Нохчийн Республикин Дешаран министерствос тIе а эцна, чIагIйина йолчу керлачу программаша вайн хьехархой декхарийлахь бо школехь нохчийн мотт хьехаран гIуллакхаш кхин а тодан а, лаккхарчу тIегIан тIе даха а.
Дешаран декхар кхочушдарехь ненан меттан хазалла, цуьнан марзо дешархошна йовзийта а, дешархошкахь ненан матте безам кхио а. Цуьнца цхьаьна хьехархочо кхочушдан деза патриотизман, халкъийн ойланехь дешархой кхетош-кхиор.
Школехь ненан мотт хьехар меттан Iилманан буха тIехь дIахьош хила деза.
Цхьайтташеран школехь нохчийн матто, кхечу предметаша санна, меттан Iилманан декъехь а, шен маьIница а йоккха меттиг дIалоцу. Ненан матте дешархойн безам кхиор лакхадаккхар ца хилча ца торуш ду. Ненан меттан суртхIотторан гIирсаш а, исбаьхьаллин башхаллаш а йовзийтар, цу мехалчу хазнех пайда эца дешархой Iамор нийса кхочушдан деза. Цуьнца цхьаьна ненан мотт хьехар дIахIотто деза, дагахь ца Iамош, маьIнех кхетарца, кIорггера хаарш долуш дешархой хирриг-нийсий, говзий.
Нохчийн меттан урокашкахь дешархой декхарийлахь бу уггаре а мехала болу грамматически кхетамаш Iамо (дешан лард, чаккхе, орам, дешхьалхе, суффикс, къамелан дакъош; цIердешнийн, билгалдешнийн легарш, хандешан кепаш; хандешан спряженеш; причасти, деепричасти; предложени, предложенехь дешнийн уьйр, предложенин меженаш, цуьнан коьрта кепаш.
Нохчийн мотт Iамош, коьрта тидам тIебахийта беза Iамор шардеш, чIагIдеш гIо дечу тайп-тайпанчу упражненешна, хIунда аьлча цара, цкъа-делахь, орфографический, пунктуционний къамелан хаамаш караберзоран декхарш кхочушдарна гIо деш хиларна а, шозлагIа-делахь, Iамош йолу грамматически материал дешархошна дика йовза аьтто цара беш хиларна а.
Ненан мотт хьехаран практически декхарш хьехархочуьнга кхочушдалур ду, нагахь цо хан кхоош гIуллакх дахь, аьлча а Iамочу хIора темина ца хиъча ца торуш долу коьртаниг довзийтахь, кхета атта долчунна тIехь тидам а ца сецош, цул сов, оьрсийн мотт Iамош дешархошна карабирзинчу юкъарчу хаамашна тIехь ца совцуш, хьехахь а, Iамадахь а (масала, долара цIердош, айдаран, хаттаран, дийцаран предложенеш и дI.кх.). Меттан цхьадолчу гIуллакхех лаьцна хаа дезаш долчун барамехь коьртаниг довзуьйтуш, иза шардеш, чIагIдеш, кIаргдеш гIуллакх дан деза.
Программехь къаьсттана боккха тидам тIеберзабо къамел кхиорна. Грамматикин разделашкахь (дакъошкахь) къастош дешарна а, нийса аларна а болу лехамаш кхочушбарна оьшу материал ло. Цу тIе а доьгIна, хьехархочо саццаза аларна а, нийсаяздарна а, нийса дешарна а тIехь а диалекташца алар эшорна, дешнаш нийса харжарна, предложенеш нийса хIитторна тIехь а, ца девза а, хала а дешнаш довзийтар а, цу дешнийн цхьаьнакхетар а, царах предложенеш хIиттор а кхочушдо хьехархочо.
Дешархой Iаморан а, кхетош-кхиоран а жоьпаллин декхар кхочушдарехь хьалхара, коьрта меттиг хьехархочун ю. Цундела иза декхарийлахь ву шен меттан Iилманан а, методикин а, педагогически а говзалла лакхаяккха а, я кхио а. Иштта болх беш, вай юкъаялайо Iаморан форманаш.
Мотт хьехарехь хIоттийна йолу Iалашо кхочушъярехь гIо деш йолу методаш (некъаш) ларало: хьехархочун дош, къамелан тидам бар, Iамочун коьрта билгалонаш къестор, маьIна дар, дешархоша шаьш кхочушбен болх, Iамочунна тIеоьшуш болу хаамаш балар, дешнийн диктант юкъаялор, тидамийн таллам баран методах, садаIаран минотех, «Ловзуш Iема», книгах пайда эцар, хаамийн карточкаш лелор (сигнальные карточки), дIасадоькъучу кепан суьртех пайда эцар (карточная система), гайтаран гIирсех пайда эцар, тестировани дIаяхьар.
Тахана школашкахь йоза-дешар лакхадоккхуш, дешархоша шайн хаарш говза а, кхетам болуш а карадерзоран бараме хьаьжжана, дIабахьа беза дешархошца хIоранца а болх.
Хьехархочунна тахана хаа деза, дешаран ледарло еш верг кхетаме, муьлхха а тIедиллар кхочушдеш, схьавогIур вуй. Ледара волчун мах хадо сихвала ца веза, хьехархочо къаьсттана вайн тидам царна тIебахийта беза, хIунда аьлча дийриг сихха кхочушдан ницкъ цакхачаро царна эхь хоьтуьйту, уьш шайна хуург схьаала ца хIуьтту. Ткъа дешарна тIехь шен ницкъ кхочуш схьавогIург церан хадочу мехе хьоьжуш бовл-бовлуш юккъерчу могIаршка бовлу шаьш вай тидам бина довлале. Ткъа цо дешаран барам лахбарна тIе дуьгу. Тахана хала ду хьехархошна, хIунда аьлча вайн школашкахь нохчийн меттан а, оьрсийн меттан а урокашна дешархой тобанашка бекъа таро яц меттиг ца хиларна, хIора урокехь массо а дешархо тидаме эца ца кхуьу уьш. Цундела тахана суна вай декхарийлахь ду аьлла, хета оцу берашна хьалха, нагахь санна вай-ваьшна методашна тIехь болх бина ца Iаш, керланиг берашна дала а ца хьовсахь а. Ледаро догIучу берашна къастина тидам тIеабохуьйтуш хила беза хьехархочун шен хьехаран некъ.
Тахана Iамор эвсаре а доккхуш, цуьнан дикалла тоярна, дешархоша хаарш кхетамца карадерзорна, церан кхоллараллин ойла кIаргъярна гIодеш ю хIара методаш:
1) хьоьхучу хенахь хьехархочо ша проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ гайтар. Масала: ЦIерметдош. Гуттар цхьатерра цIердешнаш предложенешкахь лелаш хилча, мотт кхуьур барий?
2) проблемни хьал кхоллар а, оьшург лахархьама дешархошка шайга болх байтар а вовшахтухуш, оцу шина некъах пайда эцар гуш ма-хиллара, керланиг гучудалар иза бакъдарца нисло: цкъа хьалха хьехархочо ойлаяран а, бакъдаран кеп гойту, шолгIа – дешархоша шаьш я хьехархочун гIоьнца бакъдо, тIечIагIдеш цхьаьний бакъдо.
Керланиг иштта хьехар гуттара а ца нисло, хIунда аьлча цкъаццIа Iамошдерг кхета хала хуьлу, цхьадерг бакъдан ца оьшуш меттиг нисло. Цундела Iама билгалдаьккхинарг, хIораннан а тароне хьаьжжана, къаьсттийна хила деза, лакхахь вай ма-аллара.
Iаморан мелла а эвсаре методашший, кепашший харжар. Цуьнан хIора муьрехь нислучу дешаран материальни башхаллашка а хьаьжжана пайда эцар; дешархойн хаарийн жигараллица кхачо яр.
Масала, 5-чу а, 6-чу а классашкахь, суна уггаре а эвсаре карийнарг – хIора дешархочунна шенна лерина тIедиллар долчу дIасадоькъучу суьртех пайдаэцар:
1. ЦIерметдешнийн тайпанаш – оцу темина юкъадалийна кепасуьрташ кхаа тайпана ду:
а) дешархоша гойту, муьлха цIерметдешнаш доьлху хIора тайпана юккъе.
-
1.
|
Яххьийн
|
|
2.
|
Дерзоран
|
|
3.
|
Доладерзоран
|
|
4.
|
Дерзоран-доладерзоран
|
|
5.
|
Гайтаран
|
|
6.
|
Къастаман
|
|
7.
|
Къастамза
|
|
8.
|
Дацаран
|
|
9.
|
Хаттаран
|
|
10.
|
Юкъаметтигаллин
|
|
б) цIерметдешнийн легар; хаттарш а хIиттош, яххьаш дIаязйо. Масала:
-
Дож.
|
Хаттарш
|
Хьалхара юьхь
|
ШолгIа юьхь
|
КхоалгIа юьхь
|
ЦI.
|
ХIун?
|
со
|
хьо
|
и (иза)
|
Дл.
|
Хьенан?
|
сан
|
хьан
|
цуьнан
|
Л.
|
Хьанна?
|
суна
|
хьуна
|
цунна
|
Др.
|
Хьан?
|
аса
|
ахьа
|
цо
|
К.
|
Хьаьнца?
|
соьца
|
хьоьца
|
цуьнца
|
Х.
|
Хьанах?
|
сох
|
хьох
|
цунах
|
М.
|
Хьаьнга?
|
соьга
|
хьоьга
|
цуьнга
|
Дс.
|
Хьанал?
|
сол
|
хьол
|
цул
|
Кепасуьртан тIедиллар кхочушдеш, кехат мужалтана юккъе а дуьллий, шен болх бо, ткъа вукху агIор шен цIе язйо.
2. Дидактически гIирсех дешархоша пайдаэцар суна мехала хетта. Масала: а) тIадамийн метта элпаш дахкар, б) предложенин тайпанаш къастор, в) предложенин хIоттам нисбар, г) тIедилларе хьаьжжана къамелан дакъош къестор, д) предложенеш грамматически таллар.
Дидактически гIирс юх-юха пайда оьцуш лело йиш ю.
3. Тестировани дIаяхьаро а чIогIа гIо до дешархошна Iамийнарг тIечIагIдеш а, хьалха Iамийначунна таллам беш а, керла тема йовзуьйтуш а.
4. Гайтаран гIирсех кест-кеста шен урокехь пайда эцар къаьсттана мехала ду. Дешнийн нийсаяздаран бакъо карлайоккхуш: цIоцкъам, юккъехула и дI.кх.
5. СадаIаран минотехь пайда оьцу «Ловзуш, Iема» цIе йолчу книгих. Масала: стелаIад, чIерилецархо, дешархо и дI.кх.
Суна чIогIа пайдехьа а, кхеташ а хета и тайпа болх хьехаран сахьтан тIечIагIдаран я карладаккхаран муьрехь беш хилар, пайдехьа дерг – хан кхоайо: цхьаболчара кепасуьрташца, дидактически гIирсашца, тестировани дIаяхьарца болх бешшехь, кхечара уьн тIехь болх бо.
И тайпа болх беш 10-ннал сов дешархочуьнга хатта йиш ю.
ШолгIа – тIедиллар хIора дешархочо ша кхочушдо, иштта ша шега долу жоьпалла лакхадоккху дешархочо.
Тайп-тайпанчу методашца болх а беш, вайн дешархошна кхин а бегIийла, кхетаме, эвсаре кепаш юкъаялор ду тахана нохчийн мотт хьоьхуш волчу хьехархочун декхар.
Хьехархо декхарийлахь ву шен меттан Iилманан а, методикин а, педагогически а говзалла лакхаяккхарехь гуттара болх дIакхехьа.
В.Ю. Гиреев
Достарыңызбен бөлісу: |