Чеченской республики



бет17/19
Дата11.06.2016
өлшемі1.03 Mb.
#128084
түріДоклад
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19

ВАЙНЕХАН ЛАМАСТАШ ТIЕХЬ


КХЕТОШ КХИОР
Тахана вайн дахарехь нохчийн мотт а, литература а
Нохчийн къоман ламасташ кхиорехь матто а,

литературо дIалоцу меттиг
1. Хьалхара дош.

Вайна ма хаъара тахана вайна хьалха долу бераш, 10-15 шо хьалха хилла бераш дац! 75-70% информаци берашка кхочу школера, хьехархошкара йогIуш, арахьара: цIахь, гонаха гуш долчух, телевиденехула.

Вайна хаа деза хIор бер ша-ша къастина хилар (индивидуальни). Таханлерчу заманна, таханлерчу хьолана кхетош – кхиорехь оьшуш дерг хIун ду терго а еш, адамаллийца кхиина хила веза дешархо (стаг), (гуманистически ориентированная личность).

Иштта хийцина хила еза хьехархочун а дешархочун а юкъаметтиг. Цхьа болх беш, бертахь (сотрудничать в процессе обучения).

Хьехархочун декхар ду ойла ян хууш, кхоллараллица доьшуш, жигаралла а йолуш, могуш а волу стаг кхиор (личность). Юй техьа вайн исбаьхьаллин литературин и хьелаш а, таронаш а?

 Ю.


Халкъан ламасташ тIехь стаг (дешархо) кхиор дIадоло деза уггар хьалха халкъан барта кхолларалла йовзийтарца, хаарца!
Фольклор – дашо тIорказ ду!
Масала массо а туьйранаш вайна хьекъал – кхетам луш ду, халкъан дахар, сатийсамаш а, лаамаш а, гIиллакхаш а ду царна хIоранна чохь.

Кицанаш: адамашца цхьаьна деха уьш тахана. Адамийн дахаран массо агIонан васт а дуьйцуш (хIуманан маьIна дан Iамаво).

Ур-аттала хIетал-металш а ду чIогIа мехала, тидам ца беш юьстах дита мегар доцуш.

Масала: чолхе хIетал – метал.

МаьIна: Хьаша тIелацар! ЙоIана лела ца хаар! КIант хьекъал долуш хилар!

 Вала висина цхьа сахьт бен хан а ца хилча, бархI лам битина иссолгIачу лома тIехьа а ваьлла, дашо гIала ян езаш волчу кIанта хIун дан деза, аьлла. ЙоIана ца хиъна нийса дош дала.

Жоп:


  1. Цхьа сахьт даьлчи дIа гIур вара.

  2. Цхьана соьман мах боцу синкъераман гIуллакх дIадахьар, хьан дан хIумма а дацара.

  3. Беха некъ эцна, цIа ваха везаш вара.

Цхьа хьекъале дешнаш ду (восточная мудрость).

«Можно коня привести к воде, но нельзя заставить его пить».

Нагахь хIор мел йогIу урок цхьаъ цхьаннах тера хиларх, дешархойн тема, материал тIеэцар ойсар хир дац.

Цундела хьехархо болх беш хила веза кхоллараллица – керланиг юкъадалош.

Iаламат мехала жанр ю вайн фольклорехь илли боху жанр.

Хьалхарчу урокехь иллех дийцинчул, девзинчул тIаьхьа, берашка олу цIахь шаьш еша а еший довза илли «Теркала хьала-охьа…».

ШолгIачу урокехь цуьнан таллам иштта бо?

 Аш дийшарий илли? Муха хийтира шуна илли?

Къастам бо: 1. Илли генара схьадеана хилар.

2. Ширделла дешнаш – архаизмаш.

3. Иллех дийна бераш кхето-пайдаоьцу модулех.

4. Дуьйцу Адин Сурхон, цуьнан ненан васташ. (Сурхон гIиллакх, доьналла; ненан оьздангалла а).

Ма лолда вай кIентий вовшех безам байна, тешам байна,

Нанас дена ма волда яхь йоцу ва кIант.

5. Дагахь Iамо: I дакъа.

Адин Сурхох лаьцна

Ненан васт.

Иллин чаккхе.




Поэзи
Дешна ваьллачу дешархойх цхьанна деша Iемина, вукхунна ойла ян Iемина.
Массо а дешархошна ца еза поэзи.

Поэзи еза а, цунах кхеташ хилийта а хьалха берашна Iамо еза литературин теори. Масала, 8 классехь берашна ло ас болх: кара а дай, дIаязде тетрадь тIехь, стенах олу стихотворени, чулацам, тема, лирически турпалхо.

Сан Iалашо ю: шаьш болх бан хаар, леха хаар.

Тайп-тайпанчу дошмашца болх бан хаа, оьрсийн маттара гочдан.

Цул тIаьхьа теоретически хиънарг, ишттачу стихотворени тIехь толлу:

Ш. Арсанукаев.

Сайх ца вевза жима стаг кхетча

Ас цуьнга хоттура: «ЦIе хIун ю хьан?»

Ткъа хIинца 

Къоначех цхьаъ вовза лиъча,

хаттар ас иштта до «Хьенан ву хьо?»



Ш. Арсанукаев.

Некъ битна лаьтта йоI,

Некъахо гуш:

Воккхачун некъ хадор 

Товш дац и,

Вуон ду…


Иштта цкъа мацах а

Лаьттина-кх уьш

МостагIех мохк ларбан.

Я талла воьду

Къонаха тIехваллалц,

Некъ цунна луш.


Эдилов Х. Э. «Сий делахь, латта!», Р. Ахматова (оьрсийн перевод) «Откуда ты, хороший человек?»
Нохчийн гIиллакхах, оьздангаллех лаьцна байташ юьйцу.

Ш. Арсанукаевн поэзи йовзийтар. Цуьнан поэзи ю кIоргге философски ойла йойтуш:



  1. «ЙогIу гуьйре» стих йовзийтар.

  2. Цуьнан дахар, кхолларалла йовзийтар.

  3. «Ненан мотт» стих ешар, цуьнан зорбане ялар, мехалла.

Арсанукаевн поэзи шуьйра йовза 1-2 дешархочо доклад кечйо. Берашна билгалйоху конкурсана лерина Iамо еза стихаш. Хоржу жюри мах хадо. ТIаьххьара: Хьехархочо анализ йо, жамI до.

Кхин цхьа стих ю Арсанукаевн «Весет», иштта дешнаш ду цигахь:

РагI хьоьгахь ю тахна,

Вас ца еш дена,

ДIаэца цуьнгара

Дайн оьзда гIиллакхаш.

Оцу тIехь талламан болх бо.



  1. «Весет» дешан лексически маьIна.

  2. Стихан тема, идея къастае.

  3. Дайн муьлха гIиллакхаш карладуьйлу? Боцца бийца чулацам.

4. Уггаре а къасто лаьа маьIнаш схьаязде.

ШолгIачу урокехь анализ йо белхийн. Традиционни урокехь хаддаза диалог хьехархочунний, дешархочунний юккъехь хуьлу. ЧIогIа мехала ду дешархошна урокехь хуьлу диалог (коллективное взаимообучение).

Оцу методца Iамо мега, масала, поэма «Баркалла, адамаш». Хьехархочо гIо до урок дIахIотто, бераша шаьш болх бо, хьехархочо куьйгалла до хIоттийначу Iалашонан хоршехь урок дIаяхьарна тIехь.

Бераш декъало тобанашка.



  1. Кхоллараллин тоба (куьйгалхо а волуш).

  2. Литературни критикаш.

  3. Литературоведени.

  4. Дисина бераш, стихаш а Iамийна, даьхкина.

Бераша дIахьо урок. Поэмин модуль хIоттайо цара. Къастайо поэмин адамаллин тема (человечность, гуманность).

Дустар: (Модуль).

Адамалла Къизалла

(малх) (баI)


Дешнаш-антонимаш схьаяздар.
«Сийлаха» поэма таллар. Дешархоша хаам бар.

  1. Эдилов Х.Э. дахар а, кхолларалла а довзийтар.

  2. Поэмин дIахIоттам бийцар

  3. Поэмин чулацам эпиграфца бастар, халкъан фольклор кицанашца ястар.

Ямартчу даго зулам кхуллу.

Чано яа дагадеача, шен кIорнеш ченала хьакхийна.

Тоьпо йина чов йирзина, матто йина чов ца йирзина.


  1. Сийлахин васт, таханлерчу йоьIан васт.

  2. ИбрахIиман васт, таханлерчу кIентан васт.

  3. Дешархоша Сийлахина кхел яр.

  4. Эдалха а, Аружа а санна болу зуламхой тахана а бу.

  5. Модуль гайтар.

Сочинени: «Дарин, исхаран духар дуьйхина хьо леларх, лардина сий дацахь, верзина ву хьо».
Яккхийчу произведенешца болх бар.

Докладаш.

Рефераташ.

Лекцеш.


Исторически справкаш ялар.


Теркаца хьала-охьа вехаш волчу Эла Мусостан, Адин Сурхон иллин»  модуль



Нана
Юьртан тхьамданаш
Бабин хаза йоI
Халкъ


Вежарий



Достарыңызбен бөлісу:
1   ...   11   12   13   14   15   16   17   18   19




©dereksiz.org 2024
әкімшілігінің қараңыз

    Басты бет