НОХЧЙН МОТТ ДЕШАРАН ДЕКЪЕХЬ ЛЕЛОРАН ХЬАЛ
Таханлерачу дийнахь нохчийн мотт дешаран декъехь леларан хьал вайна массарна а гуш ду. Иза хIумма а воккхавевеш а дац. Масала, 5-11 классех аьлча, оьрсийниг боцчу муьлххачу а кхечу къоман (иностранни) маттана луччул ло Федеральни базисни плано ненан маттана лун сахьташ: цигахь а, кхузахь а массо классана кхоккха сахьт. ПхоьалгIачуй, ялхалгIачуй классашкахь цхьацца сахьт сов-м делла ненан маттана, амма 10-гIий, 11-гIий классашкахь цхьацца сахьт эшийна. Цу плано еш ерг нийсо яц ала а йиш яц. И дац бакъо яц бохург, вуьшта башха нийса хир дацара иза. ХIунда аьлча, цо школаш шина декъе йоькъу – хьехаран мотт оьрсийн ненан мотт берш, хьехаран мотт оьрсийниг боцу ненан мотт берш, аьлла. Цу шина тайпанан школашна хьехарна леринарг, я магийнарг, ненан мотт бу. Кхеташ ду, оьрсашна иза оьрсийн мотт бу. Ткъа вайн хьехаран мотт муьлхарг хила беза, ненан мотт нохчийниг вайн хилча?
И хаттар вуно атта хетало, делахь а нийсса хин долу цхьа жоп ца ло-кха вай цунна.
Чохь нохчийн мотт буьйцучу доьзалерачу берашна нохчийн мотт бийца хуур ду, олу вай. Хуур ду дера шен чуьра хьал дийца-м я вовшашца тIекере ян, хьал-де хатта. Ткъа дахар цу тIехь кхачалуш ма дац. Хаьий царна (я мегарг вайна а) политикех, экономикех искусствох я ур-атталла юьртан бахамах дийца а? Вайн ладоьгIийла хуьлу телевиденехь тайп-тайпанчу дахаран хьолех йолчу интервьюшка – цхьа дош нохчийн маттахь, шиъ оьрсийн маттахь я, нохчийн маттахь вола а лой, кхин дIа, ша юха метта валлац, оьрсийн мотт буьйцуш. И интервьюш луш берш а бу-кха вай Iамийна, вайн хилла дешархой.
Со ца воллу цу хьолана цха вай – нохчийн меттан хьехархой, учебникийн авторш, Iилманчаш, яздархой – бехке ду ала. Бехкениг нохчийн мотт леларан харш готта хилар ду.
Мотт ша лелош боцчу дахаран декъехь кхуьуш бац. Бакъ ду, оцу декъехь а, гIеххьа таро еш, язйина статьяш-м дера хуьлу вайн зорбанехь, амма церан авторша а, шаьш шайн тематикина дикка шарбелла белахь а, атта ца язйо аьлла хета суна шайн материалаш. Кхечара хIун дан деза тIаккха?
Тоаме дац берашна ша а аьттехьа а тоаме йоцу нохчийн грамматика, оьрсийн маттера гочйинчу проиведенеш тIера масалш а далош, хьеха гIертар я нохчийн литературин урокашкахь ибаьхьаллина къен йолу произведенеш – революционерех, коммунистех, селхана Ленинах, кхана кхечунах – дагахь Iамаяйтар. Тоаме дац цу декъера учебникаш тоярх а.
Маттана паргIато оьшу.
И тахана йолуш ю, аьлла хета нохчийн маттана оьрсинчуьнца цхьаьна паччахьалкхан меттан дарж лун конституци ешча а, вай лакхахь хьахийна Федеральни дешаран план ешча а. Вай цунах тахана пайда эца кийча ца хиларал а новкъа хета, дикка болчарна и лууш а ца хилар.
Цхьаберш кхоьру вайн бераш, нохчийн маттехьа а дирзина, оьрсийн маттахь долчу лакхарчу дешарх, Iилманах пайда эца йиш йоцуш дисарна. Амма, цкъа делахь, хIинца йолуш йолчу а, тIекхуьуш йолчу а оьрсийн меттан интервенцино а, вайн кархдолуш ца хиларо а дикка байбо вайн бераш "нохчийн маттехьа дерзарх" болу кхерам; шозлагIа делахь, оьрсийн мотт хьехаран гIуллакх а тарло хIинцалерачул дикка тодан. Кхин дIа деша безам болчу беран шен а лаам хила беза оьрсийн, ингалсан я кхин мотт шарбан. Сан нийсаршна юкъахь а бу-кха казахийн, киргизийн школаш а яьхна, оьрсийн вузашкахь кхиамца дешна а, Iилманехь лакхенаш яьхна а нах.
Цул сов, вайн вешан вузаш а хила еза лакхарчу дешарна шовкъ йолчу берех дукхахберш чуэца тарлуш. Цигахь а оьшур бу оьрсийн мотт-м, амма конкурс дукхахдолчунна нохчийн берашна шайна юкъахь хир ю.
Мухха а, вайна новкъадаьндерг школехь цхьайолу предметаш, лах-лахарчу тIегIанашкахь алсам а йолуш, нохчийн маттахь хьехар дац. Новкъаниг вайгахь къомаллин кхетам тоам боллуш ца хилар ду.
Исторехь цкъа а хилла дац цхьа мотт дуьнен тIера дIабалар цуьнан вон хилар, кхин дIа кхиа а, къоман хьашташ кхочуш дан таро йолуш а и ца хилар бахьана долуш. Цуьнан дIабалар (балар) хуьлу ша буьйцу къам жимдаларца, кхачадаларца доьзна я – вайниг санна долчу хьолехь, къоман дахаран хьашташ шина маттахь кхочушдечахь – ненан мотт леларан дакъа гат-гатлуш кхачорца доьзна.
Вайн заманчохь – хаамийн гIирсаш вуно кхиъначу хенахь, дуьнен тIерачу паччахьалкхийн а, къаьмнийн а Iер-дахаран, церан Iилманан, культурин вовшашца болу бозамаш совбуьйлуш лаьттачу заманчохь – шайн дахарера меттиг ларъян тIаьхь-тIаьхьа хала хир долуш ду вайл дуккха а сов долчу къаьмнийн меттнашна а.
Цу меттнийн генарчу хиндолчух ала хала ду тахана.
Амма цаI гуш ду: цхьа а къам сихделла дац – цуьнан-м тIаьхьало яцара, аьлла – шен мотт дIатаса я цуьнан дахарера меттиг гатъян.
Ша-шен ларваран инстинкт яйна адам а дехар дац дукха, иштта тIаьхало йоцуш ду шен мотт ларбаран инстинкт яйна къам а, хIунда аьлча мотт къоман са ду.
Вай декхарийлахь ду вайн генарчу дайша-наноша халачу хьелашкахь вайга схьакхачийна вешан историн теш болу ненан мотт, биц ца беш, къий ца беш, ма торру ларбеш, тIекхиош, ваьшна тIаьхьабогIучаьрга дIабала.
И декхар кхочушдарехь дан дезарш дуккха а ду: йоза тодар, хаамийн гIирсашкахь (радиохь, телевиденехь) ненан маттана мелла а шуьйра меттиг ялар, зорбанан хьелаш совдахар, гIуллакхаллин декъехь (делопроизводствехь) цуьнан меттиг шоръяр, цуьнан хьашташна оьшучу харжашна кхоацадалар, и. дIа кх.
Уггар коьртачарех дерг ду ненан меттан дешаран декъера меттиг шоръяр. Муьлхачу бараме кхаччалц? Барам бан а бац-кха, аьлла хета, вайга дIа ца леладелларг бен.
Юьхенцарчу школехь хьехаран меттан дарж кхочуш дан йиш йоцуш, бакъо йоцуш бисина бац нохчийн мотт кху тIаьхьарчу хенахь. Цу тIехь болийна хилла болу болх карла баккха безарг хилар-м кхеташ ду. Ткъа цу тIехь хада ца еза цуьнан хьехаран меттан функци. Ойла ян а еза, кечам бан а беза цул лакхарчу классашкахь нохчийн маттахь тайп-тайпана дисциплинаш хьехаран гIуллакхан. Ерриг предметаш цхьанаметта юкъаозо а ца оьшу оцу балхана. Юхьенца и хила тарло обществоведенин цикл (истори, бакъонан баххаш и. дI. кх.). Я массо предмет массо классехь нохчийн маттахь хьеха еза бохург а дац дуьйцург. Цигахь вайн мотт тIекхион безаш меттигаш дукха ю, цу декъехь нохчийн мотт лелийна ца хиларна. Цхьацца Iилманан хаарийн декъашкахь болчу кхетамийн терминологи а, дешнийн цхьанакхетарш а, церан карчамаш а, стилистика а кхион еза.
Цундела мегар дара юьхьенцара йоцчу классашкахь, дукхахдолчунна и терминологи кхолларан а, юкъаяккхаран а Iалашонца, массарна дацахь а, цхьцца йолчу предметашна карладаккхаран а, чIагIдаран а кепехь дерзоран урокаш нохчийн маттахь дIаяхьар юкъадаккха.
И муха хир ду, важа муха хир ду – дергге а гойла яц хIинца. Цкъа а бина боцу некъ, и мичахь шера хир бу, мичахь гола тухуш хир бу, хуур дац.
Дуззана доцчу юккъерачу (хIинца основное общее олучу) дешарехь-м нохчин матто банза некъ а бац иза. 1930-чу шерашкахь, делопроизводствехь а санна, болийна хилла болх бу иза. И ший некъ а дIакъовлучу хенахь, халкъана иштта лаьа, аьллера. Ткъа иштта луурш а, вуьшта луурш а хIинца а болуш буйла вайна хаьа. Iедало шена луъучу декъах олу-кха халкъ, и дакъа доккха делахь а, вуно жима делахь а.
Дешаран декъехь ненан маттахь хьехар совдахар деккъа кхетар сов хилийтарна эшна Iеш дац. Дешархо дешна ваьлча, цунна шен мотт бийца хууш а, атта а хилийта оьшу и. ТIаккха бен цо и буьйцур бац. Бийцича бен и кхуьур а бац, бехар а бац.
А.М. Архиева
НОХЧИЙН МОТТ ХЬЕХАРЕХЬ ХУЬЛУ ПРОБЛЕМАШ
«Акха яр санна и ца баьлла бацалахь,
Боьжна бац стиглара, эцна бац базарахь,
Цхьанггера юхалург баьккхина бацара —
Кхоьллина хилла и вайн дайша азаллехь».
(Ш. Цуруев).
Цуруев Шерипан «Ненан мотт» цIе йолчу байтаца дIадоло лаьа суна сайн къамел.
Ненан мотт мехала хазна ю халкъан дахарехь. Боккха ницкъ бу цуьнан адамийн кхетам кхиорехь. Шен ша-тайпана башхаллаш бахьанехь исбаьхьаллин литература Iаламат мехала ю дешархойн кхетам кхиорехь. ТIекхуьу чкъор дайн ламасташца, къоман гIиллакх-оьздангаллица, иман долуш хилийтарна тIехьажийна бу ненан мотт хьоьхучу хьехархойн болх.
ТIаьххьарчу иттех шарахь вайн махкахь лаьттинчу юкъараллин хьелаша боккха эшам бина ненан мотт кхиарна а. ХIетте а, нохчийн мотт безаш а, вайн тIекхуьучу тIаьхьенна иза хаар луш а дика нах хилар дозалла хета суна. Масала: доккха совгIат хеташ тIеийцира оха, ненан меттан хьехархоша, тIаьхьа араевлла нохчийн меттан а, литературан а учебникаш а, методически пособеш а, программаш а. ХIокхарел хьалха хилла шира изданеш программица йогIуш яцара. Учебникаш тIера упражненеш Октябрьски, Ленински тематика йолуш хилар а новкъа дара.
Таханлера учебникаш дика ю, амма дешархошна массарна а тоьаш яц. Тираж кIезиг хиларца доьзна хир ду иза. Урокехь хIора дешархочунна шенна учебник хилча, тIечIагIдарна лерина болх а, цIера болх а кхочушбан аьтто хуьлу. Программаш тIехь керла произведенеш ю, ткъа хьалха хиллачу ширачу изданийн учебникаш тIехь ас лакхахь хьахийна тематика йолуш дукха произведенеш яра. 5-чуй, 8-чуй классашкарчу дешархойн хааршка хьаьжжина, кхин произведенеш юкъаяло хала дацара хьехархочунна, нагахь санна берашна лерина арахецна вайн тайп-тайпана исбаьхьаллин произведенеш елахьара я уьш эца а, юхкуш караяхьара.
Нохчийн мотт хьехарна йолчу методически пособеша доккха гIо до хьехархошна, къаьсттина къоначу хьехархошна. И тайпа пособеш массо а классашна (6, 8 кл. и дI. кх.) лерина арахеца аьтто хилча, тхуна доккха гIо хир дара. Литература хьоьхуш а оьшу оцу кеппара гIоьналлина пособеш: произведенийн анализ еш, церан мах хадош. Нохчийн меттан цхьайолчу учебникашна тIехьа кхеторан дошам ю, иштта литература учебникашна тIехьа а произведенешна юккъерчу халачу дешнийн кхеторан дошам хилча а дика хир дара, хIунда аьлча сноскашкахь произведенешна тIерачу халачу дешнийн маьIнаш довзийтар кIезиг хуьлу, ткъа дукхахдолу хала дешнаш дешархошка дIаяздойтуш, церан маьIнаш билгалдохуш, масалш даладойтуш, болх бан безаш нисло. Цу тIе а доьгIна, хьехархошна чIогIа оьшу дошамаш (словараш). Шеца нохчийн меттан йоцца грамматически очерк о йолуш йолу нохчийн-оьрсийн словарь (Масала; А.Г. Мациевс хIоттийна йолу), орфографически словарь, дешнийн маьIнийн (толковый) словарь, З.Д. Джамалхановс, И.Ю. Алироевс хIоттийна йолу нохчийн меттан нийсаяздаран дошам. Оцу кеппара словараш а (тIаьххьарниг йоцург) эца а карош яц.
Вайна ма-хаъара, урокехь гайтаран гIирс хилар: таблицаш, схемаш, яздархойн портреташ я произведенийн чулацамна лерина бесара иллюстрацеш хилча, къаьсттина юккъерчу звенон дешархошна доккха гIо хир дара. Уьш чIогIа оьшу тахана.
Хууш ма-хиллара, школехь дешархойн барта къамел кхиор кхочушдо церан йозанан къамел кхиорца цхьана. Барта а, йозанан а къамел кхиор цхьабосса дIадахьа дезаш ду. Оцу гIуллакхана хьехархошна чIогIа оьшу изложенийн, сочиненийн, диктантийн гуларш. И гуларш лакхарчу классерчу дешархошна доккха гIо хир дара. Халахеташ делахь а, школехь ткъа шарахь болх бина йолчу сан а ца нисбелла уьш, мел оьшурш, хиллал аьтту.
Литература хьоьхуш суна зеделла вайн дешархойн барта къамел кхиорехь дуккха а халонаш хилар. Дешархошна хала хуьлу шайн дагахь дерг нийса схьаала, шерра къамел дан, шайн ойланехь дерг йозане дерзо, Цундела муьлххачу а гуламашкахь а, школал арахь а — адамашна юкъахь къамелаш дечу меттигашкахь хаало барта къамел кхиорехь вайн хилла кхачамбацарш. Цуьнца доьзна, сайн урокашкахь оцу проблемина тIе къаьсттина тидам бахийта хьожу со. Исбаьхьаллин произведени йоьшуш а, цуьнан чулацам юха схьабуьйцуш а дешархошка ойла яйта еза къамел нийса а, шера а хилийта. Мехала ду школехь дешархошца литературни суьйренаш, олимпиадаш, диспуташ дIаяхьар. Мелла а урокашкахьчул а ишттачу меттигашкахь хазахетарца дакъалоцу дешархоша. Доккха гIо хир дара хьехархошна ишттачу мероприятийн разработкаш тIехь йолуш книгаш хилча.
«Вайн махкара акхарой а, олхазарш а» цIе йолу Х.-А. Берсановн книга езаш тIеийцира дешархоша. Дешархошна кхетачу кепара, хаза тIехь иллюстрацеш а йолуш, вайн махкара акхарой а, олхазарш а довзуьйтуш язйина ю иза. Ткъа мел пайдехьа хир яра иштта бецех, зезагех, диттех лаьцна, тIехь церан суьрташ а долуш, царех мича хенахь, муьлха буц, зезаг дарбане хуьлу, мича кепара Iалашдан деза хьоьхуш, дешархошна лерина книгаш хилча. Оцу кеппара дешархошна Iаламан хазалла йовзийтаро, Даймехкан Iаламехь шаьш тидамбинчух лаьцна, шайна гинчух лаьцна дийцийтаро дешархойн барта къамел кхиийна ца Iаш, уьш и Iалам деза а, иза лардан а Iамор бара.
Дешархошна чIогIа дукхадезаш ду «СтелаIад» журнал. Шаьш санна долчу берех лаьцна яздина дийцарш, тIетоьхна церан суьрташ, оцу бераша шаьш язйина стихаш а йоьшуш самукъадолу церан. Библиотекашкахь дешархошна тоъал и журнал а, кхин а берийн журналаш а хилар мехала хир дара.
Оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш болчу хьехархошна гIоьнна тайп-тайпана журналаш хуьлу: «Русский язык в школе», «Литература в школе». Масала, иштта «Нохчийн мотт», «Школехь нохчийн мотт хьехар» аьлла я кхечу кепара цIераш а йолуш вайн республикерчу зеделларг долчу хьехархойн (иттаннаш шерашкахь болх беш болчу) урокийн разработкаш, церан мехала хьехамаш, тIаккха цара шайн урокашкахь хьехаран нетрадиционни метод мича кепара дIахьо, я Iилманчийн хьежамехь нохчийн мотт кхиаран гIуллакх муьлххачу тIегIан тIехь ду — оцу кеппара керланаш довзийтарна хьехархошна гIоьнна лерина журналаш хиларо тахана санна долчу денна кечам бан а аьтто бийр бара хьехархойн.
Нохчийн мотт хьехарехь шортта ю вайн проблемаш, делахь а «Ма хетта ца хилча – ма-торру» олуш кица ду вайн, тахана вайн ницкъ болчу агIор къахьегар – иза хьехархойн коьрта декхар ду.
Ткъа вайна керла арайовлуш учебникаш пособеш хиларо дог тешадо хьехархойн хьехаран гIуллакх толург хиларх. Масала: литературни произведенеш динан агIо хьехош, иман-ислам тIе тидам бахийтина хилар. ХIокху учебникаш тIехь шортта материал ю. Чулацамца, дIанисъярца а чIогIа аьтто болуш, дика язйина ю хIорш. Литературни теорих болу кхетам а дешархошна кхетачу агIор язбина. Юкъабалийна керла яздархой: церан чулацаме произведенеш: С. Яшуркаевн («Напсат»), Хь. Саракаевн «Ирсе бIаьрхиш», В.-Хь. Амаевн «Генарчу денойн туьйра», Ш. Окуевн «Мацалла» и дI. кх.
Къаьсттина дика ду оцу учебникаш тIехь яздархойн биографех болу хаамаш хьалхачул а алсам а, тIебуьзна а хилар. Билгалдаккха лаьа суна, дешархойн патриотически дог-ойла кхиорна лерина произведенеш а алсамъевлла хилар. Нохчийн къам махках даккхар, халкъо лайна къа-бала къеггина гайтар чIогIа дешархойн дагах кхеташ ду. Масала: М. Мутаевн «Борз», С. Яшуркаевн «Напсат» цIе йолу дийцарш дезаш тIеийцира дешархоша. Мел воккхачун а дог-ойла самайоккхуш, хилларш, лайнарш дагадохкуьйтур долуш ю С. Хь. Нунуевн «Хьайбаха» («Йилбазан оьмар») романан дакъа, А. Айдамировн «МухIажарш» («Еха буьйсанаш») роман тIера дакъа.
ХIокху чолхечу муьрехь оцу кепара учебникаш арахеца ницкъ кхачарна доккха баркалла а, Дела реза хуьлда а ала лаьа суна оцу тIехь къахьегначарна. Кхиамашкахь кхин а лакхарчу тIегIан тIехь нислойла шу.
Теша лаьа, тIейогIучу ханна тхан, хьехархойн, лаамех а, лазамехь а шу кхетарг хиларх а, вайна юккъехь йолу белхан уьйр чIагIлург хиларх а.
Учебникийн хьокъехь:
ТIаьхьа араевллачу «Нохчийн мотт» цIе йолчу учебникийн дика агIонаш ю:
1. Дешархойн къамел кхиорна лерина дуккха а шардарш ду.
2. Дешархойн иэс кхиорна лерина шардарш а ду. Масала, 5 кл. «Ненан мотт». Шардар 176. ДIаеша. ТIаккха, тIе а ца хьожуш, изложени язъе; 6 кл. Шардар 259 «ДоттагIчуьнга кехат» цIе а тиллий, шайггара жима дийцар язде. 7 кл. Шардар 8. ДIаеша роман тIера кийсак. ЦIе тилла цунна. Билгалъяккха цуьнан коьрта ойла. Изложени язъе.
3. ТIечIагIдарна лерина хаттарш дика хIиттийна ду. Оцу хаттарша дешархой шаьш ойла ян а, анализ ян а Iамабо. 8 кл. АгI. 24. Карладаккхарна хаттарш а коьртачу меженех долу хаарш тIечIагIдарна лерина ду.
4. Учебникийн чаккхенгахь диктантийн, изложенийн тексташ ю.
5. Цхьайолчу учебникаш тIехь дошам а ю.
Делахь а, учебникийн мехалла яйарна а доцуш, цхьаццадолу (сайна хетарехь) кхачамбацарш къасто лаьа суна:
1. Учебникан форзаца тIехь дуьйна карладаккхарна лерина йоцца бакъонаш (орфограммаш) хилча дика хир дара. Масала: дешан хIоттаман таллам (масех масал а далош), фонетически таллам (къаьсттина халачу дешнийн).
2. 5 кл. «Ненан мотт» учебника тIехь предложенин коьрта меже шиъ ю, аьлла, билгалъяьккхина, 6-7 кл. нийса кхачам хьахош а бац, ткъа 8 кл. «Ненан мотт» тIехь предложенин коьрта меже кхоъ хилар чIагIдеш ду.
3. 5 кл. «Ненан мотт» раздел «Фонетика» параграф 26 (мукъа а, мукъаза а аьзнаш Iамочохь боху: Нохчийн алфавитехь мукъа элп (6) ду мукъа аз (9) ду. Суна хетарехь, дерриге а мукъа элп 15 ду, ткъа царах 6 элп (е, ё, ю, юь, я, яь) шишша аз билгалдеш ду, аьлча нийса хир дара. ХIокху разделехь кхин а ду тIе тидам бахийта дезаш хаттарш.
4. 5 кл. «Ненан мотт» раздел «Дошкхолладалар». Дешан хIоттаман талламна масалш алссам оьшу, къаьсттина халачу дешнийн хIоттаман.
5. 6 кл. «Ненан мотт» параграф 8. Билгалдешнийн легарш. ХIокху тIехь билгалдешнийн 2 легар ду боху.
1-чу легарна чудогIу лаамаза мухаллин билгалдешнаш. Церан чаккхе лач дожаршкахь -чу- ю.
2-чу легарна чудогIу лааме билгалдешнаш боху. ТIаккха а хаттар кхоллало, ткъа муьлхачу легарна чудогIу лач дожаршкахь шайн чаккхе ца хуьйцуш долу юкъаметтигаллин билгалдешнаш? Масала: нохчийн юрт, болатан урс, Iежийн синтарш? Я билгалдешан 3 легар хила деза техьа?
6. 6 кл. раздел «ЦIерметдош». ЦIерметдешан 10 тайпа ду боху. Дерзоран (суо, со-суо, шу-шаьш). Доладерзоран (сан, церан, хьан), Дерзоран – доладерзоран (сан-сайн, тхан-тхайн) – уьш дерриге а яххьийн цIерметдешнех схьадевлла хилча, нагахь нохчийн меттан нормица мегаш делахь, царах цхьаъ я шиъ тайпа дар бегIийла хета.
7. 7 кл. «Нохчийн мотт».
Хандешнийн саттамех дерг аьлча: хандешан 4 саттам билгалбоккху: билгала, бехкаман, лааран, тIедожоран. Масала, хандешан лааран саттам кхоллало хандешан билгалзачу кепана тIе -хьара, карарчу хенан хандашна тIе -йла, да (лда) суффиксаш кхетарца. Яздахьара, гIойла, вехийла. Хандешан тIедожоран саттаман дехаран маьIнехь йолу кеп а оццу кепара хилча, масала: дешахьара, ахахьара. Царах цхьа саттам бича мегар дацара?
8. Хандешнийн 5 спряжени хиларо а берийн ойла кегайо, церан дешнашкахь хуьлуш болчу аьзнийн хийцамаша а кхетам артбо, спряжени шиъ хилча тоам хета суна. Билгалдаккха лаьа: 10-11-чу классашна леринчу «Нохчийн мотт» авторш: Джамалханов, Чинхоева йолчу учебника тIехь цара а боху хандешан 2 спряжени ю. Масала: 1 спр. – карарчу хенан хандешнийн -у- чаккхе йолуш; 2 спр. – карарчу хенан -а- чаккхе йолуш. Масала: лаьтта, хеза, вевза.
9. Причастий, деепричастий Iамочу агIонаш тIехь шардарш 7 кл. дешархошна дукха чолхе хета суна.
Я.У. Эсхаджиев
ЦIЕРДЕШАН НИЙСАЯЗДАР
Нохчийн меттан цIердешнийн легадалар Iаламат чолхе ду. ХIинцалерчу нохчийн литературни меттан цIердешнийн легадалар агглютинативно-флетивни ду, ала тарлур ду.
Дош дожаршца хийцадаларх лешар олу. Нохчийн маттахь цIердешнийн легарш цхьаллин терахьан коьчалниг дожаран чаккхенашца къастош хуьлу.
ЦIердешнийн легарийн тайпанаш, адамийн цIерш а, хIуманийн цIерш а къастош, билгалдаха дезаш ду.
Оцу балхана кечам барна ялор вай таблица:
Адамаш
|
ХIуманийн цIерш
|
Дийнатийн цIерш
|
Iаламан хийцамийн цIерш
|
Ораматийн цIерш
|
хьехархо
|
коч
|
жIаьла
|
маьркIаже
|
мукх
|
1. Лакхарчу таблицина тIеязде пхиппа дош.
2. Лахахь ялийнчу схемина кхоккха цIердош даладе.
Мила? Муьлш? – адамаш, стаг.,
ХIумнаш: юргIа;
Сагалматаш: чуьрк, моза;
ХIун? Олхазарш: куьйра,
ЧIерий: яй,
Ораматаш: кIа,
Iаламан хиламаш: суьйре.
ДоьалгIачу легарна чудогIучу цIердешнийн доланиг, хотталург, меттигниг дожаршкахь чаккхенийн алар а, яздар а шина кепара хуьлу буьйцучу маттахь. Амма хьехархочунна хаа деза царах цхьа вариант бен нийса цахилар.
Алар а, яздар а нийса хир ду xIокху кепара:
Дл. хьехархочун, таллархочун
Х. хьехархочух, таллархочух
М. хьехархочуьнга, таллархочуьнга
Амма алар а, яздар а нийса хир дац xIокху кепара:
Дл. хьехархочуьнан, таллархочуьнан
Х. хьехархочунах, таллархочунах
М. хьехархоче, таллархоче
Цундела хьехархочо хаддаза къахьега деза, дешархойн хаарш шардеш. Дика хир ду адамаш гойтуш долу цIердешнаш оцу кхаа дожарехь легадайтича. Цкъа хьалха и цIердешнаш кхоллийта деза xIокху кепара:
Схьаваьллачу меттиган цIарах дерш:
Шела – шелахо, гIала – гIалахо
Ведана – веданхо, юрт –
Тевзана – лам –
Зандакъ – кIотар –
Шалажа – хьун –
Галне – Терк –
Гуьмсе –
Къаьмнийн цIарах дерш легадойту:
нохчо, лезги,
гIалгIа, чергазо,
чIебарло, абазо,
оьрси, гIалмакхо,
суьйли, гуьржи,
гIумки, эрмало.
Къаьсттина хала ду дешархошна нийса доцчу легар чу догIуш долу цхьана дешдекъах лаьтта цIердешнаш легадан. И хало шина кепара ю: цкъа делахь, орамера аьзнаш хийцало, церан бакъонан хорша нисдан таро йоцуш: шозлачIа делахь, цхьацца долчу дожарийн шина кепара чаккхенаш хуьлу, масала:
К. цIица (цIиэца), хица
Х. цIийх (цIиэх), хих
М. цIийга (цIиэга), хиэ (хине)
Дс. цIийл (цIиэл), хил.
Цхьана дешдекъах лаьттачу цIердешнийн ораман мукъа аьзнаш хийцадалар тайп-тайпана хуьлу, амма хийца ца луш дерш а хуьлу. Масала:
ЦI. бер хьер берд
Дл. беран хьеран бердан
Л. берана хьерана бердана
Др. беро хьеро бердо
К. бераца хьераца бердаца
М. бере хьере берде
Х. берах хьерах бердах
Дс. берал хьерал бердал
Гуш ма хиллара, оцу дешнийн орамера е хийца ца луш дуьсу. Цундела дешархойн тидам тIебохуьйту оцу хьолана. Цул тIаьхьа, хаарш шардеш, дешархошка легадойту xIара цIердешнаш: хье, ге (чуьйраш бохучу маьIнехь), бехк, мекх.
ТIаьххьара дош легадечу хена тидам тIебахийта мегар ду цуьнан орамехь цIерниг дожарехь йоца дифтонг иэ хиларна, ткъа вукху дожаршкахь и еха хиларна.
Иштта орамера а, и аьзнаш хуьлу шаьш ма-дарра дуьсуш. Масалина дало мегар ду ХIара ши дош: халкъ, ницкъ, дожаршца лега а дойтуш:
ЦI. халкъ – ницкъ
Дл. халкъан – ницкъан
Л. халкъана – ницкъана
Др. халкъо – ницкъо
К. халкъаца – ницкъаца
М. халкъе – ницкъе
Х. халкъах – ницкъах
Дс. халкъал – ницкъал
ХIинца дуьсуш дерг ду дешархошна а, хьехархошна а уггаре а хала дерг: легадечу хена орамера мукъа аьзнаш дожаршкахь хийцалуш долу цхьана дешдекъах лаьтта цIердешнаш. И аьзнаш хийцадалар цхьана кепара, цхьана системехь дац. Хьовсур вай масалшка:
1. Орамера а лач дожаршкахь о-не долуш дерш:
ЦI. лам – бал – хьал
Дл. ломан – болан – хьолан
Л. ломана – болана – хьолана
Др. ломо – боло – хьоло
К. ломаца – болаца – хьолаца
М. ломе – боле – хьоле
Х. ломах – болах – хьолах
Дс. ломал – болал – хьолал
2. Орамера а лач дожарехь е-не долуш дерш:
ЦI. кад – хас – бад
Дл. кедан – хесан – бедан
Л. кедана – хесана – бедана
Др. кедо – хесо – бедо
К. кедаца – хесаца – бедаца
М. кеде – хесе – беде
Х. кедах – хесах – бедах
Дс. кедал – хесал – бедал
3. Орамера а доланиг дожарехь е-не а долий, кхечу лач дожаршкахь орамерниг юха а меттаxIуттуш дерг:
ЦI. кIант – стаг
Дл. кIентан – стеган
Л. кIантана – стагана
Др. кIанта – стага
К. кIантаца – стагаца
М. кIанте – стаге
Х. кIантах – стагах
Дс. кIантал – стагал
Орамера а доланиг дожарехь аь-не а долий, юха меттаxIуттуш дерш:
ЦI. малх – гIант
Дл. маьлхан – гIаьнтан
Л. малхана – гIантана
Др. малхо – гIанто
К. малхаца – гIантаца
М. малхе – гIанте
Х. малхах – гIантах
Дс. малхал – гIантал
Орамера дифтонг уо лач дожаршкахь э-не (е-не) долуш дерш:
ЦI. йол – борц
Дл. элан – берцан
Л. элана – берцана
Д. эло – берцо
К. элаца – берцаца
М. эле – берце
Х. элах – берцах
Дс. элал – берцал
Орамера дифтонг уо доланиг дожарехь э-не а а-не долуш дерш:
ЦI. борз – бос – моз – мох
Дл. берзан – бесан – мезан – механ
Л. барзана – басана – мазана – махана
Др. барзо – басо – мазо – махо
К. барзаца – басаца – мазаца – махаца
М. барзе – басе – мазе – махе
Х. барзах – басах – мазах – махах
Дс. барзал – басал – мазал – махал
Орамехь и долуш цхьа ши дош ду шайн дешан битам буьззина хуьйцуш:
ЦI. йиш – йис
Дл. эшаран – эсаран
Л. эшарна – эсарна
Др. эшаро – эсаро
К. эшарца – эсарца
М. эшаре – эсаре
Х. эшарх – эсарх
Дс. эшарал – эсарал
8. Орамехь деха у долу дешнаш лач дожаршкахь шайн и аз ца хуьйцуш легало, масала: гур, гуран, гурана, гуро, гураца, гуре, гурах, гурал. Иштта хийцало куз боху дош а.
Амма орамехь доца у долу дешнаш лач дожаршкахь, и аз уь-не долуш, легало:
ЦI. урс – тур – мур
Дл. уьрсан – туьран – муьран
Л. уьрсана – туьрана – муьрана
Др. уьрсо – туьро – муьро
К. уьрсаца – туьраца – муьраца
М. уьрсе – туьре – муьре
Х. уьрсах – туьрах – муьрах
Дс. уьрсал – туьрал – муьрал
Иштта хийцалуш ду xIур боху дош а.
9. ХIара цIердешнаш цIерниг а, лург а дожаршкахь шайн орамехь аз а дуьсу, ткъа кхечу лач дожаршкахь и аз е-не хийцало: чан, лан, кан, хан, гIан, ан. Тидамехь латто деза церан чаккхенгахь долу Н сонорни аз хилар, цхьацца долчу диалекташкахь (масала, шотойн диалект) санна, орамера а мерах ца олуш: чан, лан, кан, хан гIан ан. Цундела церан нийсаяздаррий, нийса аларрий цхьаьна дIахьош хила деза. Хьовсур вай церан легарийн парадигмашка:
ЦI. чан – лан – кан – хан – гIан – ан
Дл. ченан – ленан – кенан – хенан – гIенан – энан
Л. чанна – лана – канна – хана – гIанна – анна
Др. чено – лено – кено – хено – гIено – эно
К. ченаца – ленаца – кенаца – хенаца – гIенаца – энаца
М. чене – лене – кене – хене – гIене – эне
Х. ченах – ленах – кенах – хенах – гIенах – энах
Дс. ченал – ленал – кенал – хенал – гIенал – энал
Гуш ма хиллара, оцу дешнийн цIерниг дожаран орамера аз а дуьсу лург дожарехь, ткъа кхечу дожаршкахь и аз, хийцалой, е-не долу.
10. Дешархоша далийтина ца Iаш, баккхийчара а (царна юкъахь хьехархой а хуьлу, халахеташ делахь а) долуьйту, долахь цIераш дийриг дожарехь нийса ца олуш а, нийса ца язъеш а. Масала:
Нийса ду Нийса дац
иштта алар а, яздар а иштта алар а, яздар а
дийриг дожарехь дийриг дожарехь
Ислама Исламас
Iимрана Iимранас
Руслана Русланас
Рустама Рустамас
Шукрана Шукранас
Махьмуда Махьмудас
Султана Султанас
Вадуда Вадудас
Рамзана Рамзанас
Ризвана Ризванас
Оцу нийсаяздарх лаьцна хьехархочо хаам бо дешархошка:
«Долахь йолу цIераш дийриг дожарехь шина кепара чаккхенаш йолуш хуьлу:
1) чаккхе – а, нагахь санна и долахь йолу цIе мукъазчу озаца (элпаца) чекхйолуш елахь:
Лукъман – Лукъмана,
Хьамзат – Хьамзата
Iумар – Iумара
Iусман – Iусмана
Абубакар – Абубакара
Хьасан – Хьасана
Хьуьсен – Хьуьсена
Идрис – Идриса
Iаднан – Iаднана
2) чаккхе -с, нагахь санна и долахь йолу цIе мукъачу озаца (элпаца) чекхйолуш елахь:
Тамара – Тамарас
Зина – Зинас
Тумиша – Тумишас
Шудди – Шуддис
Алпату – Алпатус
Сулима – Сулимас
Селима – Селимас
Хьава – Хьавас
Зеламха – Зеламхас
Абу – Абус
Кхуззахь ала мегар ду цхьацца йолу долахь цIераш нохчийн маттахь шина кепара олуш хиларх лаьцна, цундела церан шина кепара язъяр а хуьлу. Масала:
Баудди – Баудин
Бадрудди – Бадруддин
Зура – Зураъ
Iайна – Iайнаъ
Шамсудди – Шамсуддин
И санна долчу долахьчу цIерийн дийриг дожаран чаккхенаш а хир ю шина кепара:
а) Баудди – Бауддис
Бадрудди – Бадруддис
Зура – Зурас
Iайна – Iайнас
Шамсудди – Шамсуддис
б) Бауддин – Бауддина
Бадруддин – Бадруддина
Зураъ – Зураа
Iайнаъ – Iайнаа
Шамсуддин – Шамсуддина
Мича кепара атта хир ду оцу мехалчу бакъонах дешархойн орфографически автоматизм кхолла?
Оцу Iалашоне кхачархьама, мегар ду xIокху некъех (приемех) пайда эца:
-
ДIаязйойту классехь болчу массо а дешархойн цIераш.
-
Билгалдоккхуьйту, муьлха аз (элп) ду xIора цIеран чаккхенгахь.
-
ДIаязъе и цIераш, дийриг дожаран чаккхе нийса а олуш, нийса а язъеш.
Нагахь санна цIерниг дожарехь церан чаккхенгахь мукъаза аз (элп)
делахь, цара дийриг дожарехь эр а ду, яз а дийр ду – а. Ткъа нагахь санна цIерниг дожарехь долахьчу цIерийн мукъа аз делахь, цара дийриг дожарехь – с яздийр ду.
-
Шайн хьехархойн долахь цIераш дIазяъе. ХIокху хаттарна жоп а луш, дIаязъе нийса:
Хьехархо Даудова Румиса.
– ХIун хьоьху цо шуна?
– Румисас оьрсийн мотт хьоьху.
Хьехархо Агаева ПетIамат.
– ХIун хьоьху цо шуна?
– ПетIамата математика хьоьху.
И.дI.кх.
-
Шайн цIахь болчеран цIераш дIаязъе.
ХIоттае хIор цIе дийриг дожаре, хьан? боху хаттар а хIоттош.
Талла, шаьш дийриг дожаран чаккхе нийса язйиний. ХIунда яздина аша чаккхенга − а, xIунда яздина – с ?
6. ДIаязйойту шаьш нохчийн литературан ешначу повесть тIера, дийцар тIера, туьйран тIера турпалхойн цIераш.
Достарыңызбен бөлісу: |