Чеченской республики


НОХЧИЙН ЙОЗАНЕХЬ БАН БЕЗА ХИЙЦАМАШ



бет5/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19

НОХЧИЙН ЙОЗАНЕХЬ БАН БЕЗА ХИЙЦАМАШ



Фонетикера боцца хаамаш
Хьалха аьлла ма-хиллара, нохчийн абат аьлла хIинца вай лелош ерг оьрсийнчун буха тIехь хилла ца Iаш, оьрсийн ма-ярра йисина а ю ала мегар долуш хьал ду. ТIаккха вай лелориг дукхахдолчунна транслитераци ю (шен йоза доцчу меттан текст цхьана девзачу абатан элпашца дIаязъяр). Хинда шена элпийн яздар-м оьрсийн санна: цу хьоло полиграфица а, кхечу йозанан техникаца а болу аьтто совбоккху вайн. Амма элпийн цIераш а, къаьсттина церан маьIнаш нохчийн маттана тIедоьгIна хила деза. Нохчийн абато дуьззина кхочушдан деза нохчийн меттан йозанехула долу хьашташ.

ТIеоьцург оьрсийн йозанан бух а хилча, тахана лелош долу йоза оьрсийн фонетикин бакъонаш ларъечу кепара нисдина а хилча, хьовса хьакъ ду, хIун коьрта башхаллаш ю нохчийн, оьрсийн фонетикийн системашкахь.



Мукъаза аьзнаш. Оьрсийн меттан системехь аьзнаш массо а багахаранехь (ротовая полость) кхоллалуш ду, ткъа нохчийниш цхьадерш багахаранехь, важадерш легашхаранехь (глоточная, гортанная полость) кхоллалуш ду. Кхеташ ма-хиллара, оьрсийн абатехь цу шолгIачарна элпаш вайна карор дац.

Оьрсийн мукъаза аьзнаш кIедачаьргий чIогIачаьргий декъало, ткъа нохчийнаш цу билгалонан агIорхьара юккъера лара мегар ду. Кхузехь а оьрсийн абатера мукъазчу аьзнийн кIедалла – чIогIалла къасторан гIирсаш нохчийн йозанна оьшуш хир бац. Иштта оьшуш дац аьлла хета нохчийн матте тIеэцначу дешнашкахь мукъазчу аьзнийн кIедалла ларъеш лело хьаьркаш хIиттор а.

Нохчийн массо а багахаранехь кхоллалурш, кIеззиг бен башхаллаш йоцуш, дуьхьал нисло оьрсийн мукъазчу аьзнашна. Цундела царна оьшу элпаш тIелаха дезар дац. Мелхо а, багахаранера вайн цхьа а мукъаза аз шайца нисдан ца тарлуш, дуьсу оьрсийн щ, х (нохчийн [х] легашхаранехь кхоллало, оьрсийн х вай цунна леладахь а). Iилмано, нохчийн маттехь легашхаранехь кхоллалуш ю аьлла, билгалйина ю 12 фонема [х, гI, хь, ъ, кх, хI, къ, I, кI, тI, пI, чI, цI]. Оццул элпаш, керланаш а ца кхуллуш, карон йиш ца хиларна, царах цхьайолу фонемаш шишша элпаца билгалйан езаш хуьлура. Амма, ершше а юй те уьш цхьатера, аьлла ойла йича, лакхахь ялийначех пхиъ [х, гI, хь, хI,ъ] цIена, цхьалхе фонема хилар а, важа бархI чолхе хилар а билгалдолу. Цу тайпанчийн могIа дIабахбича, уьш (чолхе фонемаш) 28-не кхочу. Масала, хIокху могIаршкахь

кх, тх, цх, чх, пх

къ, ткъ, цкъ, чкъ, пкъ

могIа болош йолу фонемаш чолхе а ю, шайна тIаьхьарчех оцу билгалонехула къаьсташа яц, къамелехь тексташкахь шайн дукхазза нисъяларций бен: тх = т + х, ткъ = т +гI, цх = ц +х, цкъ = ц + гI иштта дIа кхин а.

ШолгIа дакъа хь долуш йолу чолхе фонемаш шина декъе екъало: хьалхара дакъа къора дерш [тхь, цхь, чхь, пхь, шхь, схь] – цигахь шолгIа а къора хеза; хьалхара дакъа зевне дерш [дхь, бхь, жхь, зхь, мхь, нхь] – цигахь шолгIа дакъа а зевне хеза. И зевне шолгIа дакъа билгалдеш ша къаьсттина элп лелон оьшуш дац, и фонема ца хиларна. Аьлчи а, зевнениг а къораниг а цхьа фонема [хь] ю, нохчийн литературин маттахь зевнечу мукъазчу озана тIехьахь бен зевне хуьлуш а йоцу. Ткъа вай хIинца яздеш долу дI, бI, зI… нийса дац. I элп дилларца кхечанхьа, мукъазчу озана тIехьахь доцчехь, вай хIинца билгалден аз (Iуьйре, даIа) ша а ду чолхе: [I]=[ъ]+[хь].

Иштта чолхе лара мегар ду нохчийн кI (к+ъ), тI (т+ъ), цI (ц+ъ), пI (п+ъ).

Доцца аьлча, нохчийн легашхаранерачу 33 мукъазчу озах 5 цхьалхе ду, 28 – чолхе.

И тайпа чолхе аьзнаш Iилмано шайн даржехь фонемашка дIанисдо.

И къобалдича, нохчийн легашхаранехь кхоллалуш 33 мукъаза аз ду. Царех, вай билгалдина ма-хиллара, цхьалханиг 5 ду. ТIаккха чолхениг 28 ду. Багахаранерачу 19-нах 17 цхьалхе ду, 2 – чолхе (ц, ч). Цхьанатоьхна аьлча, 22 цхьалхениг, 30 чолхениг – дерриг 52 мукъаза аз – фонема ду.

Оьрсийн абатехь 21 мукъаза элп ду, нохчийн мукъазчийн маьIнехь лелон тарлуш оьрсийн аз доцу элпаш ъ, ь а ду – дерриг 24 элп. Цундела 52 леринчу аз-фонемах 28 шайна элп доцуш юьсу – нисса легашхаранерачу чолхечу аьзнел. Царна, таро а хилла, элпаш кхоьллича, уь долуш долчарел 116 % дукха хир дара, ткъа ерриг абатан элпашца дуьстича, (мукъаниш а юкъалоцуш), кхолла дезарш 85 % хуьлура, тексташкахь шайх хила тарлуш йолу кхоамелла (экономичность), аса диначу хьесапехь, 3 % бен ца хуьллушехь.

И элпийн дукхаллин инзар юхатоха йиш ю. Нохчийн меттан легашхаранера чолхе аьзнаш, кхинйолу аффрикаташ санна, юкъ-юкъарчу аьзнех кхоллалуш дац. Легашхаранера муьлхха цхьалхе мукъаза аз, оццу дешдекъерачу мукъазчу озана тIехьа нислахь (шайн артикуляцин агIор башхалла йолчу р, л доцчарна), хьалхарчух дIаоь.

И диффузиэн (диффузионни) амал церан гуттар а кочушхуьлуш йолчу коьртачех билгало а лерина, церан кхечу мукъазчу аьзнашца хуьлу цхьанакхетарш даржехь муьлхха а мукъазчу аьзнийн паргIатчу цхьанакхетаршна герга ялон тарло, легашхаранера мукъазчу аьзнийн ийна цхьанакхетарш (слитные сочетания гортанных согласных звуков) аьлла цIе а луш: ийна хиларна, аффрикатех тарлуш, чолхечех ду уьш; цхьанакхетарш хиларна, паргIатчех тарлуш, хоттамалин (составни) ду уьш.

Легашхаранера чолхе мукъаза аьзнаш, я церан ийна цхьанакхетарш, паргIатчарна гергардалор – къаьсттина абате хIоттийна хилла кх, къ, кI, тI, пI, чI - тахана цхьаболчу Iилманчаша шеконе лара тарло. Делахь а дешаран, уггар хьалха йозаIаморан хьашташна, методически Iалашонаш кхочушъярехь, пайдехь хир ду иза. Легашхаранера 28 «фонема» дагахь Iамо гIертачул атта ишттачу фонетикин бакъонах кхето: шолгIа дакъа легашхаранера мукъаза аз мел долчу аьзнийн цхьанакхетаршкахь дакъалоцу аьзнаш цхьаьнаоь, диффузи хуьлу (нагахь хьалхара дакъа р, л дацахь).

Цул сов, шен фонемашна цхьацца элпаца билгалдаран гIирс графикехь алсам мел хили, цу меттан йозанан престиж, цуьнан пусар сов долу. Ткъа иза вайн йозанна вуно оьшуш ду.

Цундела кхузахь хьакъболу лехамаш-талламаш Iилманан еххачу кханенна а битина, дешаран гIуллакх цу баланах кIелхьарадаккха деза аьлла хета.

Мукъа аьзнаш. Оьрсийн 5 мукъа аз-фонема ю, амма 10 элп ду. Уьш фонемашна оьшучул сов лелоро оьрсийн графикехь аьтто бо мукъачунна хьалхара мукъаза аз чIогIа-кIеда хиларехь билгалдан. Цу хьаштана ца оьшучехь я, е, е, ю элпаша дош я дешдакъа [й] озаца хилар билгалдо. Цу шина а маьIнехь вайн маттана и тIетохар оьшуш дац: нохчийн мукъаза аьзнаш юккъера хиларна а, й вайн маттахь, гуттар а бохург санна, хийцалуш болу классан гайтам я дукхаллин/дукхазаллин гайтам хиларе терра, иза мукъачу элпах дIатохар нийса ца хиларна а.

Оьрсийн йоза мукъачу элпашна хьолен делахь, нохчийн мотт мукъачу аьзнашна уггар хьоленчех бу. Кхузахь Iилманчашна, манкха мукъа аьзнаш ца лерича а, 34-нга кхаччалц цхьалхе а, чолхе (дифтонгаш олу) а мукъа аз-фонема карадо. И иштта хиларх шекьхила а, йоза кхоллараллехь и тIе ца лаца а агIонаш ю:

Цкъа делахь, исторехь аьзнаш кхолладаларан, аз-озе хийцадаларан некъаш гойтучу гIирсан кепехь гIоьналлина юкъадалон аьзнаш Iилманна эшахь а, лелочу йозанна чолхе а, сов а ду. Масала, ай, уй, ав, ув, иев, уой иштта дIа кхиндерш а цхьана фонемин маьIнехь кхето гIертар.

ШолгIа делахь, дукхахболчу Iилманчаша ялочу дифтонгийн, трифтонгийн барам тайп-тайпана бу, хIораннан хетаре хьаьжжина. Масала, Н.Ф. Яковлевс дукхамма а иштта ца лору аь а лерина дифтонг [эа]. Цунах, цхьана агIор, кхета а мегар ду: аь олуш меттан дукъ а олушчул айбина а, хьала оьзна а хуьлу, ткъа э олушчул лахахь а, тIехьахь а хуьлу. Амма, вукху агIор, тарлой те, оцу меттехь мотт а болуш цIена мукъа аз кхолладала йиш яц, и аз э-ца дола а делла, а-ца чекхдала дезаш ду ала? Ца тарло. Вуьшта, шена леррина лелон элп а ца тоьъна, луларчу аьзнийн шина элпаца цхьа аз билгал ма-динна, цу яздаро, гипноз йича санна, хетарна тIеIаткъам бо. Иштта «кхоллалуш» хета вайн кхинйолу дифтонгаш а.





Достарыңызбен бөлісу:
1   2   3   4   5   6   7   8   9   ...   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет