхеа мукъачу элпана дуьхьал оьрсийн абатехь итт ду, ткъа нохчийн мотт мукъачу аьзнашна чIогIа хьалдолуш бу;

  3. оьрсийн шиъ аздоцу элп ду (ъ, ь), ткъа уьш атта хуьлу тайп-тайпанчу маьIнехь лело;

  4. оьрсийн элпашна нохчийн йозанехь тIетоха тарлора хIинца [I] озана леладен хьаьрк, амма латиницица и ца догIура, [л] аз билгалдечу элпах и цигахь къасталуш цахиларна (дуста: I, l). Ткъа хIора керла маьIна шена дала йиш йолу хьаьрк абатехь вуно мехала ду.

Лакхахь ягарйинчу башхаллаша нохчийн йоза кхолларан гIуллакх тIехь оьрсийн абатан мехалалла вуно хьалайоккхура. Йоккхура… Амма ца яьккхира. Бахьана изза дара: оьрсийн абат нохчийн йозанехь а оьрсийн ма-дарра диса дезаш дара.

Цу бахьанехь 70 шо гергга хан ю вай цIенна ала мегар долуш йолу оьрсийн абат лело. Бакъду, хьакъ а доцуш нохчийн абатна юкъатоьхна шалха элпаш-м ду, амма уьш графикин декъера хиларна, чоьте ца эца а мегар ду.

Кхузахь билгалдан дезаш цхьа хIума а ду. ХIинца вай вешан йозанна лелош ерг кириллицин буха тIехь кхоьллина нохчийн абат ду бохург – и дукхахдолчунна хаза туьйра ду: тIаккха-м оцу кепара кхоьллинчу оьрсийн абатан дарже гIоьрттуш хуьлура вайн абат а. Орамашка гIиртича-м кириллица а, латиница а грекийн абатера даьлла. Кхин а дIадигча, грекийн а, Iаьрбийн а йоза цхьана ораме – финикийски олучуьнга дуьгу Iилмано. Нохчийн хIинцалера абат кхоьллинарш бакъйолчу кириллице бухахьаьжна а бац, ткъа оьрсийн абатера цхьа элп я цуьнан цIе а хийцина а яц, тIаккха, хьаштдоцуш тIетоьхна шалха элпаш дIадаьхчахьана, еккъа оьрсийн алфавит юьсу.

Оьрсийн йозанан буха тIехь кхуллу нохчийн абат баккъал а нохчийн хилийтаран некъ ца лоьхуш цхьана а хенахь хилла хир бацара нохчийн йозанан белхахой. Царна юкъахь лелаш дара цуьнца доьзна долу цхьацца хетарш а. Амма, «интернационализациний», «интеграциний» дуьхьал а нислой, уьш довра. Цундела цу заманчохь ца кхоллаелира оцу хетарийн система. Цул сов, мелла а юхатуьйхира оьрсийчун буха тIехь долу йоза тодарехьара лехамаш а, цхьаццангахь кхоллаелира цуьнца йоьзна нигилизм а.

Коммунистийн режим йоха гергайоьдуш дуьйна а, цхьаболчеран ойла латинице ерзаран бахьана, деккъа политически хилла ца Iаш, оьрсийн меттан Iаткъамах нохчийн мотт мелла делахь а паргIатбаккхаран некъ дукхамма а цуьнан йоза оьрсийчух херадаккхарца бозар а дара.

Юхадендан долийра хьалхалера, ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь лелла долу латинийн йоза. Хийцамаш а бира… косметически. Йоза-дешарна аьтто боккхуш хIума ца дира.

Мухха а, йоза тодаран новкъа хIоьттинчо дицдан мегар дац абат (алфавит) графика ца хилар, йоза-м – муххале а; цуьнан шен дикалла а зилийн иштта я вуьшта дIасахьийзорах йоьзна Iаш йоцуш, дукхахдолчунна тексташкахь ша лучу аьттонца гучайолуш хилар. Керла абат юкъаяло дагахьволчунна гуш а, цо схьагойтуш а хила деза дуьззина йоза, аьлча а, гайта беза абато юкъа ца лаьцначу аьзнийн йозанехь билгалдаран некъаш а, иштта коьрта йолу нийсаяздаран бакъонаш а. ТIехула тIе, цунна гуш а, цо схьагойтуш а хила еза и йоза шуьйра кхочушдарехь техникица йоьзна йолу таронаш а.

Нохчийн маттана тахана, ша пачхьалкхан меттан даржехь когахIуттучу дийнахь, чIогIа оьшу вайн ларам а, безам а, къаьсттина – тIекхуьучу чкъуран. Хьехархочо цкъа мацца а дика йоза хир ду вайн бахарх, кхоллалур бац дешархойн шайн ненан матте хила хьакъ болу безам, лелош долу йоза и тайпа мотт ма-барра йозане билла тарлуш хиларх а шеко кхуллуш хилча.

Лакхахь дийцина кхачамбацарш дIадахарна цхьаццанна каро тарлун некъаш вуно дукха бу. Цуьнца боьзна болу лехамаш мелла а цхьана хорша берзорна тIеэцна хила еза ларъян лерина цхьа коьрта Iалашонаш (принципаш). Хетарехь, уьш иштта хила еза:

I. ХIинца лелош долчу элпийн барамал сов ца вала а гIерташ, тайп-тайпанчу гIирсашца массо а нохчийн меттан фонемаш йозанехь билгалъеш хилийтар. Ткъа вайн фонемаш хIинца лелош долчу элп-хьаьркел дикка дукха хилар чоьте эцча, цхьана элпана масех фонемин маьIна дала а дезар ду – цу элпана луш долу фонемин маьIна дашехь цуьнан латтаран меттиго къастор долчохь (дешан юьххьехь я чаккхенехь, мукъачу я мукъазчу озана хьалхахь я тIехьахь).

2. ТIехдаьккхина массо элпашкахь а оьрсийн графикехь церан доллу маьIна лардан гIертаро вай даладо нохчийн тексташ транслитерацин, аьлча а, цхьана меттан тексташ кхечу меттан графикица дIаязъяран кепе. Ткъа иза дукхахьолахь шен йоза доцчу меттан дешнаш я тексташ дIаязъярна лелош хуьлу. Мотт йоза долуш белахь, цуьнан графикин гIирсашца нийсса а, дуьззина а гайталуш хила еза цу меттан шен морфологин а, фонологин а башхаллаш. Транслитерацехула яздеш мелхо а тIеэцна я кхечу маттера юкъадалийна дешнаш хила деза. Цундела таро йолуш лара деза нохчийн графикехь лелош долчу элпийн оьрсийн графикехь церан доцу маьIна хилар а. Ша ду и тайпа меттигаш мелла а кIезиг хилийта гIерта дезар.

3. ХIинца хаалуш ду цхьацца изданешкахь йозанан бакъонаш хийцина лелор, дош а, цуьнан форманаш а кхолларан бакъонаш талхор. Цу гIуллакхан бухехь ерг-м дика ойла ю: цхьамма ца болийча болий керланиг, гIолениг лахаран а, юкъадалоран а болх аьлла. Амма цхьана редакцин белхахоша шайн изданехь (и шайгахь хиларе а, нохчийн йоза нийсалелорна Iуналла деш тахана цхьа а орган ца хиларе а терра) юкъадалориг кхечу редакцин белхахошна низам хилла тIедужуш ца хиларна, цигахь кхин бакъонаш лоху я хьалхалерранаш дIалелайо. Дешархочунна цунах цхьа маьIна бен ца долу – нохчийн йозанехь хIорамма шена хет-хетарг лело мегар ду аьлла. Цундела графикехь а, орфографехь а маггане а мегар дац и тайпа хIумнаш лелон. Йозанехь хIиццалц дIахIоьттина кеп лело езахь а, цигахь хийцам бан безахь а, къастош централизованни цхьа орган хила еза. Цуьнан сацам массо дешаран заведенеша а, зорбанан изданеша а кхочушбан а беза.


В.Ю. Гиреев



Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет