Министерства общего и профессионального



бет8/20
Дата29.06.2016
өлшемі1.89 Mb.
#165075
түріДоклад
1   ...   4   5   6   7   8   9   10   11   ...   20



6 КЛАСС





№№

п/п


Iамочу коьчалан цIе а, церан кхачо а



Сахьташ

Календарни

хенаш


1

Хьалхара урок.

Ненан маттах лаьцна дош. ХIун маьIна ду меттан стеган дахарехь. Нохчийн мотт ширчарах цхьаъ хилар.




1






Карладаккхар

(6 сахьт + 2 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)


8




2

Предложенин меженаш. Муха кхоллало предложенин бух. Предложенин меженаш къасто хаар.

1




3

Нохчийн маттах лаьцна сочинени язъяр. Ненан матте болу безам а, хаарш а лакхадахар.

2




4

Шалха элпаш, церан нийсаяздар.

1




5

Омонимаш, синонимаш, антонимаш. Дешан лард, орам, дешхьалхе, суффикс.

1




6

ЦIердош, легар. Къамелан дакъойх лаьцна юкъара кхетам.

1




7-8

Талламан диктант а, гIалаташ тIехь болх а.


2




9

Билгалдош. (20 сахьт + 6 сахьт дозуш долу къамел).

Билгалдош. Цуьнан маьIна а, морфологически билгалонаш а.




1




10

Мухаллин а, юкъаметтигаллин а, доладерзоран а билгалдешнаш. Билгалдешнийн тайпанаш довзар.

1




12

Суьрте а хьожуш, сочинени язъяр. (Учебникан…агIо. дозуш долу къамел кхиорна сурт.); билгалдешнаша, сочинени язъеш, мел гIуллакхаш дина, хаар.

1




13

Лаамаза а, лааме а билгалдешнаш, уьш вовшех къасто хаар.

1




14

Билгалдешнийн синтаксически билгалонаш.

1




15

Лаамечу билгалдешнех, маьIне хьаьжжина, подлежащи я кхачам, я тIедерзар хилар.

1




16-17

Талламан болх (диктант). ГIалаташ тIехь болх.

2




18

Билгалдешнаш терахьашца хийцадалар.

1




19

Билгалдешнаш классашца хийцадалар. Муьлха билгалдешнаш хийцало классашца?

1




20

Мухаллин билгалдешнийн даржаш, церан кхолладалар, суффиксаш. Муха кхоллало тIехдаларан дарж? И кхоллалуш гIоьналлин дешнаш: сов, тIех, вуно, Iаламат, инзаре, уггар а.

1




21-22

Изложени. ГIалаташ тIехь болх. (Текст ю 6 классан нохчийн мотт хьехаран куьйгалли тIехь « Ча а, зударий а, цIе йолуш»)

1




23

Билгалдешнийн легарш, дожарийн чаккхенаш нийсаязъяр, лаамечу билгалдешнийн лач дожаршкахь йолу чаккхенаш билгалъяхар.

1




24

Билгалдешнийн кхолладаларан некъаш, церан суффиксаш.

1




25

Сочинени «Нохчаша лоруш дерг» цIе а йолуш. Дешархой гIиллакх долуш а, оьзда кхиор. Куралла, тешнабехк, ямартло шайца йоцуш, хьарам, хьанал къасто хууш а хилар.

1




26

ТIеэцна билгалдешнаш. Церан легар а, суффиксийн нийсаязъяр а.

1




27-28

Талламан диктант граматически тIедилларца.

2




29

Билгалдош морфологически къастор. Иза къастош кеп хIотто хаар. ТIеэцна билгалдешнаш нийсаяздан хаар.

1




30

Билгалдош карладаккхар. Билгалдашо предложенехь деш долу синтаксически гIуллакх.

1




31-32

Талламан болх. ГIалаташ тIехь болх.

2




33-34

Сочинени язйо кхарах цхьа цIе йолуш: 1. «Нохчийн Даймахкаца йолу уьйр» (масаллин кеп учебник тIехь ю). 2. «Дашо гуьйре» (масаллин кеп ю учебник тIехь).

Даймахке, винчу юьрте, дай баьхначу лаьтте болу безам сов баккхар. Нохчийчоьнан Iалам довзарх долу хаарш шардар, кIаргдар, Iалам лардеш ца хилахь, дукха зен хилар хаийтар.



2






Терахьдош

(18 сахьт + 5 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)

23





35

Терахьдош, цуьнан маьIна, морфологически билгалонаш. Лаамаза а, лааме а долчу терахьдешнех кхетор.

1




36

Терахьдешнийн тайпанаш. Масаллин терахьдешнаш. Муьлха терахьдешнаш хийцало классашца хаар.

1




37

Масаллин терахьдешнийн легар а, церан нийсаяздар а.


1




38

Декъаран а, дакъойн а терахьдешнаш. ХIун гойту дакъойн терахьдешнаша. Терахьдешнаш цIердешнашца нийса ала хаар.

1




39-40

Изложени. «Гацин шовда». Iалам лардарх хуьлуш болу пайда гайтар и Iалашдаран маьIна довзийтар.

2




41

Гулдаран а, билгалза-масаллин а терахьдешнаш.

1




42

РогIаллин терахьдешнаш. Лаамечу рогIаллин терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.

1




43-44

Цхьалхе а, чолхе а, хIоттаман а терахьдешнаш.

2




45-46

Сочинени. «Ахь хаьржина корматалла». Сочиненин тема а, коьрта ойла а нийсаязъяр, царах кхетар. Адаман а, Iаламан а сурт хIоттор цхьана кепаца нисдар, оьшург яздан Iамор. Сочиненина гулйинчу коьчаллех пайда эца хаар. Предложенеш, дешнийн цхьаьнакхетарш нийса хIиттор, синонимаш, антонимаш, масех маьIна долу дешнаш царна юкъа далор.

2




47

РогIаллин терахьдешнаш кхолладалар а, церан суффиксаш а; рогIаллин терахьдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса ала хаар.

1




48-49

Талламан болх  диктант. ГIалаташ тIехь болх. Терахьдашах Iамийнарг тIечIагIдар. (Текст нохчийн мотт хьехаран куьйгалли тIехь ю.).

2




50

Суьрте а хьожуш, сочинени язъяр. Цуьнан цIе: «БIаьсте». Учебник тIера 129-гIа шардар. Iаламах долу хаарш кIаргдар.

1




51

РогIаллин терахьдешнаш легар.

1




52

Терахьдешнийн кхолладалар, церан легар. Муха кхоллало декъаран, дакъойн, гулдаран, билгалза-масаллин терахьдешнаш, церан дожарийн чаккхенаш билгалъяхар

1




53

Терахьдешнийн нийсаяздар.

1




54

Терахьдош морфологически таллар а, карладаккхар а.

1




55-56

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх.

2






ЦIерметдош

(18 сахьт + 4 сахьт дозуш долу къамел кхиорна)

22





57

ЦIерметдош, цуьнан грамматически билгалонаш.

1




58

ЦIерметдешнийн тайпанаш. ЦIерметдешнийн тайпанаш довзийтар, уьш шайн маьIне хьаьжжина муьлхачу тайпанашка декъало хаар, уьш вовшех къастор.

1




59

Яххьийн цIерметдешнаш а, церан легар. Къамелехь яххьийн цIерметдешнех, церан дожарийн чаккхенех нийса пайда эца хаар.

1




60

Дерзоран цIерметдешнаш, церан легар, чолхечу дерзоран цIерметдешнийн нийсаяздар. Муха кхоллало дерзоран цIерметдешнаш. Чолхе дерзоран цIерметдешнийн нийсаяздаран бакъонаш хаар.

1




61

Доладерзоран цIерметдешнаш, церан легар. Доланиг дожарехь долу массо а тайпа цIерметдешнаш доладерзоран маьIнехь лелар, уьш лаамаза а, лааме а хилар, церан кхолладалар.

1




62

Дозуш долу къамел кхиор. Язде жима дийцар, шаьш хаьржина цIе тилла. (Текст учебник тIера 196-гIа шардар).

1




63

Дерзоран-доладерзоран цIерметдешнаш, церан легар. Церан легаран кеп йовзар. Къамелехь дерзоран цIерметдешнийн дожарийн чаккхенаш нийса пайда эца хаар.

1




64

Гайтаран, къастаман, къастамзан цIерметдешнаш. Уьш легадаран кепаш йовзар, дожарийн чаккхенаш билгаъяха Iамар.

1




65

Талламан диктант грамматически тIедилларца. (Текст нохчийн мотт хьехаран куьйгалли тIехь).

2




66

Гайтаран, къастаман, къастамзан цIерметдешнийн легар. Къамелехь тайп-тайпанчу цIерметдешнех, церан яххьех, дожарийн чаккхенех нийса пайда эца хаар.

1




67

Хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш. Уьш предложенешкахь вовшех къасто хаар, церан башхалла йовзар.

1




68-69

Изложени. Дозуш долу къамел кхиор. (Текст ю 6-чу классехь нохчийн мотт хьехаран куьйгалли тIехь. Кхузахь дуьйцу изложени язъяле хIун кечам бан беза, цунна хIоттийна план ю).

2




70

ЦIерметдешнаш нийсаяздар. ЦIерметдешнаш юкъахь а долуш, предложенеш хIитто хаар.

1




71

ЦIерметдешан синтаксически гIуллакхаш. Муьлха меже хуьлий лела цIерметдош предложенехь, цо хIун синтаксически гIуллакх до.

1




72

ЦIерметдош морфологически къастор. ЦIерметдашах Iамийнарг тIечIагIдар, карладаккхар, иза морфологически къасторан некъ гайтар.

1




73-74

ЦIерметдош карладаккхар

2




75

Суьрте а хьожуш, сочинени язъяр.

1






Хандош

(15 сахьт + 3 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)


18




76-77

Хандош – къамелан дакъа. Цуьнан грамматически билгалонаш.

1




78

Хандешан билгалза кеп, иза юьхьнцарчу хандешан форма хилар, цо цхьа а хан билгал ца йо, хIун дан? хIун хила? бохучу хаттаршна жоп ло

1




79

Хандешан билгалзачу кепан нийсаязъяр, цуьнан чаккхенгахь «Н» яздар.

1




80

Хандешан хенаш. Карара хан. Хандешан хан билгалъяккха хаар. Билгалдаьхна дешнаш цхьана хенера кхечу хене даха хаар.

1




81

ХIусаман сурт гойтуш йолу сочинени язъяр. Бинчу тидаман суртхIотто хаар.

1




82

Хандешан яхана хан, хIун гойту цо, маса, муьлха кепаш ю цуьнан.

1




83

Яханчу хенан хандешнийн чаккхенаш нийса язъяр. ХIора кепана чудогIучу хандешан чаккхе муха ю хаар. Цхьана хенера хандош вукху хене даккха хаар.

1




84

Хандешан йогIу хан. ЙогIучу хенан ши кеп хилар.

1




85

ЙогIучу хенан хандешнаш нийсаяздар.

1




86-87

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх.

1




88

Хандешнийн цхьаллин а, дукхаллин а кепаш.

1




89-90

Сочинени-дийцар яздар. Иза язъян мегар ду кхарах цхьа цIе йолуш: «Со лор хилча», «Къоман турпал», «Тхан юьртахь лору стаг». Шаьш тиллина цIе йолуш хила мега сочинени-дийцар.

2




91

Цхьадолчу хандешнийн терахьашца а, классашца а хийцадалар. Барта а, йозанан а къамелехь хандашах нийса пайда эца а, церан хенаш билгалъяха а хаар.

1




92

Хандашах Iамийнарг карладаккхар.

1




93-94

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх. Текст « Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю.

2






Карладаккхар

(7 сахьт)

7




95

Билгалдош, цуьнан синтаксически гIуллакх. Къамелехь билгалдешнех нийса пайда эца хаар.







96-97

Масаллин, рогIаллин терахьдешнаш. Терахьдешнийн чаккхенаш нийса ала хаар.

2




98-99

Доладерзоран, дерзоран-доладерзоран, гайтаран, хаттаран, юкъаметтигаллин цIерметдешнаш.

2




100-101

Хандош, цуьнан билгалонаш.

2




102-103

Талламан болх. 6-чу классехь Iамийнарг таллар, карладаккхар.

2




104-105

Шеран талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх.

2





7 КЛАСС


1.

Ненан маттах лаьцна дош.

5-6 классашкахь Iамийнарг карладаккхар.



1

3




2.

Билгалдош. Цуьнан билгалонаш. Билгалдашах Iамийнарг кIаргдар. Цо предложенехь деш долу синтаксически гIуллакх. Билгалдешан дожарийн чаккхенаш.

1




3.

ЦIерметдош, цуьнан билгалонаш . ЦIерметдешнийн легар цара предложенехь деш долу синтаксически гIуллакх.

1




4.

Хандош, цуьнан билгалонаш, нийса яздаран бакъонаш, хенаш.

1







Хандош

(36 сахьт + 4 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)

40




5.

6-чу классехь хандашах лаьцна Iамийнарг карладаккхар.

1




6.

Хандешан саттамаш. Билгала саттам. Муьлха саттамаш бу хандешан хаар. ХIун гойту саттамо.

1




7-8.

Билгала саттам. Муьлхачух олу хандешан билгала саттам, хIун гойту цо, муьлха билгалонаш ю цуьнан.

2




9.

Хандешан бехкаман саттам.

1




10.

Билгала а, бехкаман а саттамаш. Царах долу хаарш кIаргдар

1




11.

Дозуш долу къамел кхиор. Жима дийцар яздар. Текст ю учебникан 37 агIон тIехь.

1




12-13.

Талламан диктант, гIалаташ тIехь болх. (Текст нохчийн мотт хьехаран куьйгалли тIехь ю).

2




14-15.

Хандешнийн лааран саттам, уьш талла а, кхолла а хаар, дешан хIоттам билгалбоккхуш.

2




16.

Хандешан бехкаман а, лааран а саттамаш.

1




17-18.

Хандешан тIедожаран саттам. ХIун билгалонаш ю цуьнан, муха кхоллало иза.

2




19.

Хандешан саттамаш. Уьш карладахар.

1




20-21.

Изложени «Оьзда кIант». Шен дагахь дерг дIаяздан хаар. (Хьажа «хьехархочун дош». Дешархошна гIоьнна).

2




22-23.

Хандешан спряжени. 1-ра спряжени.

2




24.

Хандешан шолгIа спряжени.

1




25.

Хандешан кхоалгIа спряжени.

1




26.

Хандешан йоьалгIа спряжени.

1




27.

Хандешан пхоьалгIа спряжени.

1




28.

Хандешан нийса йоцу спряжени.

1




29-30.

Талламан болх, гIалаташ тIехь болх.

2




31.

Хандешан билгалзачу кепан ораман мукъа аьзнаш карарчу хенан орамехь хийцадалар, церан нийсаяздар.

1




32.

Хандешнийн кхолладалар. Хандешнийн кхолладаларан кепаш йовзийтар.

1




33-34.

Талламан болх, гIалаташ нисдар.

2




35.

Хандешан хаттаран кепаш. Хандешан хаттаран кепех кхетам балар а, уьш хIун ю дийцар а.

1




36-37.

Суьрта тIехь сочинени язъяр. (Пайдаэца 69-чу шардарх).

2




38.

Деакепара хандешнаш.

1




39.

Хандешнашца дакъалгаш ца, ма нийсаяздар.

1




40.

Хандешнийн латтаман кепаш. ХIун билгалонаш ю церан хаар.

1




41.

Хандош морфологически къастор. Муьлха грамматически билгалонаш ю хандешан.

1




42.

Хандашах Iамийнарг карладаккхар.

1




43-44.

Талламан диктант, гIалаташ тIехь болх. Дешархойн хаарш таллар. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю).

Причасти.



2

10




45.

Причасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Причасти кхин долчу дешнашца юкъара схьакъасто хаар.

1




46.

Причасти хенашца хийцаялар. Кхин долчу къамелан дакъошна юккъехь схьакъасто хаар.

1




47.

Лааме а, лаамаза а причастеш. Уьш вовшех къасто хаар.

1




48.

Причастин карчамаш, церан синтаксичеки гIуллакх. Причастин карчамашкахь сацаран хьаьркаш.

1




49.

Причастин легар.

1




50.

Причастин кхоллаялар. Уьш кхоллаяларан некъаш довзийтар.

1




51.

Причастин нийсаязъяр. Къамелехь причастин карчам схьакаро хаар.

1




52.

Причастица легаран дакъалгаш ца, за нийсаяздар. Iамийнарг карладаккхар.

1




53-54.

Талламан диктант, гIалаташ тIехь болх. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю).

2







Деепричасти

(6 сахьт + 2 сахьт дозуш долу къамел кхиор)

8




55.

Деепричасти а, цуьнан грамматически билгалонаш а. И кхийолчу хандешнийн формех къасто хаар. Хьалха Iамийна къамелан дакъош карладахар.

1




56.

Деепричастин хенаш, церан нийсаязъяр. Муха билгалйоккху деепричастин хан, муьлхачу дашах йозуш ю и. Деепричасти нийсаязъян хаар и хандешан форма хилар чIагIдеш долу масалш гайтар, уьш юкъахь а долуш йолу предложенеш таллар.

1




57.

Деепричастин карчам. Цуьнан синтаксически гIуллакх а, цуьнан сацаран хьаьркаш а. Деепричастино предложенехь ден синтаксически гIуллакх билгалдаккхар а.

1




58-59.

Изложени «ГIалара хьаша». Адаман куц-кеп, бедар, цуьнан легар гойтуш йолу дийцаран текстан юьззина изложени язъян Iамор. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь).

2




60.

Деепричастех Iамийнарг карладаккхар. Деепричасти а, деепричастин карчам билгалбаккха хаар, цуьнан сацаран хьаьркаш яхкар.

1




61-62.

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю).

2







Масдар

(7 сахьт + 2 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)

9




63.

Масдар а, цуьнан грамматически билгалонаш а. Уьш йовзийтар, муха кхоллало хаар. Хандашний, масдарний юккъехь хIун башхалла ю, уьш вовшех муьлхачу билгалонашца къастало.

1




64.

Масдар классашца а, терахьашца а хийцадалар. Масдаран класс а, терахь а билгалдаккха хаар. Муха хуьлу масдарийн терахьашца хийцадалар.

1




65-66.

Сочинени – дийцар яздар дуьйцуш хезначун бух тIехь.

2




67.

Масдаран легар, дожарийн чаккхенаш. Масдарний, хандашний юккъехь йолу башхалла йовзар.

1




68-69.


Масдарца дацаран дакъалг ца нийсаяздар. Масдаран карчамаш, синтаксически гIуллакх.

2




70-71.

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх.

2







Куцдош

(14 сахьт + 2 сахьт дозуш долу къамел

кхиорна)

16




72.

Куцдош а, цуьнан грамматически билгалонаш а. ХIун башхалла ю куцдашний, билгалдашний юккъехь. Муха къасто деза уьш вовшех, хаар.

1




73.

Куцдешнийн тайпанаш, церан хаттарш, маьIнаш.

1




74.

Куцдешнийн коьрта тайпанаш. Куцдешнийн тайпанаш къасторах долу хаарш тIечIагIдар.

1




75.

Куцдешнийн синтаксически билгалонаш, цара деш долу синтаксически гIуллакх.


1




76-77.

Сочинени «Бакъволу доттагIа мила лара мегар ду». Дикачу доттагIчун васт хIотто хаар. (ГIоьнна лерина текст ю «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь).

2




78.

Куцдешнийн даржаш.

1




79-80.

Куцдешнийн кхолладалар. Муьлхачу къамелан дакъойх кхоллало уьш. Муха хуьлу церан кхолладалар, хаар.

2




81-82.

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю).

2




83-84.

Куцдешнийн нийсаяздар. Церан морфологически таллар.

2




85.

Куцдош карладаккхар. Куцдашах долу хаарш тIечIагIдар.

1




86-87.

Талламан диктант. ГIалаташ тIехь болх. (Текст «Нохчийн мотт хьехаран куьйгалли» тIехь ю).

2







ГIуллакхан къамелан дакъош. ДештIаьхье


5




88-89

ДештIаьхье. Цуьнан билгалонаш.

2




90-91.

ДештIаьхьенийн нийсаяздар.

2




92.

Талламан диктант грамматически тIедиллар.

1







Хуттургаш


4




93.

Хуттургаш а, церан тайпанаш а. ХIун маьIна ду хуттургийн предложенехь. Хуттургаш каро хаар.

1




94.

Хуттургийн тайпанаш. Цара предложенехь деш долу гIуллакх.

1




95.

Хуттургийн нийсаязъяр.

1




96.

Хуттургех лаьцна Iамийнарг карладаккхар, тIечIагIдар.

1







Дакъалгаш

5




97.

Дакъалгаш а, церан маьIна а.

1




98.

Дакъалгийн тайпанаш.

1




99-100.

Дакъалгийн нийсаязъяр.

2




101.

Талламан диктант.

1







Айдардош.

4




102.

Айдардешан маьIна. Муьлхачу интонацица билгалдоккху айдардош.

1




103.

Айдардешан тайпанаш. Муха кхоллало уьш.

1




104.

Айдардешан нийсаяздаран бакъонаш.

1




105.

Талламан диктант.

1






Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   4   5   6   7   8   9   10   11   ...   20




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет